Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2019

Ливехь мухIажирийн каппаш тIе бомбанаш йиттина, нах байина

0
Ливин Триполи шахьарерчу мухIажирийн каппашкахь динчу кеманийн тохаршкахь вийна мел лахара а 40 стаг, лазийна 80. Дуьненаюкъаралло къобалйинчу пачхьалкхан векалша бина цунах хаам. Шаьш шайх "Ливийская национальная армия" (ЛНА) аьлла, дIакхайкхийначу инарлан Хафтар Халифан ницкъашна бехкбиллина авиатохарш дарна Ливин Iедалхоша. Охан-баттахь дуьйнна тIегIерташ бу уьш Триполи гIалина.


Ливин Iедалша дийцарехь, беллачех дукхахберш Африкан мехкашкара баьхкина Европе дехьабовла гIерташ хилла мигранташ бу. France-Presse агенталлан информацица, цхьа бомба 120 мухIажир чохь волчу ангар тIе кхетта хилла. ЛНА-с тIе ца дуьту, мухIажирийн каппашна тохарш дар.


2011-чу шарахь Ливин лидер Каддафи Муаммар вохийначул тIаьхьа масех герзашца араяьлла тобанаш пачхьалкхан территори тIехь шайн контрол дIахIотто гIерта.


Охан-баттахь дуьйна Триполи куьйгакIел ерзо гIертачу тIамехь вийна 500 сов стаг, 75 эзар меттигерчу бахархойн дIатаса дийзира шайн хIусамаш.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *