Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2019

ФСБ-н подполковник лаьцна Краснодаран махкахь

0
Краснодаран махкахь лаьцна, университетан куьйгалхочуьнга нуьцкъала ша балха дIаязвайтина Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) подполконик. Харц кехатца хьехархочун алапа эцна оцу стага 8 шарахь.


Цунах лаьцна еарин дийнахь хаам бина "Коммерсанто", Адыгейн пачхьалкхан университетехь кхаьънаш эцар талларца доьзначу гIуллакхна тIе а тевжаш.


Болчу хаамца, ФСБ-н белхахо хиллачу Николинко Константина 2011-чу шарахь университетан  Белореченскерчу филиалан директоре Вицюк Ларисе ша балха дIаязвайтина хилла, шен даржах пайда а эцна. Директоро контракт йина хилла подполковникца 2018-чу шаре кхаччалц.


Николинко лаьцна ву. Кхушара Стигалкъекъа-баттахь дуьйна иза латтош ву талламан изоляторехь.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *