smi24.net
World News in Chechen
Август
2019

Садулаев Мансур: ГIашсалти бен вац Рамзан

0
Дмитрий Волчек,                                                                                                        Маршо Радио (оьрсийн сервис)

"Еврокадыровхой" Iорабоху нохчийн мухIажирша

"Кадыровна Путина магийначу режимах уьдучу нахана, лечкъа а ца лецкъаш, гIодеш нохчийн боламашлахь тхан юкъаралла бен яц", - боху Садулаев Мансура. Цо Швецехь кхоьллинчу VAYFOND-о накъосталла до мухIажиршна, гулйо Кадыровн Iедало идочу нахах информаци, орцахйолу Оьрсийчоьнан лаамца Европера даймахка хьийсочу махкахошна.


Фондан белхан цхьа агIо  ишта ю  – "Европехь беха Кадыровн векалш, цунна суждане хIуьтту агIончаш, питанчаш, мотт беттарш лехар, цара муха Iехийна шаьш тIеэцна Европа, хIун аьшпаш буьттуш яьккхина мухIажиран бакъо таллар". И нах Садулаев Мансура а, цуьнан накъосташа а социалан машанашкарчу агIонийн битамашца Iорабоху, цул тIаьхьа шайн сайтехула хоуьйту тидаме эцнарг мила ву, Европерчу низамхошка дIакхачайо царех йолу бакъ информаци.


Нохчийн мигранташлахь бу, шайх дерг лечкъа а ца деш, шаьш Кремлехьа хилар довзуьйтурш а. Гамбургехь вехачу спортхочо Дугузаев Тимура а, цуьнан гоно а, масала, хоуьйту шаьш Кадыровгахьа дуйла, Оьрсийчохь "Толаман Де" олучу Стигалкъекъа-беттан 9-чохь хIоразза а гулло Берлинехь, Оьрсийчоьнан а, "Кадыровн Нохчийчоьнан" а байракхаш а оьций.


Дугузаевс, ша Европерчу нохчаша гезваха волийча, кхайкхам бира цаьрга: шаьш майра делахь, шега юьхь дуьххьал схьаала, Кадыров Ахьмад а, цуьнан воI а нохчийн къам доьхкинарш бу, алий. Садулаев Мансура видео-жоп хьажийра цуьнга, дIахьедира, ша муьлххачу а меттехь кийча ву хетарг  дийца, аьлла.


Шех оппозиционер ма ала, ала "нохчийн маршонан агIонча", доьху Садулаевс.  2009-чу шарахь лаьцна, шина шарна набахте хьажийра иза, тIемало ву аьлла. Хан текхна Кировн махкарчу а, Нохчийчуьрчу "Чернокозово" а набахтешкахь.


"2011-чу шарахь аравелира со лаьцначуьра, амма ца кхачийра пачхьалкхан соьца йолу гамо. Сох шайн агент ван гIертара ницкъхой. Ткъа ас "хIан-хIа" аьлча, кхерам тосура: "Хьо тIемало ву аьлла воьллира чу, хьан лаца тIам бац кхин, оха хьох тхайна луъург дийр ду", бохура соьга. Юха-юха тIеэха дезаш хуьлура царна, телефон дIаяйъа йиш яцара, тIевехаре ладегIа дезара даима а", - дагалоьцу Мансура.


КхидIа – мухIажиран некъ, Австри. Ткъа цигахь вийра Кадыров Рамзанан ханехь а лаьттина, Нохчийчуьра ведча, даймахкара Iазап дуьненна довзийта араваьлла, Европерчу адамийн бакъонийн кхеле арздина волу Исраилов Iумар.


2016-чу шарахь Кадыров Рамзана телегойтийлехула дIахьедира: "Итт шо, пхи шо даьлча, шаьш Европера лаьхкича, кхетамчу догIур ду шу, амма оха аш аьллачу хIора дашах жоп доьхур ду шуьга. Суна массо а цигарчу кегийрхойн сайташ евза. Массо инстаграм, муьлхха а фейсбук, аш мел аьлла дош оха дIаяздеш ду. Тхуна дерриг а хаьа шух лаьцна. Цундела ма де шайна зулам".


Амма уггаре халачу хьолехь бара Нохчийчохь беха блогерш. Эвтарара Дикаев Адам ваьхьинера шен инстаграмехула Кадыров Рамзанах кхарда. "Сан тоьлла доттагIа ву президент Путин" аьлла, Кадыровс яьккхина йиш аьшнаш йира Дикаевс. ТIаккха иза карийра, тIера хеча а яьккхина, идийтира тренажер-некъа тIехула, изза йиш юха а лоькхуьйтуш. "Суо лоцур вац моьттуш, ас инстаграмехь хьаштдоцург яздинера. Со схьакарийна, суна тIера хеча яьккхина. ХIинца суна хаьа суо хIумма а йоцийла. ХIинца дуьйна Путин сан да а, денда а, паччахь а ву", - боху Дикаев Адама оцу шена динчу видео-таIзарехь.


Садулаев Мансура а, цуьнан накъосташа а Австрехь гулам хIоттийра Дикаевн агIолоцуш. Цу сахьта кхечира даймахкара "кост".




Германерчу Кадыровн векалца Дугузаев Тимурца къамелдеш ву блогер Абдурахманов Тумсо


Цунах лаьцна Садулаевс ша Маршо Радиона еллачу интервьюхь дуьйцу

– 2015-чу шеран Iай оха Дикаев Адаман а, и санначийн а къа-бала балхош, гулам хIоттийра. Ас цигахь дийцира Нохчийчохь лелачу  къизаллах лаьцна. Цул тIаьхьа, бутт хан яьлча, Австрин полицино соьга хаамбира, хьо вен кхачийна Кадыровс, ца хаьа иза кхочушдан ахча схьаэцнарг мила ву, цкъачунна тхо толлуш ду, оха хIьо Iалашван сацамбина, хьоьца ха лелар ду кхидIа, аьлла. Иштта ха хIоттийра сан петарна тIе. ТIаккха кхийтира Австрин Iедал со кхерама кIел вуйла – политикан мухIажиран статус елира суна. ТIаьхьо со Швеце дехьавелира.


– Маца кхоьллина ахь фонд?


– 2016-чу шарахь Полшин дозанехь нохчий гулбеллера, даймахкара бовда арабелла бара уьш, амма тIе ца оьцура Европехь. Оха оцу нехан дуьхьа гуламаш, цхьацца акцеш йолийра. Мацалла лаьттара дозанехь Iачу тхан махкахошкахь. Тхо ахча гулдан дуьйладелира. Дукха бу Европехь Оьрсийчоьно Интерполехула леца кхайкхийна, ткъа Европан мехкаша арабаха хьийзош болу нохчий. Дукха хьолехь тIебаьхьначу бехкан буха дуьллу Оьрсийчоьно, хIара я важа нохчо Шемарчу ДАIИШ-ехь тIом беш хилла, олий. Уьш даима а аьшпаш хуьлу. Амма йоккха харж яр тIедужу хIуманна а бехкевоцчу мухIажирна, адвокат лоцу, юристашкара гIо лоху. ХIинца оха кхачадо тхайн нахана и тайпа гIо. Цомгушнаш а бу дукха, царна а гIо до. Оха тхешан позици лечкъа а ца йо, боху, тхо дуьхьал ду даймахкахь лаьттачу оккупантийн Iедална, цундела даима тхоьца зIене буьйлу мухIажирш. Кадыровна Путина магийначу режимах уьдучу нахана, лечкъа а ца лецкъаш, гIодеш Европерчу нохчийн боламашлахь тхан юкъаралла бен яц. Иштта нисделла юьхьанца сагIадан кхоьллина болу тхан болам бакъоларъен юкъаралла хилла дIахIоттар.







– Цу тIе "еврокадыровхой" – Кадыровн агенташ - Iорабохуш а ма хьийзий шу. Дукха буй иштанаш?


– Йоккха проблема ю иза. Дукха бу, халахеташ делахь а. Уггаре хьалха цара зуламаш дийраш ЕвроБертан мехкашкара мухIажирш бу. Шайна Нохчийчуьрчу Iедало зен дина, олий, тховкIело йоьху цара. Амма еллачул тIаьхьа Нохчийчу лела буьйлало. Дукха хьолехь гучубовлу уьш, Европа ларло царех. Амма иштанаш массо а ца оьцу мехкаша тидаме. Оцу наха зенаш до бухарчу бахархошна а. ТIаккха цIе туьллу массарна а – "нохчийн мафи". Ас ца боху мухIажиршлахь и санна нах бац, амма цара леррина до зуламаш, нохчийн мухIажирш юьхьIаьржа хIитторхьама, кхузара тхо бехкаллин IиндагIа кIел дигархьама. Дукха хьолехь "еврокадыровхой" дIахьийсабо пачхьалкхаша шаьш схьабаьхкинчу Оьрсийчу, амма царна цунах зен ца хуьлу, Кадыровс дика тIеоьцу уьш. Иза ду уьш кхузахь зуламаш дан цакхерар. Кхузахь а Iаш, Кадыровн режим хестайо цара, дуьхьалйоккху нохчашна Европа. И нах сов дукха баьржаш бу кхузахь. Цундела уьш Iора а бохуш, бухарчу Iедалшка царех йолу информаци дIало оха.


– Ахь бахарехь, и нах Кадыровн агенташ бу, мухIажирашка а язлуш, шаьш кхобуьйту-кх цара Европе?


– Иштанаш а бу, кхечу хьесапехь леларш а бу. Цаьргахула вен атта ду кхузахь милла а, уьш кхана киллерш хила кийчча нах бу. Оцу нахана алссам ахча оьшу, иза Кадыровгахь долуш ду. Хала дац Кадыровна кхузахь стаг вен резаберш схьалаха. Амма бу, масала, Кадыровн векалш а, Дугузаев Тимур саннарш. Цара шаьш вуьйр вац стагга а, амма вен некъ кечбийр бу, юкъарло латтор ду. Аьр вай, кест-кеста вогIу Европе "Патриот" – Висмурадов Абузайд, Кадыров Iалашвечу сервисан куьйгалхо. Иза хьан тIеоьцу, хьан машенашкахь лелаво кхузахь, хьаьнгахь буьйсанаш йоху цо? Дугузаев санна болу "векалш" бу цунна хьошалла лелораш. Оцу наха цIе йожайо кхузарчу нохчийн, Iедал цатеша доьлла тхох а, могIарчу мухIажирех.


– Дукха хан йоццуш хьо хьуо а лецира Стокгольмерчу аэропортехь. ХIун дара хилларг?


– Цигахь соьга, со Оьрсийчоьно Интерполан тептаршка язвайтина, элира. Цецваьккхира со оцу хаамо. Террор лелорна а, терроре нах кхайкхарна а бехкево со, бохура. Делахь а, де-буьйса далале листира хьал прокуроро, ца хIоьттира иза гIуллакх кхеле даккха а. Лур вац, элира, Оьрсийчоьнан кара, мукъаваьккхира.


– Стенна ваьллера хьо цунах цец?


– Ас ма-аллара, Оьрсийчоьно террор юллу кхузарчу нохчашна коча, цуьнан бохийла дац Интерполе, тхо нохчийн къоман маршонехьа ду, цундела хIаллакдан деза. Оьрсийчоь Интерполан декъашхо елахь а, оцу хьукмато дIатотту политика бахьана долуш тхо леца кхайкхор. Тхо Интерполе ло, тхаьш террорхой доцийла дехха дийца, дIагайта дезаш хуьлу тIаккха. 2017-чохь Германино сацийра Акуева Амина. Оьрсийчоьно иза тIемалошна гIодина ю, бохура. Аьшпаш бара уьш. Тхан фондо дехха къахьийгира бакъдерг довзуьйтуш. Иза кIелхьаръяккхар оха дуьххьара юьхьаръэцна гIуллакх дара. Тхо туьйлира. Шина шера чохь оха иттех сов стаг паргIатваьккхина террористан цIарах. Таханенна 20 сов стаг ву изза гIо оьшуш. Яккхий харжаш ян езаш болх бу оха бийриг. Делахь а, толуш ду фондан хьал мелла а.







– Европера Кадыровн агенташ хьехон болийра-кх вайшимма. Iорабаьхнарш бийцалур барий хьоьга?


– Масала, Австрехь цхьа накъост ву, Висмурадов Абузайдна мара а лелхаш, суьрташ даьхна - Цибаев Муслим. Ша мухIажир ву бохуш веха иза. Австрехь нахера хьал дIадохуш леллачу жоьлгийн декъахь иза хиллийла а, оцу бахьаница масситтаза лаьцна хиллийла а хиина тхуна. Хиира, иза кест-кеста Нохчийчу воьду-вогIуш вуйла а. Белгехь "карийна" тхуна иза саннарг – иза нохчашна дуьхьал тIемаш бина ву, ОМОН-ехь хилла шен девешица Газимагомадов Мусаца, мухIажир ваьлла, Белгина аьшпаш а боьттина, шен йоцчу цIарца. Оха иштачу нахах гулйо информаци, дIало иза яла еззаче.


– Кхераме болх бу. "Вуьйр ву-воккхур ву" олий хьоьга и болх цатовчу наха.


– Дукха хан ю и тайпа къамелаш тергалдар ас дитина. Кхеташ ду, чIогIа новкъа бу царна тхан болх. Дийр ду дера дерриг а тхо новкъара дIадаха, я Интерполан гIоьнца дIадеха.


– Дукха буй Оьрсийчоьне дIабелла мухIажирш?


​– Дукха бу. Полшера дIавелира Байдуев Азамат, массех де даьлча лачкъийра Нохчийчохь. Стохка Словакино дIавелира Яндиев Аслан. Украинера дIавелира Тумгоев Тимур.


– Нохчийчуьра уьдучу мухIажирийн могIа бацлуш буй хIинца?


– Бацбелла, амма ца бацбелла махкахь хьал то а делла-м. Европе кхача некъаш гатбаларна лагIбелла-кх. Полшин дозане богIу нах, амма цигахь чекх ца бовлало. Тхоьга дукха наха доьху цIера бовда гIо. Амма оцу тIехь тхан бакъо яц цхьа а агIо лелон – иза низамехь дац.


– Хьуо Кадыровн мостагI лорий ахь?


– Кадыров – иза гIашсалти бен вац, цо ша ма-аллара, оккупанташа хаийна иза  шегарчу дарже. Миллаа  хила тарло цуьнан меттехь. Сан цхьа мостагI ву – Оьрсийчуьра Iедал, Путин. Сан дерриг а бералла дIадаьккхина цо тхан махка кхачийначу тIамо: 8 шо дара сан "хьалхарчу тIамехь", 13-14 шо - "шолгIачу тIамехь". ХIетахь дуьйна, сан кхетамехь, оккупацехь бу тхан даймохк. Оццул жима воллушехь, сох а "вира" Оьрсийчоьно тIемало, набахте кхоьссира. Сан 14 шо дара оьрсийн эскаро сан да вийча, бомбанех лечкъина шен цIахь Iашшехь. ТIом безаш ца вахара со, беран тIорз, тIом бан – сайн мохк бара мостагIчо багош, хIаллакбеш. ТIелеттачунна дуьхьалхIоттар ас нийса некъ лору. Ас сайн къам маьрша хиларх хьоьгуш дира айса мел динарг.


– Хьо бер ма дара оцу хенахь...


– Дара, в 1999 шарахь сан 14 шо бен ца кхаьчнера, ас тIемалошна информаци лора, сайга далуш долу гIо дора. Амма кхетта хIинца, нохчаша бита беза тIемаш, дукха хIаллакьхилла тхо, политикан некъаца леха еза маршо. Ца оьшу лета – митингаш, демонстрацеш, дуьненна тхешан бакъо дIагайтар, пресса - иза бу тхуна буьсу некъ.


–Кадыров гIашсалти бен вац, боху ахь, ткъа цхьаболучийн бIаьргаш чохь политик ву иза. Цунах кхоьру Путин, дан хIума дац, олу…


– Уьш ловзарш ду. Леррина хоьтуьйту нахана ишта. Со тешна ву, Путина ша хьоьхуш а ю и кеп. Кадыров Оьрсийчоьнан векал, губернатор бен вац. Амма цо шен багахула кхерамаш туьйсу Iамерканна, Гуьржийчоьнна, Туркойчоьнна, Украинина. Путине сихха сацалур вара иза. Цкъа Кадыровс ша а эккхийтира махкарчу телехьожийлехула: ша кIеззиг а галваьлча, шега Кремлера телефон тухур ю, эр ду, ахь хIун леладо цигахь, саца. Аьлча а, цо ша боху, Кремлера пурба доцуш, ша цхьа а гIулч ца йоккху. МоттаргIанаш ю ерраш а: Путинна, цкъа, цхьана заманахь, шега халкъо жоп дехча, ала ду, гой шуна, иза, Кадыров, маьрша вара шена луъург лелон, цуьнгара деха жоп! Ца воллу со Кадыров дашо ву ала, амма дац дерриг а зулам Кадыровгара схьадоладелла – Путин ву цунна тIехьа сема лаьтташ.


– Хийцам хир бу аьлла ца хета хьуна?


– Кеста дерриг а шашах керчар ду, Путин лийр ву я хийцалур ву, олу наха. Иза харц ойла ю. Оцо Кремлна магадо массо а, тахана санна, къизаллехь кхаба. Ца деза садетта, гIуллакхаш дан деза, дикачунна тIе къахьегча бен ца кхочу.







– Иштачу хийцамашна лидер оьшу, Дудаев ЖовхIар саннарг. Вуй и тайпа хьалханча?


– Ца го суна цкъачунна. Ишта лидер кхианза ву. Хан оьшу, массех шо оьшуш хила а мега, я кхин а алсам. Абдурахманов Тумсо – веккъа и цхьа стаг го суна таханенна лидер хила таро йолуш. Амма цо шена ца еза политика, боху, блогер хилла виса лаьа олу.  Нохчий цкъачунна бекъабелла бу. Милла а юкъаваларх, ца теша цунах нах. Дац бехк буьллийла: хийла тоьлла къонах араваьлла, тIаккха цо Iехийна тхан халкъ…


– Нохчийчу гIертий хьан са? Я Швецера комфорт тоьлу?


– Делора, са ма гатдо ас! Иза сан дайн латта ма ду, со кхиина мохк ма бу, цундела ма олу оха цунах "даймохк". Ца гуш хан мел йолу а хала ду суна. Амма цхьаммо а ца аьлла, атта хир ду. Ца хуьлу къийсамехь атто, къаста везаш нисло хийла диканах, садетта деза. Къурано боху: лайначу халоне хьажжина хир ю  тIаьхьайогIу атто.






Подведены итоги конкурса «Мы верим твердо в героев спорта»

Можно ли перевестись из одной автошколы в другую в процессе обучения?

В Москве ежегодно состоялся юбилейный, всероссийский, патриотический гала-концерт «Проза и поэзия» «Россия - семья семей»

В Москве ежегодно состоялся юбилейный, всероссийский, патриотический гала-концерт «Проза и поэзия» «Россия - семья семей»


Фестиваль «Чистопрудный Fest» покажет исторические районы Москвы с необычной стороны

Пластический хирург Александр Вдовин: как избавиться от мешков под глазами

Обучение инъекционной косметологии

НОВЫЕ «ОПАСНЫЕ СВЯЗИ» С НОВЫМ ВЕДУЩИМ НА «ЧЕ!»


My mother and I were still estranged when she died in 2019. I went to a medium to connect with her and it brought me closure.

Every time we go on holiday my husband ogles other women on the beach

Inexperienced Secret service agent called tech support hotline for help piloting drone ahead of Trump rally shooting: bombshell report

Raging Richarlison slams ‘f***ing s***’ card as Tottenham star’s EA FC 25 rating is revealed


"Пейзажи Карелии"

Задержан предполагаемый виновник смертельного ДТП с автобусом в Прикамье

Heroje H288BW- портативный сканер штрих-кодов с интерфейсом Bluetooth

Для ремонта дорог в Петербурге в 2025 году ищут подрядчиков


Кровь, кишки и всё такое в трейлере новых добиваний для Mortal Kombat 1

Мафия-НН: Густой аромат армянского кофе наполнил воздух старательно украшенной гостиной.

Ранняя версия Mini Empire: Hero Never Cry с русским языком доступна в Google Play

Elgato Game Capture Neo review



Фестиваль «Песня года» 2024 состоится в ДС «Мегаспорт» в Москве

Стоит ли отдавать ребенка в частную школу?

Стоит ли отдавать ребенка в частную школу?

Подведены итоги конкурса «Мы верим твердо в героев спорта»


Адвокат: Алексей Блиновский не вернулся в зону СВО из-за участия в следствии по делу Пашаева

В Симферополе появится новый бизнес-центр “Крымский”

Подведены итоги конкурса «Мы верим твердо в героев спорта»

Новая глава старой сказки: худрук шоу «Король и Шут» рассказал о союзе симфонической музыки и панк-рока


Вакцину от нового штамма коронавируса начали испытывать в России

Глава МИД Белоруссии: действующая модель безопасности в мире «трещит по швам»

В Дмитровском городском округе Подмосковья водитель врезался в мемориальный комплекс

В НИУ ВШЭ назвали давление Запада причиной обновления ядерной доктрины России


Эйсинг-777 // Марин Чилич стал самым низкорейтинговым чемпионом турнира АТР

Павлюченкова объявила о досрочном завершении сезона

«Теннисистки заслуживают зарабатывать на равных с мужчинами». Веснина выступила за соразмерные призовые

Даниил Медведев обыграл Гаэля Монфиса и вышел во 2-й круг турнира ATP-500 в Пекине


В Дмитровском городском округе Подмосковья водитель врезался в мемориальный комплекс

Истребители ЦАХАЛ возобновили атаки на объекты «Хезболлы» в пригородах Бейрута

Вратарь ульяновской «Волги» Игорь Трушкин: «Сухари» - не главное»

ТАСС: в ходе обысков в доме Тимура Иванова найдено огнестрельное оружие


Музыкальные новости

TMZ: Певица Лана Дель Рей выйдет замуж за охотника на аллигаторов

Певица Натали Орли вернулась к истокам

Валерий Гергиев откроет во Владикавказе новый Культурный центр

Фотограф из Санкт-Петербурга победила во Всероссийском конкурсе «Мы верим твердо в героев спорта»


Фестиваль «Песня года» 2024 состоится в ДС «Мегаспорт» в Москве

Подведены итоги конкурса «Мы верим твердо в героев спорта»

Подведены итоги конкурса «Мы верим твердо в героев спорта»

Стоит ли отдавать ребенка в частную школу?


На матче "ЦСКА-Динамо" родилась новая семья

Бизнес-омбудсмен Подмосковья помог отменить запрет на реализацию продукции компании

ТНТ и Кинопоиск представляют первый тизер новогоднего телефильма «Небриллиантовая рука»   

Певица Натали Орли вернулась к истокам


Доцент Фиронов: машины резко подорожают из-за новых ставок утильсбора с октября

Автомобили с 1 октября подорожают из-за новых ставок утильсбора

Певица Натали Орли вернулась к истокам

Эксперт Фиронов рассказал, что будет с ценами на авто с 1 октября


Американская разведка предупредила Байдена: Путин не пошутил, Зеленский тянет нас в ад

Рябков назвал «развернутой» реакцию Запада на заявления по ядерной доктрине РФ

Политический директор премьера Венгрии: наша страна сдалась бы в случае

Рябков: Россия фиксирует реакцию Запада на изменения своей ядерной политики




Осень или организм: врач объяснил, кто виноват в усиленном выпадении волос

Терапевт Кондрахин посоветовал идти к врачу при наличии болей в грудной клетке

Кузнецов попал в больницу после матча КХЛ с «Северсталью»

Педагогов обучат навыкам первой медицинской помощи



Подведены итоги конкурса «Мы верим твердо в героев спорта»

Подведены итоги конкурса «Мы верим твердо в героев спорта»

Подведены итоги конкурса «Мы верим твердо в героев спорта»

Олимпийские ценности: доступное жилье в Иваново сдадут по улучшенному стандарту


Александр Лукашенко анонсировал название для 2025 года и всей пятилетки, у студентов было другое предложение

«Россия за нас втягивается…» Лукашенко грозит НАТО ядерным оружием

Лукашенко дал ответ на вопрос, в каком случае Минск применит ядерное оружие

Лукашенко назвал условие, при котором Минск применит ядерное оружие


Сергей Собянин. Главное за день

«В ближайшие регионы»: Собянин анонсировал продление МЦД до четырёх областей

Собянин пообещал продлить скоростные диаметры Москвы в Ярославскую область

Сергей Собянин заявил о продлении наземного метро Москвы в Тульскую область


Первое армянское название в Москве

«Чистая Арктика» разработает стандарт сбора и вывоза отходов из удаленных мест

В царстве растений. Самая большая коллекция магнолий в России собрана в Гагаринском районе

Собянин посоветовал москвичам пересаживаться на электромобили


Ударит новая волна заморозков: синоптик Вильфанд огорошил свежим прогнозом

Следствие установит точный ущерб по делу о поставках сухпайков в Минобороны РФ

ТАСС: в ходе обысков в доме Тимура Иванова найдено огнестрельное оружие

"Фонтанка": в Пулково задержали похитителя ребенка, которого искали семь лет


ТСД SAOTRON RT41 GUN: практичный, производительный, надёжный

Написал сообщение родным и исчез: Депутат и бизнесмен внезапно пропали на вертолёте Robinson под Архангельском

Прокуратура проверяет информацию о пропаже вертолета в Архангельской области

В Гидрометцентре прогнозируют температуру на 6-10°С выше нормы в нескольких регионах России


Творческая композиция «Диво дивное руки творят».

В Симферополе появится новый бизнес-центр “Крымский”

В районе Симферополя появится необычный жилой квартал

Под Симферополем продолжается строительство нового крупного микрорайона


В Симферополе появится новый бизнес-центр “Крымский”

Многие финны искренне уважают Россию, заявил посол РФ

"Фонтанка": в Пулково задержали похитителя ребенка, которого искали семь лет

«Листва просто опадёт»: Сухое лето лишило москвичей красок золотой осени, заявил метеоролог














СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *