Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 12.02.2021

Басаевн тIемалой, веллачу тутмакхна -компенсаци

Radiomarsho.com 

Басаев Шемилан а, Хаттабан а тобанашлахь хилла ву аьлла, ши стаг лаьцна; колонехь вийна карийначу Тунтуев Аюбана 100 эзар евро компенсаци кхачийна; ГIалгIайчуьрчу "Э" Центран хилла хьаькам верна лаца кхайкхийна кхо стаг

1,5 млн сом мах болу еза машен эца йоллуш хилла Краснодарера берийн беш

Radiomarsho.com 

Шен Iалашо Iораяьлча, нахалахь иккхина гIара бахьанехь, ша эца лерина 1,49 миллион сом доьху дозанал арахьара машен ца оьцуш йисина Краснодарера  №117 берийн беш. Иза эца кхайкхийна яра Iедалан цIарх йохк-эцар ечу сайтехь Чиллан-беттан 8-чохь. Кхайкхийначу тендорца а догIуш, берийн беш яра 2020чу шарахь арахецна йолу кIайн Kia Cerato Prestige лохуш, цунна чуьра панель хила езаш яра TFT 3.5 дисплейца йолу ''Supervision, ховшийлаш оьшура йохйийраш, Яндекс, Apple Carplay, Android Auto а хила езара чуьра тIетийсалуш. Читать дальше...

Москвахь банкашкарчу гӀутакхашна чуьра 250 млн сом лачкъийна кхаа дийнахь   

Radiomarsho.com 

Москвахь банкашкарчу гӀутакхашна чуьра кхаа дийнахь лачкъийна  ахча а, ювелиран х1уманаш а  - дерриг а 250 миллион сом мах хир болуш. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло низам лардочу органашна тIе а тевжаш, яздо Радио Свобода портало.   Агенталле хаам бинчу стага дийцарехь, ахчанан дукхахадолу дакъа лачкъийна Климашкина урамехь номер 21 йолчу гIишлонерчу банкера. Оцу адресца ю РМП Банкан коьрта офис. 56 гергга миллион сом дайна банкан гӀутакхашна чуьра Пришвинан урам 8, 2-гIа корпус адресца йолчу "Агора" банкера. Читать дальше...

БуьритIехь "Магнит" супермаркет иккхина. Хьаьтташ дIасайохуш бу орцанхой

Radiomarsho.com 

"Магнит" супермаркет иккхина БуьритIехь, йоьхна, хаьрцина ерриг а гIишло. Оцу хьокъехь хаам баржийна ТАСС агенталло, республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллерчу информацина тIе а тевжаш, боху Кавказ.Реалиино. РИА "Новости" агенталло бахарехь, бохаман бахьана хила тарло газ эккхар. РБК-но билгалйоккху супермаркет лаьтта меттиг – Гагкаевн урам. Яьржинчу видеоно гойту кхаа гIаттах йолу ерриг а гIишло йоьхна. Оцу чохь хилла масех туька а, стоматологан чоь а. Юхьанцара йолчу информацица... Читать дальше...

ГIалгIайчуьра "Э" центран хьаьким вер толлуш лехамашка велла кхо стаг

Radiomarsho.com 

2019-чу шарахь экстремизмана дуьхьало латточу Центран хилла куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим вер толлучу юкъанна, дуьненаюкъарчу лехамашка велла Оьрсийчоьнан Талламан комитето ГIалгIайчуьра кхо вахархо. Низам лардаран органашкарчу хьастано ТАСС агенталле хаам барехь, лаца кхайкхийначу нахана бехкаш дехкина. Лехамашка веллачу цхьаннан цIе яьккхина агенталло. Иза ву Дудурханов Аслан.Оьрсийчу цунна экстрадици йинчул тIаьхьа, иза шина баттана лаца сацам бина Москварчу кхело. Эльджаркиев, кIело а йина... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь уьнах 32 дархо велла. Вирус кхетта кхин а 769 стагана

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 32 дархо, ун къаьстина кхин а 769 стагаца. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина I7 дархо, Ставрополан кIоштахь ялх, Дагестанехь виъ, Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а цхьацца велла. Пандеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь велла уьнах 7 388 пациент. Къаьсттина дукха бу цомгаш нах, тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Ставрополан кIоштахь – 208 стаг. Ставрополан мохк + 208 (45 151 ву эпидеми яьржичхьана)... Читать дальше...

Лавров: Евробартах дIакъаста кийча ю Оьрсийчоь

Radiomarsho.com 

Геополитикан изоляцига гIерташ яц Оьрсийчоь, амма кийча хила еза Евробартаца йолу юкъаметтигаш хадон аьлла, дIахьедина арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс. Девзаш долу алар хьахийна цо: "Хьайна машар безахь - тIамна кечло" аьлла. "Хууш ма-хиллара, дуьххьара дац, цхьахдолчу дакъошкахь санкцеш тухуш, къаьсттина вайн экономикана уггар а кхераме йолчу, экамечу сферашкахь. Дуьненах дIахада ца лаьа вайна, делахь а цунна кийча хила деза", -аьлла министро YouTube каналерчу «Соловьев Live» программан эфирехь. Читать дальше...

Басаевн а, Хаттабан а тобанашлахь хилла ву аьлла, кхин а шиъ лаьцна

Radiomarsho.com 

Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанашлахь 1999-чу шарахь Дагестанехь тIелеттачарлахь хилла ву аьлла, ши стаг лаьцна хиларх хаам бина Оьрсийчоьнан Талламан комитето а, къайлахчу сервисаша а, яздо "Новости" агенталло. Кхачам боллуш, дIатетта йиш йоцу тоьшаллаш ду шайн, Ставрополерчу Терекбаев Ахьмада а, Авезов Арифуллас а дуьйцучу зуламашкахь дакъалаьцна хиларх, тIечIагIдо цара. Таролла лелорна а, герзашца тIелатарна а, ницкъахошна кIелоярна а бехкаш дехкина царна. 1999 – 2019-чу шерашкахь 3-15 шераш... Читать дальше...

Кадыров Ахьмадан хиллачу хадархочунна 100 эзар евро кхачийна Европан кхело иза веллачул тIаьхьа

Radiomarsho.com 

2019-чу шарахь Владимирскан кIоштарчу колонехь велла карийначу, Нохчийчоьнан президентан Кадыров Ахьмадан хиллачу хадархочунна Тунтуев Аюбана 100 эзар евро компенсаци кхачийна Европерчу адамийн бакъонехула кхело. "Медиазонас" бо и хаам, "Правовая инициатива" вовшахтохараллана тIетевжина. Цаьрга латкъамаш бора Тунтуевс шена тIехь Iазапаш латторах а, Нохчийчохь ша лаьцча а. 2005-чу шарахь, ЧIулган-Юртахь машен эккхийтарх лаьцна Тунтуевга Теркйистерчу милцойн декъехь хеттарш дарх материалаш листира Страсбургерчу кхело, дуьйцу бакъоларъярхоша. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *