Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2019

Жигархошна, журналисташна дуьхьал – наркотикаш. ГIарадевлла девнаш

0
Жигархошна, журналисташна дуьхьал – наркотикаш. ГIарадевлла девнаш

Пинчук Алина,                                                                                                            Маршо Радио (оьрсийн сервис)

Голунов Иванна дуьхьалбаьккхина бехк юхаэцна. Наркотикаш цунна бухакхийсина хиларх а тешаш, эзарнаш бевлира орцах.  Зуламдина ала тоьшаллаш дацарх къерахилла полици. Дукха дац иштта дирзина девнаш. Шех "халкъан артикл" олучу 228-гIачу бехктакхаман артиклца хIора шарахь набахте хьажаво 100 эзар сов стаг. Iедало оппозицина а, шена товш боцчу журналисташна а духьалбоккху гIирс бу и артикл. Наркотикаш бухакхийсинийла гойту билгалонаш Iорайовлу юкъархойн, политикийн девнаш луьстуш дукха хьолехь. Амма оцо новкъарло ца йо кхелашна юкъараллера жигархой набахтешка хьийсо.

Маршо Радионо дагалоцу тIаьххьарчу шерашкахь Бехктакхаман кодексан 228-чу артиклца набахте хьийсийначу юкъархойх цхьаберш.

 

Кочесоко Мартин

ГIебарта-Балкхаройчоь, юкъараллин "Хабзэ" организацин куьйгалхо

Кху деношкахь, беттан 8-чохь, наркотикаш лелорна бехкевеш лаьцна Кочесоко. Caucasus Times портало дийцарехь, чIерий леца бахана богIучу новкъахь совцийна полисхоша иза а, цуьнан накъостий а. Машенах хьаьвсича карийна наркотикаш. Кочесокоца хилларш дIахецна, гена дIаса цабовла куьйгаш а яздайтина, ткъа политикан жигархо кхачийна Нальчикерчу изоляторе.

Кочесокон го тешна бу, иза нахах дIа а къастийна, цунна а, цуьнан гергарчарна а тIеIаткъам бу беш, цуьнга бехк тIелоцуьйтуш бохучух.

"Кавказ.Реалиин" хьасташа бинчу хаамца, юкъархо шен жигараллах вохорхьама бухакхийсина хила тарло цунна наркотикаш, боху цуьнан уьйраша.

Кочесокос критика йира "лаамехь ненан меттанаш Iаморах" долчу низамна, къамелдира Оьрсийчоьнан къаьмнийн Демократин конгрессехь, емалдира Оьрсийчоьно кхечу пачхьалкхашкахь беха чергазий даймахка юхаберза цабитар.

ДIадахначу кIирандийнахь регионийн юкъараллин сагIадаран "Бахархойн бакъонашкахьа йолу комитет" организацин куьйгалхочо Бабушкин Андрейс дехна ГIебарта-Балкхаройчуьрчу омбудсмене Зумакулов Борисе, Кочесоко муха, муьлхачу хьелашкахь кхачийна, латтаво изоляторехь таллахьара, аьлла.

Ши эзар сов стага куьг яздина ГIебарта-Балкхаройчоьнан прокуроре Кочесоко Мартинан гIуллакх тидаме эцар, иза маьршаваккхар доьхуш дахьийтинчу кехатна буха.

Титиев Оюб

"Мемориал", Нохчийчоь

Бакъоларъяран "Мемориал" центран Соьлж-ГIаларчу офисан куьйгалхочунна Титиев Оюбна набахтехь даккха 4 шо туьйхира наркотикаш лелорна. Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъен хьукматаш дIалекъначу хьелашкахь дара иза – белхахой кхерамна кIел ца тийса, дIакъевлина цара цигара шайн офисаш.

2018-чу шеран Дечкен-беттан 9-чу дийнан Iуьйранна машенахь шен балха воьду иза сацийра полицино, салон чохь, хьалхарчу пассажиран гIента кIел карийра кIомал чохь йолу жима тоьрмиг.

Дукха галморзахаллаш, низамца боцу битамаш бара Титиевн девнца.  Масала, цхьана дийнахь шозза лаьцна бакъоларъярхо – тешаш боцуш цкъа а, юха – тешаш буьгуш а. И харцо Iорайоккхийла дара полицерчу видекамерийн тоьшаллашка хьаьжча – гойла дара Титиев полице шозза кхачийна хилар. Амма адвокатех къайлаяьхьира шен камерашкара видео полицино,  дIахьедира, болхбеш яцара камераш Титиев лоцучу хенахь, аьлла. Цул сов, "болх цабинарш" хилира Титиев лаьцначу меттигна гонах, Iедалан гIишлошца, банкашца лаьтта видеокамераш а. "Ца бина" хиллера болх иза лоцуш уллехь нисъеллачу машенийн видеорегистраторша а.

Наркотикаш шена бухакхийсина, бохура Титиевс, амма иза талла ца хIоьттира цхьа а. "Мемориале" Нохчийчохь болх цабайтархьама лаьцна ша, чIагIдора бакъоларъярхочо. Лацале хьалха Титиев, "Мемориалерчу" кхечу накъосташца цхьаьна, толлуш вара Нохчийчохь 27 вахархо доьза вар. "Новая Газето" ("Керла Газета") яздира, и нах, йина кхел а йоцуш, байина мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахоша Соьлж-ГIалахь, аьлла.

ДIадахначу оршоьтадийнахь Титиевна набахтехь яккха тоьхна хан яцйина кхело. Ша таIзар такха дIахьажийначу Устрада-ГIаларчу набахтехь кхо бутт баьккхина цо.

 

Ярст Николай

"Общественное телевидение России" ("Оьрсийчоьнан Юкъараллин телегойтийла"), Сочи

2013-чу шарахь Ярст Николайн машена чохь наркотик карийра. Журналиста ша дийцарехь, цо а, цуьнан коллегаша а "Сочехь боберийн доладечу системехь йоккха корруцин маша" Iораяьккхинчу деношкахь лецира иза. Ярстехь йолчу информацица, коррупционерашлахь вара гIалин мэр а, берашна верасалла дечу урхаллин белхахой а, кхелаш а, полици а, гIалара кхиболу хьаькамаш а.

Талламан комитетерчу цхьана белхахочуьнгара интервью эца боьлху журналисташ совцийна полицино, хьаьвсина машенах, 2,94 грамм "спайс" карийна.

ДIаса ца вала куьг а яздайтина, дIахецна Ярст, амма полисхоша тIаьхьабевлла, сихха кхин цкъа а дегIах хьавсина цунна – хечин тIехьарчу кисанахь карийна кхин а 0,01 грамм "спайс". Бакъду, экспертиза ечу юкъанна, кIезиг хиларна, хIонехула яьржина, доьза яйна иза, боху полицерчу кехаташа.

ЦIахь лаьцна латточу кепехь шен хIусаме а верзийна, ара-чу вала йиш йоцуш, итт бутт баккхийтина Ярсте. Цул тIаьхьа цIеххьана тIерабаьккхина бехк.

Ярст Николайна хетарехь, 2014-чу шеран Сочера дуьненаюкъара Олимпиада ю иза "къелхьараваьккхинарг" - Оьрсийчохь демократи ю моттийтархьама ша политика бахьанехь хьийзочу нахах цхьаберш таIзарх хьалхабехира Iедало хIетахь.

Шена духьал гIаттийна дов дIакъовллушехь, бакъоларъярхошца дагавала Москох вахара Ярст а, цуьнан цхьа коллега а. Амма цигахь цуьнан адвокато хаамбира цуьнга, Сочехь юха а дов айдина цунна дуьхьал, аьлла. ТIаккха Ярст а, цуьнца волу накъост а ведира Оьрсийчуьра, Iамерка кхечира, политикан тховкIело яккхира цигахь шайна.

Журналистах "наркоман" вина полисхой бисина шайн балхахь, бакъду, кхел йина цхьанна – Ярстца доьзна дац иза, балха тIехь кхаъ эцна боху.

 

Резников Сергей

Коммунистийн агIор "Вернадскийн майда" цIе йолчу къоштан харжамийн комиссин декъашхо, Москох

Харжамашкахь лела харцо Iорайохуш хьийзачу жигархочуьнгахь 9 кехатан ботт карийра, яьккхира цуьнгара 8,06 грамм кокаин.

Сергейс а, цуьнан накъосташа а хIетахь, 2013-чу шарахь, Оьрсийчоьнан Конституцин кхеле арздинера, "цIахь Iачу нехан аьзнаш лехьорца" харжамийн комиссеша бозбуунчаллаш леладо, аьлла. Кхело юхаяьккхира пачхьалкхехь харжамаш дIахьочу муьрехь цIахь севццчу нехан кхаьжнаш гулдаран кеп.

Резников хьийзор Оьрсийчоьнан компартино дуьйзира цуьнан зудчо харцонашца латточу къийсамца. Пачхьалкхан Думин депутат Iийна Гребенков Олег ша куьйгалла дечу гIишлошъечу фирмин долаерзош ву берийн бошмаш, бохуш, аьрзнаш даржадора Резниковн зудчо, коммунисто, муниципалан депутато Ободина Стеллас.

Бехке озийначу Резноковна юьхьанца дуьхьалдеттара, нехан машенашна тIера ноьмарш схьа а йохуш, уьш цо оцу машенийн дайшна юхку, бохуш. Талламчаша дийцарехь, ша ноьмарш схьаяьхначу машенийн корех, шена ахча далийта, телефон тIеязйина кехаташ дуьтуш хилла цо. Амма Резниковн ю боху телефон цунна тIеязйина полици цIийнах хьажа иттех де дуьсуш. Гергарнаш тешна бу, телефон а, наркотикаш а полицино бухакхийсина хиларх. ТIаьхьо телефон дIаяьккхира тоьшаллера – дукха бара цуьнца боьзна цакхетамаш. Наркотикаш лелорна кхел йира Резниковна.

Эксперташа чIагIдора шаьш бинчу белхан кехаташкахь, яц Резниковца, цуьнан духарца наркотикан ларш бохуш. Полиграфо, ца лелийна цо наркотикаш, аьлла делира жамI. Цуьнгара яьккхинчу ларча тIехь яцара цуьнан пIелгийн лар. Ткъа 3 шо хан туьйхира цунна набахтехь такха.

2018-чу шеран гурахь араваьлла иза набахтера. Рязанерчу мехкан кхело тIерадаьккхина тоьхна хилла 350 эзар сом гIуда а.

 

Осипова Таисия

"Кхин Оьрсийчоь" боламан жигархо, Смоленск

2010-чу шарахь наркотик карийра цуьнан цIахь, бехкейира лелорна а, йохкарна а. Лимонов Эдуардан национал-большевикийн партин гуламашкахь дакъалоьцура цо, ткъа цIийнда Фомченков Сергей вара низамца йоцчу "Кхин Оьрсийчоь" тобан лидерийн могIарахь.

Осипован девна юкъайоьлла  кхелашка леларца билгалъялла  йолу теш – цунна, иза къайлахьош, "Тимченкова Л.И. цIе тиллина  полицино. Оцу "Тимченковас" дина тоьшалла ду бехктакхаман орамехь –  Осиповагара наркотикаш эцна ша, аьлла цо. "Кхин Оьрсийчоь" низаме яккхар юстицин министраллехь листа а дезаш, майра хьадда-ведда хьийзачу юкъанна хьаьвсира Осипована цIийнах. Наркотикаш лаха баьхкинчу полисхошца вара зудчун майра Фомченко охкуш хьийза экстремизмна духьалоечу Центран оперативан белхахо Пьянченков а. "Мемориалан" материалаша дийцарехь, изоляторе дIайигина Осипова шен майрачунна тIелейта гIиртина Iедалхой.

10 шо хан туьйхира Осипова Таисияна. 6,5 шо чохь даьккхича араялийтина иза набахтехтера.

 

Гериев Жалауди

"Кавказский узел", Нохчийчуьра корреспондент

Москох семинаре кхача дагахь аэропорте воьдучу новкъара вадийра журналист ницкъхоша. Автобус чуьра ваьккхина, коьртах хIума тоьхна, кхетамах тилийна, шайн машена хаийра цара иза. Хьуьнха а вигина, хьийзийра Гериев, Нохчийчуьрчу Iедална дуьхьал бохбо бохуш. Букъ тIехьа тосу тоьрмиг баьккхира цуьнгара иза лоцучу хенахь, цу чохь тIаьхьо карийра кIомал. Лахьа а еш, цIахь лелайо ша наркотик, аьлла дара цуьнга буха куьг яздайтина кехат.

Даре шега ницкъаша дайтина, элира Гериевс кхелехь. Цуьнан накъосташа иза балхаца доьзна хьийзаво, бохура, ткъа "Мемориало" политикан тутмакхийн могIаршка язвира иза.

​3 шо хан туьйхира Жалаудина набахтехь даккха. 2019-гIа шо доьрзуш мукъаваьлла иза лаьцначуьра.

Савостин Михаил

Минеральные Воды гIалара оппозиционер, Кавказан къаьмнийн Ассамблеян политикан кхеташонан декъашхо

2018-чу шеран Охан-баттахь шен накъостца цхьаьна Вильнюсе, "Маьрша Оьрсийчоь" форуме воьдуш вара иза. Минеральные Воды юьтуш воьду и шиъ сацийра полицино, Савостинан кисанахь карийра 11,69 грамм кIомал. Карийра изза коьчал машенал арахьа а – цунах къайлах мукъвала гIоьртина иза, чIагIдора талламо.

Хьалхо акцешкахь жигара дакъалаьцна вара Савостин – коррупцина а, Iедало еза машенашкара йоккхучу "Платон" йоланна дуьхьал а. 2012-чу шарахь, Путин Владимирна президентан дарж охьадиллар тIедожош, мацалла а кхайкхийра жигархочо.

Савостин лоцуш полисхоша лелийнарг шина кеп-кепара дуьйцу шаьш полисхоша а, адвокато а. Минеральные Воды гIалара иза а, цуьнан накъост а араволучу хенахь, церан машенна духьал автобус а тесна, охьалилхина, гобина туьтмIаьжигашкахь болчу герзхоша. Куьйгаш дихкина Савостинан, кисана таIийна цхьа хIума, шайгарчу автобус чуваьккхина. Юха оцу чуьра ша охьаваьккхича цунна гина шен машенан чкъурга кIел Iуьллу кIомалан тоьрмиг. Полисхоша оццу муьрехь яьккхина цуьнан кисанара наркотик юкъахьарчийна шолгIа тIуьйлиг а.

Экспертизина ца карийна Савостинан цIийца наркотикан ларш, хаамбира хIетахь "Кавказский узело". Лаьцна кхобу жигархо 2018-чу шеран Охан-беттан 6-чохь дуьйна.

 

Кутаев Руслан

Кавказан къаьмнийн Ассоциацин президент, Нохчийчоь

Нохчийн къам махкахдаккхарх лаьцна хIоттийначу конференцехь Кадыров Рамзанна критика йира Кутаевгахь. Ткъа хан ялале карийра цуьнгахь 3 грамм героин.

Къомо даима а ша махкахдаьккхинчу Чиллан-беттан 23-чохь билгалдоккху Дагалецамийн Де, шен да Кадыров Ахьмад эккхийтинчу денца а дузуш, Стиглкъекъа-беттан 10-че дехьатеттира мехкан куьйгалхочо 2012-чу шарахь, дихкира Нохчийчоьнна Чиллан-беттан 23-чохь дагалецаман барамаш хIитто. Амма жигархоша бохийра и бехкам.

2014-чу шеран Чиллан-беттан 18-чу дийнахь дара Кутаевс конференци хIоттийча. Цигахь дакъалаьцнарш лехьон болийра ницкъхоша. "Кхетош-кхион" ​Кадыровна тIебигира уьш, дов дира вукхо. Оцу дийнахь Пятигорске вахана вара Кутаев, цундела ца кхаьчнера Кадыровна тIе. ЦIаварца лецира Кутаев, наркотикаш карийра цуьнгахь.

Ша шена евзаш йоцчу метте вигира машенахь, тIехь ницкъ бира, коьртах тоьрмиг а боьллина, ток йиттира, элира оцу муьрехь Кутаевс шен адвокаташка. Билггал хууш дацара, хьан вигина, стенгахь латтийна иза, амма дуьйцура, мехкан куьйгалхочунна йинчу керлачу резиденцехь хилла бохуш. Бакъду, Кутаев левеш хIиттийначу кехаташа боху, цуьнан дегIа тIера ларш, "бегаш беш" иза къийзийначу накхосташа" йитина ю.

Ша бехке вац, тешна ву Нохчийчоьнан Iедал шега политика, нехан бакъоларъяр дитийта гIерташ хиларх, элира Кутаевс кхелехь. Амма кхело иза 4 шарахь набахтехь а, цул тIаьхьа 1 шарахь маршо лакъийна а кхаба сацамбира.

В 2017 шарахь набахтера араваьлла Кутаев.







Профилактический рейд по противопожарной безопасности прошел сегодня в Ленинском округе

В ЖК «Восточное Бутово» продолжают строительство шестого по счету детского сада

Ежегодная церемония вручения Всероссийской премии Евгения Зубова прошла в библиотеке Видного

В Подмосковье сотрудники Росгвардии спасли пожилого мужчину, который оказался один дома и плохо себя почувствовал


Жители Барнаула помогут сделать родной город чище

Антисанитария в службах доставки: токсиколог Кутушов рассказал, почему опасно заказывать еду

Какие украшения будут в моде летом 2024 – подборка стилиста «585*ЗОЛОТОЙ»

С чем носить юбку этим летом: примеры стильных образов


Walmart adds employee bonus for hourly US workers

Watch awkward moment baffled French Open teen is ‘teleported’ into Eurosport studio for live TV interview

Big 12 commissioner Brett Yormark addresses Arizona Board of Regents, asks for continued investment in athletics

Four-time Man Utd trophy winner, 37, looks unrecognisable as he heads to training with dramatic new look


Торговые настольные электронные весы CAS PR-15P

Ученые нашли «выключатель» болезни Паркинсона

Работать там, где удобно: беспроводная гарнитура Fstyler BH230 от A4Tech

Роман Старовойт выразил готовность оказывать дальнейшую поддержку в строительстве Ленского моста в Якутии


How to watch the 2024 PC Gaming Show: our 10th annual summer showcase

Concord is skipping free-to-play and pulling a Helldivers 2 instead: $40 for the full game with all 16 heroes at launch

I tried to recreate Marvel's Iron Man in this movie studio sim, and my version was so bad my own father stormed out of the theater

Показ геймплея тактики SteamWorld Heist II



США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!

В ПРЕДДВЕРИИ ДНЯ РОССИИ РОСГВАРДЕЙЦЫ ПРОВЕЛИ ПРАЗДНИЧНОЕ МЕРОПРИЯТИЕ ДЛЯ ДЕТЕЙ

Подросток случайно убил пристававшего к нему незнакомца в центре Москвы

СОТРУДНИКИ СОБР «СТОЛИЦА» СТАЛИ ИНСТРУКТОРАМИ НА СБОРАХ ПО БЕСПАРАШЮТНОМУ ДЕСАНТИРОВАНИЮ СПЕЦНАЗОВЦЕВ РОСГВАРДИИ В ВОРОНЕЖСКОЙ ОБЛАСТИ


Ежегодная церемония вручения Всероссийской премии Евгения Зубова прошла в библиотеке Видного

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!

Источник 360.ru: ребенок пострадал при взрыве на детской площадке в Москве

Собянин: Благодаря модернизации театры Москвы создают уникальные декорации


Асфальтирование площадок услуги в Петербурге

Более 1500 человек приняли участие в полумарафоне «Волоколамский рубеж»

«Ни с кем»: Захарова заявила, что РФ не отказывалась от диалога с ядерными державами

Профессиональный ремонт чиллеров – главные преимущества и возможности


Семнадцатилетняя Андреева впервые сыграет в полуфинале турнира Большого шлема

Превзойдет саму Шарапову? юная Мирра Андреева наступает на пятки звездам тенниса

«Сейчас даже счёт не помню»: Андреева сенсационно победила Соболенко и вышла в полуфинал «Ролан Гаррос»

Экс-теннисист Ольховский: Рублев не успел набрать форму на "Ролан Гаррос"


В аварии на территории Гороховецкого района погиб возрастной водитель мопеда

В Московской области создали плейлист для теплых дней

Более 1500 человек приняли участие в полумарафоне «Волоколамский рубеж»

«Ни с кем»: Захарова заявила, что РФ не отказывалась от диалога с ядерными державами


Музыкальные новости

Осужденный за срыв концерта Макаревича служит с позывным "Макаревич"

Надежда Бабкина приедет в Ярославль

Создание Афиши Выступления или Концерта, Мероприятия, События.

Приглашенные солистки выступят в опере «Руслан и Людмила»


США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!

СОТРУДНИКИ СОБР «СТОЛИЦА» СТАЛИ ИНСТРУКТОРАМИ НА СБОРАХ ПО БЕСПАРАШЮТНОМУ ДЕСАНТИРОВАНИЮ СПЕЦНАЗОВЦЕВ РОСГВАРДИИ В ВОРОНЕЖСКОЙ ОБЛАСТИ

РОСГВАРДЕЙЦЫ ЗАДЕРЖАЛИ МУЖЧИНУ С ПОДДЕЛЬНЫМИ ДОКУМЕНТАМИ В МОСКВЕ


Погружение в современное российское искусство – стартовал 3-ий фестиваль «Территория. Красноярск»

Яндекс, А.С. Пушкин, Святой Ленин ведут следствие. Настоящая сенсация!

Спортсмены из Тувы стали бронзовыми призёрами Чемпионата Сибирского округа Росгвардии по лёгкой атлетике

Более 2 тысяч жителей Московской области получат работу благодаря «Магниту»


Асфальтирование СПб и область

Асфальтирование пешеходных дорожек Санкт-Петербург

Дорожные работы услуги в Санкт-Петербурге

Асфальтирование дворов услуги в Петербурге


Профессор Кошкин: Запад в шоке от военных кораблей России в Карибском море

Путин: Москва оставляет за собой право поставок вооружения партнерам

«Всуе не упоминать!»: Путин на ПМЭФ остудил ядерные фантазии и вспомнил Сталина

Путин: РФ готова к переговорам только на условиях, которые уже обсуждались ранее




Трихолог, ведущий специалист многофункциональный клиники KindCare в Дубае Кристина Евдошенко: что такое андрогенная алопеция и как ее лечить

Уникальный интерактивный проект Ставропольской психиатрической больницы на выставке-форуме «Россия»

Аллерголог Зайцева рассказала, как проявляется аллергия на солнечный свет

Клинический фармаколог «Евроонко» Дарья Камышова выступила на форуме, посвященном антибиотикорезистентности в стационаре


AFP: Байден объявил о выделении Киеву помощи на 225 млн долларов


Псковичка стала призером соревнований по прыжкам в высоту в Москве

Футбольная сборная России забила Белоруссии 4 безответных мяча

В Москве прошёл спортивный праздник для росгвардейцев

Мастер-классы по созданию крафтовых украшений проходят в центре Москвы



Собянин: Москва — мировой лидер по динамике развития транспортной инфраструктуры

Собянин: В Москве ведется активная замена инженерных сетей в рамках реновации

Собянин поздравил всех социальных работников с профессиональным праздником

Собянин: Московский городской транспорт на 100 процентов отечественный


Суд отправил под арест подозреваемого в убийстве пенсионера в парке Москвы

Акция «Чистый лес» состоялась в округе Шатура

Байрактар: Турция и Россия определили дальнейшие шаги по проекту "газового хаба"

На природных территориях Москвы расцветет множество краснокнижных растений


В Московской области создали плейлист для теплых дней

Художник Петр Зубов завершил роспись Никольской церкви в Балашихе

«Ни с кем»: Захарова заявила, что РФ не отказывалась от диалога с ядерными державами

Две брянские спортсменки в составе сборной России выступят на Спортивных играх стран БРИКС


Терминал сбора данных (ТСД) промышленного класса SAOTRON RT42G

Россия, Новости, Культура, Театр, Дети: Радость, которую приносит Госцирк Бурятии

Торговые настольные электронные весы CAS PR-15P

В Пулково задерживаются шесть рейсов


Глава Росавиации: возобновление работы закрытых с начала СВО аэропортов пока не ожидается

Пьяный мужчина упал с верхней полки на девочку в поезде Москва - Симферополь

Литературно-краеведческий коллаж «Мир добрых сказок и стихотворений – все это Пушкин, наш великий гений!»

В районе Симферополя появится крупный жилой микрорайон - ЖК "Республика"


Асфальтирование площадок услуги в Петербурге

В Московской области создали плейлист для теплых дней

Профессиональный ремонт чиллеров – главные преимущества и возможности

Художник Петр Зубов завершил роспись Никольской церкви в Балашихе














СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *