Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2023
1
2
3
4
5 6
7
8
9
10
11
12 13 14 15 16
17
18
19 20 21 22
23
24
25
26 27 28 29 30

Новости за 28.06.2023

Пригожин бехказа ваьккхинчул тIаьхьа "гIалгIайн гIуллакхехула" таIзар динарш маьрша бахар дехна тайпанийн Кхеташоно

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьра тайпанийн Кхеташонан векалша видеокхайкхам бина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире Нохчийчоьнца латтанех бинчу бертана дуьхьал хиллачу протестийн ворхI лидер маьршаваккха аьлла. И кхайкхам бина цара ЧВК "Вагнеран" долахо Пригожин Евгений герзашца бунт гIатторна а, ши гIала схьайаккхарна а, масех пилот верна а таIзаре ца хIоттош витича. Президенте дехар дина ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн хиллачу министран Погоров Ахьмадан вашас Погоров Мохьмад. Ца карладаьккхира, мангал-беттан... Читать дальше...

Нохчийчуьра эскархой а, ЧВК "Вагнеран" бунт а

Radiomarsho.com 

Пригожина бунт гIаттийначу йукъанна Нохчийчуьра дакъош Ростов гIала ца кхечира.Уьш цига хьовсор оьшура Кадыровна, ша Путинна муьтIахь хилар дIагайтархьама, боху эксперташа. ЧВК "Вагнеран" йолахошца тийсадаларшка ца бевлира кадыровхой.

ГIелонах йедда, Нохчийчу дIайеллачу йоьIан кхолламах хууш доцу ши кIира а ду

Radiomarsho.com 

Доьзалехь ницкъ бора шена тIехь аьлла, цIера йеддачул тIаьхьа Москвахь лаьцна, нохчийн полисхошка дIайеллачу Нохчийчуьра 20 шо долчу йахархочун Исмаилова Селимин кхолламах цхьа а кост доцу ши кIира а ду – мангал-беттан 13-чуьра дуьйна. Оцу хеначохь адвокатийн аьтто ца хилира цуьнца зIе таса а, цо къола дина хиллера аьлла, цунна дуьхьал даьккхинчу гIуллакхан материалаш йовза а. Гергарчара бехкейина Исмаилова курхаллина – оцу бахьанаца лаца а лецира иза, хаамбо "СК SOS" кризисан тобано. Бакъоларйархошна хетарехь... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *