Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2019

Украинахо Гриб Павел набахтех мукъаваккха реза ца хилла Оьрсийчоь

0
Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело шинарийдийнахь ладоьгIна 21 шо долчу студентан Гриб Павелан орзе, низамехь лерина хьалхарчу кхело бина сацам. Кхо бутт хьалха набахтехь такха 6 шо хан кхайкхийра цунна "нах терроризме кхайкхарна". ТIе ца ийцира украинахочо бехк.


Жимачу стага хьалхо дехнера Украинан президенте Зеленский Владимире а, Лакхарчу Радин депутаташка а Оьрсийчоьно лецна латточу, набахтешка хьийсийначу украинахойн балакхачар. Грибна хетарехь, Украино дIакъовла деза Оьрсийчоьнца а, Беларусца а долу шен дозанаш.  


​"Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара, шена интернетехула евзинчу оьрсийн йоIаца Беларесерчу Гомелехь цхьаьнакхета Iалашо йолуш новкъаваьллера иза, амма Беларусехь цуьнан лар яйра 2017-чу шеран Марсхьокху-беттан 24-чу дийнахь. ТIаьхьо "карийра" иза Краснодарерчу талламан изоляторехь. Гергарчара а, адвокаташа а дийцарехь, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша лачкъийна Гриб.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *