Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2021

Новости за 01.11.2021

СаIуда Iаьрбийчу Iумрат дан ваха йиш ю Дагестанера

Radiomarsho.com 

ХьаьжцIа боьлхучу нахана кехаташ кечдечу дагестанхойн "Мавра-Тур" компанино дIахьедина, Iумрат дар юхадолийна хиларх. Хьалхара рейс хир ю ГIуран-беттан 15-чу дийнахь, яздо Кавказ.Реалиино. Хаам барехь, зияртхойн таро хир ю ХIинжа-ГIалара Джидде доьдучу кеманахь ХьаьжцIа кхача. Виза а, шина а агIор билеташ а, Меккехь а, Мединехь а хан яккхар а лерича, мах бу 990 долларш – оьрсийн соьмашца хуьлу иза 70 эзар гергга. Марсхьокху-баттера схьа дуьйна СаIуда-Iаьрбийчоьнан Iедалхоша тIеоьцуш бу Pfizer, Moderna... Читать дальше...

Хаттам: Оьрсийчуьрчу "цIечу зонерчу" лоьрийн кхоалгӀачу декъо кийча ду боху шаьш балхара дIадовла

Radiomarsho.com 

COVID-19 уьнца болчу нахана дарба лелочу цIечу зонехь болх бен лоьрийн доьалгӀа дакъа а, медйижарийн кхоалгIа дакъа а балхара дIабовла герга бу, гIелбаларна а, балха тIехь ницкъ хиларна а. "Коммерсанто" бина цунах лаьцна хаам, "Лоьран справочник" аппликацино медицинан белхахошкара  психологин хьолах лаьцна бинчу хаттамна тIетевжина. Талламехь дакъалаьцна 2 822 стага, царах 90 процент лоьраш бу, яздо газето. "ЦIечу зонера" 68 сов процент медико мукIарло дина, шайн куьйгалхошкара кест-кеста шайна хазарх: "Реза дацахь- балхара дIадовла". Читать дальше...

Ведда "Басаевн тIемало" лоцуш гIо динчунна 100 эзар сом кхайкхийна

Radiomarsho.com 

Астраханерчу Оьрсийчуьрчу федералан таIзар кхочушдаран урхалло 100 эзар сом ахча кхайкхийна, гIалин психиатрин лазартнера ведда тутмакх Алханов Мохьмад лохуш а, лоцуш а гIо динчарна. Новости хаамийн агенталло яздо цунах лаьцна. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Астраханерчу урхалло шайн сайтехь бинчу хаамца, веддачу Алхановн тидам бина видеокамераша. Полицино оршотан дийнахь Iорадаьккхичну цхьана сурта тIехь гуш ву Iаьржа еха куртка а, маска а йоьхна стаг туьканан касси хьалха лаьтташ. Читать дальше...

Коронавирусах 116 дархо велла Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла дийнахь-буса 116 пациент, цомгуш хилла кхин а 1 550 стаг. Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 40 стаг, Ставропол-махкахь – 35, Кхарачой-Чергазийчохь – 12, ГIебарта-Балкхаройчохь – ворхI, Дагестанехь а, Нохчийчохь ялх-ялх стаг кхелхина, Адыгейхь а, Къилбаседа ХIирийчохь виъ-виъ велла, кхин шиъ ГIалмакхойчохь. Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 23 981 стаг. Читать дальше...

ТIекIелдинчу цIийнан балкона тIехь видео яьккхинчу зудаберийн юьхьъяьхна полицино

Radiomarsho.com 

Гуьмсерчу бакъоларъяран органийн белхахоша массарна а хьалха дIа а хIиттийна, бехкаш даьхна, тIекIелдинчу цIийнан балкона тIехь видеош яьхначу 14 дешархочуьнгара. Видео зорбане яьккхина "ЧП-Чечня" паблико шайн инстаграмерчу аккаунтехь. Мессенджерашкахула яржийначу видео тIехь гуш ю балконан йистехь телефон а карахь, хиина йоI, шозлагIниг а тIейогIу цунна. Оцу тIехула полицин декъе ялийнера шайн дайшца-наношца кхо йоI-кхиазхо. Царах цхьаммо кхетийнера, балконан йистте а хиъна, статусаш дIаязъеш яра ша телефона тIе аьлла. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *