ТIехьа-Мартанарчу полисхойн постана тIелеттарг наркоман вара аьлла Iедалхоша
Вийна тIелатархо Мусаев Зеламха наркоман хиллера аьлла Кадыров Рамзана вовшахтоьхначу кхеташонехь чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана. Мехкан "Грозный" телехьожийлан эфирехь гайтина, телекомпанин YouTube-каналехь Iораяьккхина кхеташонехь яьккхина репортаж. "Наркоман хилла ву иза, волчарна вевзина", - аьлла кхеташонехь министро.
Ишта цо билгалдаккхарехь, Шемарчу тIамехь кхелхинчу гIаттамхойн гергара зуда ялийна а хилла иза. "Шо хьалха дуьххьара хиллачу зудчуьнца дIа а къаьстина, бархI бутт хьалха кхи зуда ялийна хилла цо. 2013-чу шарахь Шема дIавахана, цигахь велла лоруш ву Балиев а, Садулаев а, церан шича хилла цо ялийнраг", - аьлла, дийцина кIоштан полицин хьаькамо Дадаев ИбрехIима.
