Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2023
1
2
3
4
5 6
7
8
9
10
11
12 13 14 15 16
17
18
19 20 21 22
23
24
25
26 27 28 29 30

Новости за 13.06.2023

Нохчийн ницкъахоша Москвара дIайигина доьзалехь ницкъбарх йедда йолу 20 шо долу Исмаилова Селима

Radiomarsho.com 

Доьзалехь ницкъбарх бакъоларйархойн гIоьнца йедда хилла йолу Нохчийчуьра йахархо Исмаилова Селима дIайигина республикерчу ницкъаллин сервисийн белхахоша. Де хьалха Москварчу "Внуково" аэропортехула Оьрсийчуьра дIайаха кечйелла хиллера иза, амма дIалецира тIаккха. "Сарахь исс даьллачул тIаьхьа шолгIа дехар дича полисхоша пурба делира Селима дарбан цIийне йига, вон хиллера цунна. Цунна лоьрийн таллам бира, хIумма а гучу ца делира, "Внуковерчу" декъе схьайалийра. Iуьйранна адвокаташка элира, хIинца иза дIайаларан барамаш болор бу"... Читать дальше...

Боьхначу доьзалийн терахь кхиарехь хьалхарчу меттехь йу Нохчийчоь a, Дагестан а

Radiomarsho.com 

2023-чу шарахь Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь керла доьзалш кхолларан терахь лахлуш ду, тIаккха доьзалаш бохар а лакхадолуш лаьтта. Нохчийчохь биъ баттахь керла доьзалаш шозза лахбелла, бохуш дуьйцу Росстатан керлачу зераша.  Доьзалаш бохаран уггаре йоккха динамика хаайелла Дагестанехь. 2023-чу шарахь боьхначу доьзалийн терахь кхузахь 75% хьаладаьлла – 3 569 тIера 6 276 тIекхаччалц. Цунна тIаьхьахIоьттина йогIу ГIебарта-Балкхаройчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а. Цигахь доьзалаш бохаран терахь цхьаъ ах барамна хьаладаьлла (42%, 41%). Читать дальше...

Доьзалерчу Iазапах йедда хилла йолу 20 шо долу нохчийн йоI Москвахь дIалаьцна – бакъоларйархой

Radiomarsho.com 

Хийцина: дуьххьара йаздинера оха, лаьцначунна 19 шо ду аьлла, амма МВД-н хаамашца, 2023-чу шеран дечкен-беттан 18-хь Исмаилова Селимин 20 шо кхаьчна.   Москварчу "Внуково" аэропортехь Оьрсийчуьра дIайаха арайаьлла нохчийн йоI Исмаилова Селима дIалаьцна. Хьалхо шен доьзалца Германехь Iийна йу иза. Цул тIаьхьа даймахкарчу гергарчаьрга дIайелла хилла, цигахь таIзарш деш, гIело йина цунна. ЙоIана гIо дина "Марем" цIе йолчу бакъоларйархойн проекто. Исмаилова дIалацаран бахьана цуьнан гергарчара полицехь цо къола дина аьлла дина дIахьедар ду. Читать дальше...

ООН: дуьненахь 83% адамаш озабезамца хьоьжу зударшка

Radiomarsho.com 

60 пачхьалкхехь 83% бахархой шатайпа озабезамца хьоьжу зударшка, боху ООН-н Кхиамийн программин керллачу талламехь. Цунах лаьцна дуьйцу Радио Свободас. Талламашца а догIуш, 2017-2022 шерашкахь зударшка озабезамца хьоьжура 81% зударий а, 85% божарий а. Политикица, экономикица, Iилманан сферашца, иштта тIе куьг кховдо мегарг цахиларх йоьзна озабезаме ойланаш хиларх дIахьедира цара. Итт шо хьалха бина хиллачу талламца дуьстича, жамIаш кхин хийца ца делла, аьлла хета докладан авторшна.  Хеттарш динчех ах гергга дакъана хета... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *