10 шо кхаьчна Эстемирова Наташа йийна, амма зуламхой каронза бу
Эстемироваца даима а Iиттабелла бара Нохчийчуьра Iедалан буьйранчаш а, эскарийн куьйгалхой а, цо цаьргара дуьйлу гIалаташ а, зуламаш а кест-кеста Iорадохуш хиларна. Массех верси яра иза еран, амма цкъачунна теллина даьлла дац дов.
