Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2019

Нохчийчоьнан вахархо вийна ГIирмехь хиллачу некъахьовзамехь

0
Некъаца бохам хилла оршотан сарахь 7 сахьт даьллачул тIаьхьа ГIирмехь "Таврида" трасси тIехь Феодосия гIалана гена доццуш, хаам бо "Ньюс медиа" зорбан гIирсо. Ца хуучу бахьанца, Нохчийчуьрчу вахархочо дуьхьал йогIучу МАН машенна кIелкхоьссина ша урхалла дон «ВАЗ-2114» машен. И бахьана долуш иза вийна. Машенна чохь хиллачу шина некъахочух цхьаъ лазийна ву.


ГIирмерчу орцаллан министро Шахов Сергейс бинчу хаамца, вийнарг ву 22 шо долу жима стаг. Цо билгалдаккхарехь, лазийна некъахо а ву Нохчийчуьра. Цуьнан ду 23 шо. Иза Феодосин дарбанан хIусаме охьавиллина ву. ШолгIачу некъахочун лоьрийн гIо ца эшна.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *