Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2021

Новости за 11.11.2021

"Мемориал" дIайохор тIедожийна Инарла прокуратуро

Radiomarsho.com 

"Арахьарчу агентех" низам хаддаза дохош ду аьлла, бехкейина, бакъонашларъяран "Дуьненаюкъара Мемориал" (арахьарчу агентийн тептаре язйина) дIайохор тIедожош Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуро иск кховдийна Лакхарчу кхеле. Лахьан-беттан 25-чохь хир йолуш ю кхелан кхеташо. Ша "Мемориало" бина цунах лаьцна хаам. Церан зерашца, организацино материалаш маркировкица билгал ца йоху аьлла, кхетийна прокуратуро иск кховдор. Лехам чубалар тIечIагIдина иштта ТАСС агенталле Лакхарчу кхелехь. "Политикан репрессийн исторешца а... Читать дальше...

Нурмагомедов Хьабибан шича Москвахь лацарх хаамбина зорбанашкахь

Radiomarsho.com 

UFC-н Дагестанерчу экс-чемпионан шича, Bellator-н латархо Нурмагомедов Iусман лаьцна ХIинжа-гIалара Москварчу Шереметьево аэропорте ма кхеччи. Дагестанерчу Каспийск гIалахь контролан пунктехь полисхочунна машен тIехахкар бахьана ду, иза сацоран, хаамбина Baza телеграм-канало. Нурмагомедов Iусманца машенахь хилла цуьнан доттагI, яздо хаамийн гIирсашкахь. Mash телеграм-каналан зерашца, цо лазийнарг ву 39 шо долу полицин капитан Назаров Алексей. Цуьнан коьртан чкъуран бухахь гематома а, тIехула лазийна меттигаш а ю аьлла, диагноз хIоттийна. Читать дальше...

Коммуналан хьаштех уггар беза мах Нохчийчохь хир бу 2022-чу шарахь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан регионашлахь коммуналан хьаштех мехаш къаьсттина Нохчийчохь лакхабевр бу 2022-чу – 6,5 процентна. Шо юккъе даьлча дуьйна хийцалур йолуш ю тарифаш, хаамбина "Российская газето". Коммуналан мехаш 6% бевр бу Дагестанехь, ткъа оцу заманчохь Ставрополан махкахь 3,4 процентал сов хир бац мах. Къилбаседа Кавказан регионашкахь а, Оьрсийчоьнан Къилбехь а 3,7-5,4% лакхабер бу бахархоша коммуналах лучу ахчанан барам. Карладоккху, стохка а уггар лакхара бара Нохчийчохь хIиттийначу коммуналан хьелех мехаш (6,5%). Читать дальше...

БIаьрса дайча а къар ца велла хьехархо

Radiomarsho.com 

Жимчохь цомгаш хиллачул тIаьхьа бIаьрса дайра Нохчийчуьрчу Туганов Абуязидан. Амма ца висира иза сингаттамна воьжна. Историн хьехархочун говзалла караерзийначул тIаьхьа, 40 шо Хьалха-Мартанарчу школана дIаелла цо. Дуккха а дахарехь кхиамаш баьхна ву Абуязид. И дерриг а адаман дикалла бахьана долуш, лору цо

Москварчу метрохь тIелатарна бехкевечу кхааннах цхьаннан нанас къинтIера ваьккхина лазийнарг

Radiomarsho.com 

Москварчу метро чохь пассажирна еттарна бехкевечу дагестанхочун Залибеков Гасанан нанас а, гергарчара а чевнаш йинчу Ковалев Романе а, цуьнан нене а гечдар дехна, реабилитаци еш гIо дан лаарх дIа а хоуьйтуш. Хаамбина цунах лаьцна "Лента.ру" хьостано. "Ас Романе а дехна – тарлахь, къинтIера вала тхуна аьлла. Тхайна догIучу декъанна, тхо даим а кийча ду дарба деш дакъалаца, тхешан телефонийн номерш йитина оха, нагахь санна, цхьаъ хьашт хилахь а аьлла. Юха а доьху гечдар", - боху Залибековас. ... Читать дальше...

Шема ваха ахча деллачу Нохчийчуьрчу шина вахархочун дина таIзар хийцам боцуш дитина

Radiomarsho.com 

Терроризмана гIо латтийна аьлла, Нохчийчуьрчу шина вахархочунна Болотханов Анварна а, Эльдаров Камилна а набахтехь даккха пхи шой ах шой тухуш хьалхо бина сацам хийцаза битина Москварчу Апелляцин тIеман кхело. "Кавказский узел" (Оьрсийчоьнан Iедалша ресурс арахьарчу агентийн могIаре яьккхина; "Кавказский узел" цунна реза ца хилла.-Редакцин билгалдаккхар.) гIирсан информацица, кху шеран Товбеца-беттан 28-чохь Ростов-ГIаларчу тIеман кхело кхайкхийра цу шиннан хьокъехь таIзар. Бинчу сацамца а догIуш... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *