ХIирийн хьаькамаша мотт Iамош дIахьор ю аьхке
![ХIирийн хьаькамаша мотт Iамош дIахьор ю аьхке](https://gdb.rferl.org/4864098C-FB7D-4350-B965-9EA57E4E07D4_w800_h450.jpg)
Даржхошна лерина ненан меттан Iамораш долош ду Къилбаседа ХIирийчохь кхушара а. Лаам болучун йиш хир ю бетта чохь хIирийн меттах долу коьрта Iилма довза а, мотт шарбан а.
"Орфографи а, орфоэпи а, лексика а, таханлерчу хIирийн меттан грамматика а, риторика а йовзуьйтуш, оцу маттахь документаш хIитто Iамор ду. Юристашна, масала, довзуьйтур ду, муха хила деза белхан къамел, документаш", - элира "Кавказ.Реалиига" дешаран программин авторо, хIирийн филологин факультетан декана Кудзоева Анжелас.
Дуьххьара гулбеш бац хьаькамаш хIирийн мотт Iамо – лурчаха оцу кепехь ненан мотт шарбира шайна министраллийн, урхаллийн белхахоша. ХIирийн мотт Iамо аьтто бу бухарчу къомах воцучуьн а. Масала, курсах чекх а яьлла, хIирийн мотт тоъал дика Iамийна шена каратэхь дуьненан чемпион йолчу, мехкан куьйгалхочун аппаратехь болх бечу оьрсийчо Соболь Марияс.
Сертификат ло дешарх а, толамца аттестацех а чекхваьллачунна. Кху беттан тIаьххьарчу деношкахь ховшур бу хьаькамаш къоман мотт Iамо а, шарбан.