Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2019

Иммунодефицитан лазар даьржина го Оьрсийчохь

0
Оьрсийчоьнан 13 регионехь иммунодефицитан лазар (ВИЧ) кхетта бу цхьаъ сов процент бахархой.  РБК агенталло Iорадоккху и терахь, Роспотребнадзоро кечйинчу рапортан бух тIехь. Кхи а 35 регионашкарчу бахархошлахь 0, 5 процент сов лакхадаьлла го ВИЧ лазар.


2018-чу шарахь Иркутск кIошт яра иммунодефицитан лазар уггар а даьржинчех ю аьлла къастийна. 1, 8 процент цигарчу  бахархойх хьакхаделлера и лазар. Шина проценте гIоьртинера лазар Свердловскан а, Кемеровон а кIошташкахь.


ВИЧ цамгарх тIаьххьара 2015-чу шарахь хIоттийна статистика.




ХIетахь, РБК агенталлан зерашца, исс регионехь цомгашчу нехан терахь 1 процент дара. Цу шарера схьа лерича, 40 процентал а лакхара ю  иммунодефицитан лазар долчу нехан статистика.


Оцу юкъанна 2018-чу шарахь цомгуш хилла 30-50 шераш долу кхи а 70 процент бахархой.


· Роспотребнадзоран зерашца, 2018-чу шеран чакхенехь миллион сов стаг вара ВИЧ диагнозца. ХIора денна Оьрсийчохь иммунодефицитан лазар долу 300 гергга вахархочунна. Иттозза совдаьлла тIаьххьарчу итт шерачохь оцу лазарх леш болчийн терахь а.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *