Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 26.02.2021

Нохчийн латархочо нийсо яр, даIишна ахча латтийнарг лехар

Radiomarsho.com 

ГIиргIазойчуьрчу латархочунна богIу таллам аьлла, нийсо йина нохчийн спортхочо турнирехь; палтуьйсучунна а, цуьнан хIусамдена а Магасехь йиттинарш лецна; даIишна ахчанаш хьежийна зуда лоьху полицино

ДАIИШ-на ахча кхехьийтина ХIинжа-ГIалара зуда лоьху полисхоша

Radiomarsho.com 

Дагестанан коьртачу шахьарера ХIинжа-ГIалара 26 шо долу жима зуда шеконашка лаьцна, Оьрсийчохь а, кхечу дуьненан мехкашкахь а йихкинчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна ахчанаш латторна, хаам бина республикерчу талламан урхалло. Талламчаша бахарехь, 2016-чу шарера 2019-чу шаре гергга, Оьрсийчоьнал а арахьа ехачу цуьнга ненера кхаьчна 150 эзар сом. И ахча даIишхойн хьашташна дайъина цо, боху талламхоша. "Зуда кхеташ хилла, Шеман дозана тIехь, низам дохош, вовшах йиттинчу тобанхошна и ахча терроран тохарш дан хьежош хиллийла"... Читать дальше...

Экс-сенатор Арашуков лаьцна вуьтуш сацам бина кхелахоша

Radiomarsho.com 

Кхарачой-Чергазийчоьнан цIарах сенатор хилла Арашуков Рауф талламан изоляторехь вуьтур ву, мел лахара а, Охан-беттан 24-чу дийне кхаччалц. Иза лацарна бина латкъам листинчул тIаьхьа иштта хьесап дина апелляцин кхело. "Арашуков а, кхинболу цуьнан гIуллакхна тIехула бехкебийраш а лаьцна битар бух болуш дуй листинчу инстанцина бахьанаш ца карийна сацам хийца я юхабаккха", - аьллачу кхелан пресс-гIуллакххойн дешнаш далийна ТАСС агенталло. Хьалхо Арашуков лаьцна вуьту хан дIаяхъеш вердикт йовзийтира Москван кхело. Читать дальше...

Палтуьйсучунна а, цуьнан цIийндена а йиттинарш лецна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Палтуьйсучунна а, цуьнан хIусамдена а Магасехь йиттина аьлла хеташ ши стаг лаьцна ГIалгIайчохь полисхоша. "Карарчу беттан 20-чохь полицига хаам кхечира телефонехула, Мальсаговн урамехь муьлш бу ца хуу нах леташ бу аьлла. Цига дIакхаьчначу талламан-оперативан тобана гучудаьллера цабевзачу наха, ВАЗ-21114 машенан номерш хийцина баьхкина, йиттина хилар меттигерчу 60 шаре ваьллачу стагана а, цуьнан 40 шо долчу зудчунна а", - яздо "Интерфакс" агенталло, меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хаамех пайдаэцна. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан Къилбаседа Корейра дипломаташ цIа баьхкина цӀерпоштнекъан гӀудалкхана тIехь

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Корейра цӀерпоштнекъан гӀудалкхана тIехь цIа бахка дезна Оьрсийчоьнан дипломатийн а, церан доьзалхойн а пандемия бахьана долуш оцу пачхьалкхан дерриг аьлча санна дозанаш дIакъовларна.

Кху шарахь дуьххьара Немцов винчу гIалахь дагалоцур вац иза. Iедал дуьхьал ду

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу шерашкахь дуьххьара Сочин Iедалхой реза ца хилла оппозиционер Немцов Борис дагалоцуш акци дIаяхьийта Краснодаран махкахь. Ейскера а, Сочера а жигархошна дуьхьало йина меттигерчу администрацин урхалхоша, политикан репрессеш лайначу нахана лерина адам вовшахтоьхна пикеташ хIиттаяйта, ишта, политик вийна 6 шо кхочуш иза дагалаца а. 99 декъашхо вовшахтоьхна, пикет дIаяхьийта пурба дехнера Ейскан мэрига "Яблоко" партин цIарахчу депутато Коровайный Александра. КIирандийнахь, Чиллан-беттан 28-чохь, хила езаш яра пикет Театран майданахь. Читать дальше...

Дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 31 стаг. Ун даьлла 526 стагана

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 31 дархо, ун къаьстина кхин а 526 стагаца. Официалан лараршца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 15 ун даьлларг, Ставрополан кIоштахь а, Дагестанехь а пхиппа велла, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а шишша велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь велла COVID-19 уьнах 7 788 стаг. Къаьсттина дукха бу цомгаш нах Краснодаран кIоштахь - 160 стаг. Краснодаран кIошт + 160... Читать дальше...

Магасехь хиллачу митингашца доьзна лаьцна Погоров Ахьмад

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъарчу лехамашкахь хилла ГIалгIайчуьрчу митингашкахь хьалханча хилла, мехкан арахьарчу гIуллакхийн министр лаьттина Погоров Ахьмад лаьцна пIерасканан дийнахь Наьсарерчу шен цIахь. 2019-чу шарахь Магасерчу акцехь къепедацарш вовшхатохарна а, полисхошна дуьхьал ницкъ баккхарна а шеконашка эцнера иза. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь адвокато Беков Мохьмада билгалдаккхарехь, иза волчу меттигах оперативан хаам кхачарца лаца аьтто баьллачух тера ду. "Цуьнан хIусамна тIехь арахьара терго латтош хилла куц ду... Читать дальше...

Байден Джонан пурбанца Америко кеманашца тохарш дина Шемарчу гIишлошна

Radiomarsho.com 

ГIажарийчоьно гIо а деш, латточу тIеман шина тобано пайдаоьцучу Шемарчу масех гIишлошна тIе кеманашца тохарш дина Американ эскархоша еарин дийнахь. Свобода Радионо бина и хаам. Пентагонан пресс-секретаро Кирби Джона динчу дIахьедарца, оцу тIелатарца хIаллакйина Иракъан дозанехь хIоттийначу постана уллора масех гIишло. Пентагонерчу анониман хьосташа хаам бо, гIажарошна муьтIахь йолчу тобанаша лелош хилла контрабандан герз латтон чоьнаш яра уьш аьлла. Дечкен-беттан 15-чохь Иракъан Къилберчу Ирбилехь масех Американ эскархо а лазош... Читать дальше...

Суьдхойн сацамна реза цахиллачу нохчийн латархочо дIахьедина, толам баьккхинарг ГIиргIазойчуьра спортхо хиларх (+видео)

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра ММА-н латархо Абдурзаков Шадид реза ца хилла, толамхо ша къастош, суьдхоша динчу хьесапна, толам ГIиргIазойчуьрчу Нурматов Адилетна кхачабо аьлла, дIахьединера цо. Дахначу мукъаденошкахь Нохчийчуьрчу Дойкур-Эвлахь дIадаьхьира АСА Young Eagles 17: Grand Prix турниран гурашкахь латарш. АСА-н YouTube-каналехь зорбане яьккхина оцу турнирехь дIаязйина видео. Нурматов ган а гуш тоьлуш вара шен къийсархочул а, иза говза тIелетара когашца а, голашца а. "Кхузахь дерриг а гуш ду! Нурматов Адилет ву толам баьккхинарг. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *