Швецин полицино дIахецна Садулаев
Сайдулаев лецира Стокгольман аэропортехь, кемантIера охьабиссина схьабогIучу некъахошна юкъара схьа а ваьккхина. Цул тIаьхьа иза дIавигира Нючёпинг гIалан полицин декъе.
Бакъонашларъярхо лацаран бахьана дуьйцу, терроран тIелетарш даре кхайкхамаш беш хилла аьлла, иза Оьрсийчоьно Интерполехула лехамашка велла хилар.
