Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2019

Нохчийчоьнан туризман центр схьайиллина Парижехь

0
Нохчийчуьрчу Iедалан делегацино Парижехь схьайиллина Visit Chechnya цIе йолу туризман центр. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.


Нохчийн Республикан туризман министро Байтазиев Муслима дийцарехь, иза дуьххьарлера цу тайпа центр ю Петарбухерчу дуьненаюкъарчу экономикан форумехь цу хьокъехь барт бинчул тIаьхьа схьайоьллучу 4-а центрах. Йисина кхоъ хир ю Берлинехь а, Бернехь а, Истанбулехь а.


Цуьнца цхьаьна гергарчу хенахь кхуллур ю Нохчийчоьнах лаьцна, коьртачу декъана туристийн хьашташна хьажийна, интернетан сайт. Иза маситта маттахь хир ю.







Visit Chechnya цIе а йолуш хьалхара туризман центр кхоьллира 2018-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь Петарбухехь.


Нохчийчоьнан туризман министралло тIаьххьара далийначу терахьашца, 2018-чу шарахь Нохчийчохь хилла 150 эзар гергга турист. Уьш бара Оьрсийчуьра а, Советан пачхьалкхана юкъахь хиллачу пачхьалкхашкара а, ткъа иштта а генарчу а, гергарчу а кхечу пачхьалкхашкара бахархой.   














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *