Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2023
1
2
3
4
5 6
7
8
9
10
11
12 13 14 15 16
17
18
19 20 21 22
23
24
25
26 27 28 29 30

Новости за 26.06.2023

Нохчийчуьра хIора кхоалгIа доьзал къоьлла хьоьгуш бу

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь хIора кхоалгIа доьзална тIебогIу пайда пачхьалкхо хене вала хIоттийначу барамал а лахара бу, аьлча а, 13 эзар сом баттахь. Оцу хьолехь бу, махкахь беха 326 эзар доьзалах 107. Цу кепара зераш далийна тIечIагIйинчу регионалан программехь. Документехь бечу хаамца, дукха хьолахь таро йоцу бахархой бу къахьега хан йолу бахархой (47%), бераш (46%), оцу йукъанна мискаллехь бохку пенсхой 6% бу, хIунда аьлча, дукха хьолахь пенси а, социалан кхиндолу ахчанаш а хене вала таро йолчу барамехь ду. Читать дальше...

ТаIзарш лайначу нохчочун гIуллакх долор мeттахIоттийна Лаккхарчу кхело

Radiomarsho.com 

Европерчу адамийн бакъоларйаран кхело нохчочунна Эдигов Сулейманна таIзарш дина хилар бакъдина. Иза бехкелерина чуьвоьллина латтош ву ницкъахочун могушаллина тIекховдарна а, низамза герз дохкарна а. Лаккхарчу кхелан сацам хиллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан лаккхарчу кхело меттахIоттийра цу хьокъехь гIуллакх долор. Амма 2014-чу шарахь шаьш бина сацам хийцамза битира. 2021-чу шарахь (ЕСПЧ) Европерчу адамийн бакъоларйаран кхело Эдиговн гIуллакхехь сацамбира. Нохчийчохь цхьанна кепара кечдина кехаташ доцуш... Читать дальше...

Махкара арабовлучарна тIехь "терго латториг" хиларах дIахьедина нохчийн министро

Radiomarsho.com 

Республикера арабовлучу цхьаболчу бахархойн "цхьанна тайпана жоьпалла дац", "шайна ма луъу лела мегар ду моьтту царна", дIахьедира республикин къоман политикин, зорбанан, хаамийн министраллин куьйгалхочо Дудаев Ахьмада. "И санна дерг хилийта мегар дац", Iедал а, Кадыров а реза ца хуьлу и санна долчунна, тIетуьйхира цо. Хьалхо Кадыровн вешин кIант, цуьнан хьехамча волчу Кадыров Хьамзата кхерамаш тийссарца дIахьедарш дира махкарчу бахархошка. "Нохчийн ламасташ цалоручаьрга" дина дара уьш. Оьрсийчоьнан низамехь бац цу кепара леларш магошболу бух. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *