Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2021

Новости за 09.11.2021

Колонехь суьйличо шена гIодарх дийцина Навальныйс

Radiomarsho.com 

Азербайджанерчу суьйличо набахтехь шена латтийначу гIоьнах дийцина политика Навальный Алексейс. Вуьйцург ву, къола дарна ИК-2 колонехь хан йоккхуш хилла тутмакх Османов Нариман. Администрацино Iаткъам барна кхерам лаьтташехь, Навальныйс бахарехь, цуьнца тIекере хиллачу кIезигчех цхьаъ вара Нариман

"Соьга майрачунна тIе юхагIо, боху, цуьнан лай хила, боху". Шен бераш церан деца муха къуьйсу нохчийн зудчо

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь, ГIалгIайчохь (юкъ-кара Дагестанехь а) деца дуьсуш ду бераш да-нана дIасакъаьстича. "ГIиллакхашна" тIе а тевжаш, кхелаш а йоьлла тIаьххьарчу хенахь шайн сацамашца дайшкахьа ийза. Пацаева Хеда йина, кхиина Нохийчохь. Иза школе а яханза яра махкахь Хьалхара тIом иккхича, дийзира церан доьзалан бомбанех, хIоьънех ида. Гергарчьарца цхьаьна ГIалгIайчохь хан яьккхира цара. Иза кхиазхо яра да велча. ТIамо човхийначу, цунах бевдда нах, тIемалой бехачу юьртахь дукха а бацара цунна тIехIитта гергарнаш. Читать дальше...

Уьрсаца полицина тIелатар динарг лаьцна Норвегехь. Нохчийчуьра ву, боху зорбанаша

Radiomarsho.com 

Осло гIалин Брислетт кIоштахь вийна, полисхошна тIелатар дина жимстаг. Ша сацо хьийзачу цхьахволчу полисхочунна чов йинчул тIаьхьа вийна иза, яздо Кавказ.Реалии портало. Видео тIехь гуш ду, кафена гена доццучохь полисхойн машено пенах тIетаIийна тIелеттарг, ялхозза герз долу. Дарбан цIийнехь кхелхина тIелатар динарг. Хиллчун тешаша дийцарехь, тIехула йоьхна хIума а, йа когахь мачаш а йоцуш, цхьалха хиллера зуламхо. Цара чIагIдо, "АллахIу Акбар" бохуш, тIелеттачо мохь беттара аьлла. Норвегин TG ресурсо бинчу хаамца... Читать дальше...

Набахтин дарбан цIийне дехьаваьккхина Саакашвили Михаил

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоьнан президент лаьттина Саакашвили Михаил Рустави гIаларчу набахтера вигина лецначу нехан Тбилисерчу номер йолчу 18 дарбан цIийне. Оцу хьокъехь хаам бина Гуьржийчоьнан Лерринчу набахтийн урхалло, яздо Настоящее Время телеканало. Ишта сацам тIеэцна, боху урхаллин документо, Саакашвилин могашаллина эшам ца хилийтархьама. "Юкъараллина юкъ-кара информаци латтор ю оха", – боху хаамехь. Хьалхо Саакашвили беракеманца набахтера дIавигина хиларх лаьцна хаийтира цуьнан нанас Аласания Гиулис. "Дукха... Читать дальше...

Нохчийн оппозицин IАДАТ боламо дIахьедо, шайн сайтана хакерийн тIелатар дина аьлла

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Iедалхошна дуьхьал йолчу оппозицин IАДАТ боламо дIахьедина, де хьалха шайн йиллинчу сайтана хакерш тIелетта аьлла. Хьалхо социалан машанашкахь, дукха хьолахь телеграм-каналехь кхуьуш яра IАДАТ болам. Сайт болх бан йолаеллера церан кху беттан 7-чохь, ткъа шолгIачу дийнахь DDoS-атака йолийра царна дуьхьал, дийцина Кавказ.Реалиига IАДАТ-н векалша. DDoS-атака – хакерийн тIелатар ду. Цо блок туху сайтан балхана, магийначул а сов нах церан агIоне язбала гIоьртича. "DDoS-тIелатарш хIинца а деш ду. Читать дальше...

Шелтерна полисхой тIелеттачул тIаьхьа Дагестанехь дуьхьал бу бекхтакхаман гIуллакх доло

Radiomarsho.com 

ХIинжа-ГIаларчу Ленинан кIоштарчу Талламан декъан талламхо дуьхьал ву бехктакхаман гIуллакх доло, Дагестанерчу "Марем" кризисан тобанан жигархоша бинчу латкъамашца доьзна. Кавказ.Реалии портало бо и хаам. Мангал-баттахь лачкъийна Тарамова Хьалимат шайн петарехь къайлаяьккхина хиллера жигархоша. Нуьцкъаша петар чу иккхинера дагестанхойн полици, шога дуьхьало а еш, "Марем" группин волонтераш арабаьхнера цара, цул тIаьхьа Тарамова дIаеллера цуьнан дега. Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьалояран... Читать дальше...

Даьхни лелор дIа ца даьлла Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Даьхни а лелош, юьртахь ша ваха вуьсур ву аьлла, ойла ца хиллера цкъа а Улус-Кертарчу Саламбекан. Нохчийчохь пандеми яьржина, доллу адам чохь дисна, белхан къоьлла хIоьттича, кхийтира ша боху цо, бежнаш лелор - беркат хиларх. Иза воккхавоь ша вехачу юьртах а, ша тIелаьцначу хьаналчу балхах а





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *