Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2019

Пачхьалкхан Думехула хьенан хьашташ чекхдоху Къилбаседа Кавказерчу депутаташа?

0
Пачхьалкхан Думехула хьенан хьашташ чекхдоху Къилбаседа Кавказерчу депутаташа?

Кадыровхочо а, дагестанхоша а маларш арахоьцучу фирманашна гIо до, хIираша – герз дечу компанешна

Шайгарчу даржех пайда а оьцуш, хьанна аьттонаш латтабо Пачхьалкхан думерчу депутаташа-кавказхоша, теллина "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" юкъараллин векалша. Цара бахарехь, Нохчийчуьрчу депутата Делимханов Адама а, Дагестанерчу массех цуьнан коллегано а тIома кIел эцна къаьркъа ден фирманаш, Ткъа ХIирийчуьрчу депутаташа чекхбоху герз арахоьцучу "Ростех" компанин лаамаш.

"Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" хьукматерчу талламчех цхьаъ ю Барнаулера Тельнова Светлана. Коррупци ца йоржуьйту гIирс бу лоббизм – амма низамаш лела ма-дезза лелачу меттигашкахь; лоббизм низамца тIечIагIъян еза, ткъа шаьш лоббисташ массарна а ган йиш йолчу йолчу реестре баьхна хила беза, мила хьанна аьтто беш ву хоуьйтуш, боху цо.

"Ткъа гIуллакхаш тIекхоьхьучийн хьашташ муха кхочушдан деза гойту кепаш юкъаяьхна ца хилча, лоббизм низаме яьккхина ца хилча, беккъа цхьана оцу гIуллакххойн аьттонаш тIебовлу политикехь, экономикехь, кхиболу церан конкуренташ охьа а таIош. Цундела харцоне йоьрзу къайлах лела лоббизм. Иштачу хьелашкахь кхоллало вайна тамаше хетачу низамийн проекташ – масала, тиша машенаш цалелаяйтар, дуккха а нах бехачу юкъарчу цIа чохь хьешан хIусам схьаелла магор. Я аьр вай, стенгара яьлла хууш а йоцу "Платон" система.

"Кавказ.Реалиино" теллира, стенца, хьаьнца доьзна низамаш проекташ кхийдайо Пачхьалкхан Думе Къилбаседа Кавказерчу депутаташа.

Цхьа а инкарло а йоцуш – деккъа дIа къаьркъа

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан маьхча Делимханов Адам, ша Пачхьалкхан Думин декъахь велахь а, 2014-чу шарахь дуьйна схьа вац депутатан болхахь билгалволуш. Цкъа, Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцешна дуьхьал санкцеш юкъайохуш, низаман проект кечъярца хаавалар доцург, кхин жигаралла гайтина вац иза Думехь, боху "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоьно".

Кхул хьалхарчу гонехь а Iийна Делимханов Думехь, оцу хенахь цо "хьалхатиттина" алкогол шайца кIезиг йолу маларш дар а, даржор а доьхкучу низаман проект. "Оцу бахьаница воккхийла ду Делимханов къаьркъа дечу совдегарийн лоббистийн могIара", - боху эксперташа.

"Алкогол кIезиг йолу маларш дехкийтар ду къаьркъа дечу совдегаршна луург. Базар деккъа цхьана къаьркъанна юьсу тIаккха. И тайпа низаман проекташ аш зийча, шуна гучудер ду церан авторш-депутаташ къаьркъа дечу совдегаршца гергарлонашкахь хилар", - билгалдоккху Тельнова Светланас. "Низаман проекташка тхо хьаьвсира, уьш хьанна пайде ю а толлуш, "дика-вон" бохуш, церан мехаш а ца хедош", - дуьйцу цо.

Къаьркъа дечу фирманийн хьашташ къаьсттина тергонехь кхобучу депутатех ву "Цхьааллин Оьрсийчоь" партера Аскендеров Заур. Амма цецвала хIума дац иза – Аскендеров ша Iийна "КиН" цIе йолчу Москварчу чIагIаран-коньякан фирмин коьртехь 2007-чу шарахь. Цу тIе, цуьнан да Iийна "Дагагровинпром" цIе йолчу чIагIардоккхучу хьукматийн концернехь инарла директоран гIовс, ткъа ваша Камил ву маларш дечу  "Алвиса" компанийн тобан долахо.

"Аскендеровс шайн доьзална пайдейолу проекташ чекхйоху Думехь – "Алвиса" компанийн кочарна ма-оьшшу ду арадевлла чагIар, коньяк дарх, дохкарх долу низамаш. ЧагIар ден сурсаташ билгалъяхарх а, кемсаш лелорах а, чIагIар дарх а, лицензеш 15 шарна яларх а, кхидолу а  низамаш юкъадевлла Аскендеров Думехь жигара хьовзар бахьана долуш", - яздо эксперташа.

Дагестанхойх цхьа Аскендеров хилла ца Iа къаьркъан бала кхочуш. Алкоголца доьзна низамаш арахоьцучу депутатех ву сенаторан Керимов Сулейманан уллера накъост, "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъашхо, цхьа зама хьалха "Дагвино" цхьаьнакхетараллехь болхбина волу Гаджиев Мохьмад.

Къаьркъа дарх а, дохкарх а долчу низаман проектан автор ву Гаджиев. 21 шо кхачанза болчу бахархошна дайн маларш, тоник дохкар доьхкучу низаман проект чуелира цо цкъа. 2014-чу шарахь иза гIиртира и тайпа маларш Оьрсийчохь доьхку низам арадаккха.

Гаджиевн №1038599-6 проектца охьабаьккхина чагIарш дечу юьртбахамаша шаьш маларш дарна, лелорна, дохкарна Iедална лучу йолан барам (лицензийн мах), дуьйцу "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" хьукматан эксперташа.

"Дагвино" корпорацин куьйгаллехь Iийна Гаджиев хьалха. ТIаьхьо оцу корпорацино хийцина шен цIе - ДГУП "Дагвино". Цуьнан декъахь ю, масала, ГIизларара коньяк ден хьукмат.

"Гаджиев маларш дечу бахамашкахьа уьйзучу депутатийн декъа тхан хIотто йиш ю иза хьалха маларийн индустрехь болхбина хиларна а, ткъа цо юкъайоху низаман проекташ маларш дечу совдегаршна пайде хиларна а", - боху документан авторша.

Кхин цхьа Гаджиев а ву Пачхьалкхан Думерчу дагестанхошлахь – "Цхьааллин Оьрсийчоьнан" векал Гаджиев Мурад. Иза Дербентерчу коньяк арахьоьцучу комбинатан директор лаьттина. Цуьнан ден Гаджиев Станиславан куьйга кIел яра, лаххара а 2015-гIа шо тIекхаччалц, оцу комбинатан директорийн кхеташо.  Депутатан зудчун Ашурин долахь ю оцу комбинатан 55,3% акцеш.

"Гаджиев Мурада арадаьхначу низамийн могIарахь ду маларш дар а, лелор а къастош долу низам. Дербентерчу шен доьзалан бизнесна аьтто бина цо иштта", - тоьшалла до эксперташа.

"Цхьааллин Оьрсийчоь" партерчу дагестанхочо-депутато Сафаралиев Гаджимета а до маларш лелочу совдегаршна гIо. Iедало магош а доцуш, шайггара чагIар арахьоьцучу хьукматашна ден таIзар къастош а, Оьрсийчохь чIагIардаран бахамашна некъ луш а долу низамаш арахоьцуш дакъалоцу цо а, боху талламчаша.

Доцца аьлча, хIора а депутато санна латтадо лобби-накъосталла шайн доьзалшна я шайна беза-бевзачарна. "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин векало, Дагестанерчу кхечу депутато, Маграмов Iабдулмажида молханийн сурсаташ кхиор, лелор, эцар даьккхина низаман хорша масала. Бух боцуш дац иза – 2011-2016-чу шерашкахь молханаш деш йолу  ООО "Амелия-центр" яра цуьнан долахь.

Мехкдаьтта а, "БотIлихера мохк Iалашбархой" а, кхиболу а депутатийн гIайгIанаш

Нохчийчоьнан векал-депутат, коммунист Агаев Ваха аьттонаш беш хьийза тахана мехкдаьтта лелочу хьукматашна. Цуьнан воI Бекхан а вара Думехь 2011-2016-чу шерашкахь. ХIинца Бекхана лелайо, шен дегара схьа а эцна, "Юг-Нефтепродукт" фирма (16,7 миллиард сом даьккхина оцу фирмано, масала, 2017-чу шарахь).

"Агаев Ваха Кадыров Рамзанан а, совдегархочун Гуцериев Микаилан а гонашкара ву. Нохчийчохь шолгIа тIом боьрззушехь, цигара мехкдаьтта шайн ма-хуьллу сиха долаэца арабевллачийн могIаршкахь вара Агаев. Цуьнан доьзалан долахь алссам активаш ю мехкдаьтта духкучу бизнесера. Ткъа Кадыровца а, Къилбаседа Кавказехь мехкдаьтта духкучу бизнесхошца а Агаевс лелочу гергарлоно бакъо ло "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" юкъараллин эксперташна цуьнан рицкъ мехкдаьттаца доьзна дуйла ган а, оцу декъехь иза лоббист ву ала а", - боху документо.

"БотIлих ларйинчу тIемалошна" тIеман ветеранийн статус йоккхуш хьийзина депутат ву дагестанхо Умаханов Умахан. Оьрсийчохь хIордайистошца лаьтта массех порт долахь йолчу вежарийн МагомедовгIеран "Сумма" концернан лаамаш Думехь чекхбоху Умахановс. Эрна а дац иза - цуьнан зуда Наида ю МагомедгIеран йиша.

Умахановнний, цуьнан зудчунний долахь ю ООО "Русские просторы" (гIишлош оьцу-юхку компани), ю цаьргахь алссам ЗАО "Жуковка*****"  компанин акцеш а.

Умахановн хIусамненан Магомедова Наидин долахь ю ООО УК "Ин-Инвест Груп" – ткъа оцу хьукматна юкъайогIу ООО "Агро-Инвест" а, ООО "Агротехнопарк 'АгроДагИталия" фирманаш. ТIаьххьарчо итт шарахь кхочушъян тIеэцна шена 14 миллиард сом мах болу Iедалан проект – юьртбахаман техникан парк.

"Умахановс Думехь дакъалецира гIишлойн проекташ экспертизехула чекхйоху процедура аттачу доккху низам кхуллуш. Оцу низамах пайдаоьцийла ду Умахановн стунвежарийн – дуккха а яккхий гIишлош ю цара ян тIеэцна", - боху эксперташа.

ХIирий "Ростех"чIагIъеш бу

Чемезов Сергейн "Ростех" корпорацин хьашташна аьтто барца билгалбовлу ХIирийчуьра депутаташ.

Охьатохархлатархо хилла волу Таймазов Артур "Аэроэкспресс" компанин директоран Криворучко Алексейн хьехамча лаьттина Пачхьалкхан Думе ша ваххалц. Ткъа "Аэроэкспресс" кхоьллинчу бизнесхойх волу Уралерчу маьIданийн компанин куьйгалхо Махмудов Искандер ву БуьрийтIехь Iалам бехдарца гIараяьллачу "Электроцинках" доладеш.

​ "Калашников" концернан инарла директор Iийра цхьа хан хьалха Криворучко. 2006-чу шарахь дуьйна Оьрсийчохь герзаш дечу "Ростехан" структурашкахь белхаш бина цо: "Рособоронэкспортехь" а, "АвтоВАЗ-ехь" а. Republic-о иза Чемезовн гергара стаг ву боху.  Тахана Криворучко Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовс ву, цунна техь ду тIеман гIирсах кхачояр.

Эксперташа бахарехь: "Долуш долчу герзах тера герз кхолларна стаг я фирма административан жоьпалле озор низаме доккхуш (пневматикан герзах долу низам) жигара хьавзира Таймазов. И низам пайде ду официалехь пневматикан герз кхуллучу компанешна – ткъа царалахь ю и тайпа герз деш йолу "Калашников" концерн".

Таймазовс жигара дакъалецира сенаторо Бокова Людмилас кечйина низаман проект чекхйоккхуш (зIенан хьукматаш ларъяр доларчу фирманашна тешор). "Ростехо" шен Iалашоне диллина 2025-гIа шо тIекхачале и тайпа фирманаш кхолла.

"Ростехна" оьшу низамаш арадохучу депутатех ву  "Цхьааллин Оьрсийчоь" партера депутат Макиев Зураб а. Вице-премьеран Шувалов Игоран секретариатехь куьйгалхочун гIовс лаьттина Макиев 2009-2012-чу шерашкахь. Оцу даржехь ша волуш "АвтоВАЗ " а, "Уралвагонзавод" а компанех жоп луш вара иза (ший а компани ю "Ростехан" куьйга кIел).

2015-чу шарахь Макиевс а, кхечу депутаташа а юкъадаьккхира "Ростехна", цо шен цIе хийцарца доьзна, бакъонаш къастош долу низам. "Индустрин технопарк" термин юридикан бухе ялош хьаьвзира иза 2016-чу шарахь. И низам оьшура "Ростехна", аьлча а, технопаркаш кхуллуш хьийзачу, цуьнан дакъа ларалучу "Камазна".

ХIирийчохь къаьсттина жигара хьийза "Ростех" – меттигера 7 индустрин хьукмат яьлла цуьнан дола.

Газ ларъярхо Газгиреев

Газ шайна пайде ерзийначу депутатийн тобанах ву боху  "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" юкъаралло "Цхьааллин Оьрсийчоьнан" ГIалгIайчуьра векал Газгириев ЮшаI. Ехха хан яьхьина цо "Газпроман" декъарчу "Бургаз" компанехь болх беш (хIинца цунах "Газпром бурение" олу, цуьнан 78,7% акцеш ю миллиардеран Ротенберг Аркадин кIентан Ротенберг Игоран долахь). 

Газан, мехкдаьттан биргIанашна тIе а тийсалуш, ягориг лечкъочарна дуьхьал бехктакхам боккху низамаш кхуллучу депутатийн тобанца ву Газгиреев. Иштта, цо дакъалоцу ягочух, барамаш а ца лоьруш, пайдаэца бакъойолу хьукматаш билгалйоху низам кхуллуш а, яздо эксперташа.







Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Родители 240,5 тыс. детей в Московской области получают единое пособие

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Более 12 тысяч жителей Москвы и Московской области получают повышенную пенсию за работу в сельском хозяйстве

АНДРЕЙ БЕЛОУСОВ И "СВЯТОЙ ЛЕНИН" ОТКЛЮЧАЮТ НАСТОЯЩИХ ПИРАТОВ?!

Вебкам-студия MONTANA в Санкт-Петербурге


СберСтрахование застраховала крупные предприятия на Урале почти на 2 трлн рублей

Армяне – герои СВО. Группой бойца чеченского спецназа «Ахмат» Давида Петросяна с позывным «Карабах» посажены около 1000 дронов-камикадзе. ВИДЕО

«585*ЗОЛОТОЙ» посчитала, сколько тратят на покупку солнцезащитных очков к лету в Ростове-на-Дону

Неделя восточной культуры "Караван Парад" на ВДНХ


‘I’ll have to talk to my agent’ says Harry Kane as England star offered transfer from Bayern during press conference

Rashan Gary Showed No Concern When Asked About Caleb Williams

Commentator’s curse strikes immediately as LIV golf hothead Tyrrell Hatton swears live on TV after losing it at the WIND

Mets survive late barrage to beat Yankees in Subway Series opener


Организованных тургруп из Новосибирска в Крыму нет

Как повысить эффективность бизнеса: 8 причин сотрудничать с крупным грузоперевозчиком

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: В Московском регионе более 62 тысяч семей распорядились материнским капиталом через банки

В Подмосковье сотрудники Росгвардии задержали гражданина, объявленного в федеральный розыск


'Maybe this new Stardew Valley-like game is pretty good' I said to myself after blearily noticing I'd played it until 2 in the morning

There is an early power up in Elden Ring: Shadow of the Erdtree that basically turns the game into Sekiro, but the description is so vague I didn't realize how good it was until 40 hours later

Model viewer forensics reveal that Elden Ring: Shadow of the Erdtree's Dancing Lion boss is actually two little guys piloting it around

Прохождение элитного подземелья «Лесной алтарь» в Tarisland


Робота водієм у Таксі 571 (Київ)


Как выбрать лучший строительный субподряд

Сергей Лёвкин: в Градостроительном комплексе открыли набор на целевое обучение

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Родители 240,5 тыс. детей в Московской области получают единое пособие

Певица Наталья Самойлова презентовала новый клип «Голос природы»


Вебкам-студия MONTANA в Санкт-Петербурге

Производство бумаги и бумажных изделий в Москве выросло в 4,6 раза

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Более 12 тысяч жителей Москвы и Московской области получают повышенную пенсию за работу в сельском хозяйстве

Руденко назвал недопустимыми заявления Южной Кореи о партнерстве РФ и КНДР


Три новые подстанции построили в Солнечногорске с начала года

АО «Дорэкс» продолжает работу по содержанию городских улиц

РЕПОРТАЖ: Яростный стройотряд

Воробьев поучаствовал в бизнес-форуме «Московская область — Андижанская область»


Джокович прилетел из Лондона на игру сборной Сербии с датчанами

Рейтинг WTA. Калинская дебютировала в топ-20

Уимблдон потребует от российских теннисистов подписать декларацию о нейтралитете

Россия — первая по теннисным отказникам! Почему сразу девять наших сказали «нет» Олимпиаде в Париже


Три новые подстанции построили в Солнечногорске с начала года

Минтранс Подмосковья призвал не нарушать правила парковки во дворах

Пряники кончились, остался только кнут: ЕС пригрозил Казахстану вводом санкций за поддержку Москвы

России от Запада уже ничего не нужно – Лавров рассказал о главном интересе РФ


Музыкальные новости

Фестиваль «Шаляпин. Портрет» откроется в Нижнем Новгороде 29 июня

Замок Пугачевой в деревне Грязь оценили в 11 млн рублей

В Уфе новую улицу назовут в честь Федора Шаляпина

Аванса хватило на четыре года // Реставратору объектов Московского Кремля дали срок по делу о мошенничестве


Певица Наталья Самойлова презентовала новый клип «Голос природы»

Как выбрать лучший строительный субподряд

Преимущества карты строек жилых и промышленных объектов в России

Сергей Лёвкин: в Градостроительном комплексе открыли набор на целевое обучение


Юные таланты под эгидой Фонда Спивакова дали концерт в «Михайловском»

Документальный фильм «Газпром-Медиа» покажут на НТВ и крупнейших российских платформах 
в День памяти и скорби 22 июня

Сергей Собянин. Главное за день

Новый рекорд России: медитация Relax FM объединила 1699 человек


В Бузулуке возбудили уголовное дело по ДТП с погибшим ребёнком

СОТРУДНИКИ РОСГВАРДИИ ОКАЗАЛИ ПОМОЩЬ САМОКАТЧИЦЕ, ПОСТРАДАВШЕЙ В ДОРОЖНО-ТРАНСПОРТНОМ ПРОИСШЕСТВИИ В МОСКВЕ

Сотрудники Росгвардии оказали помощь пострадавшей в ДТП девушке в Москве (видео)

В Москве пройдет 19-я выставка «Интеравто»


Россия получит доступ к военным базам и аэродромам Индии, что создаст угрозу США

Президент Конго Сассу-Нгессо прибыл в Москву на переговоры с Путиным

Путин встретится в Москве с лидером Республики Конго Сассу-Нгессо

Замглавы МИД России и посол Южной Кореи обсудили визит Путина в КНДР


Около 1,3 тыс. случаев коронавируса выявили в Москве за неделю

Около 1,3 тысячи случаев заражения COVID-19 выявили в столице за неделю



Стоматолог Татьяна Сумцова: когда стоит задуматься об установке брекетов

Главный врач клиники микрохирургии глаза АйМед Элина Санторо: как защитить зрение при просмотре ТВ

МВД: главврача московской клиники осудили за организацию незаконной миграции

Бизнес с зубами: Росздравнадзор одобрил томский материал для коронок


"Начинка — нацизм": Захарова вскрыла истинную суть Киева после слов приспешника Зеленского о Крыме

"Запад до последнего будет закрывать глаза на зверства режима Зеленского": Мария Захарова ответила Киеву после атаки на Севастополь

Захарова назвала заявление Киева о Крыме как военной цели «калькой с нацистской концепции»


«Объединяем Россию!». Как столица отметит День молодёжи

Детская зона «ЯРКО» – на Летней Спартакиаде «Газпром-Медиа Холдинга»

В Димитровграде проводят чемпионат России по парусному спорту в классе «микро»

Новичок ярославского «Локомотива» сыграет в гала-матче в Москве


«Все решено»: Лукашенко поблагодарил Лаврова за важное для Белоруссии решение

Китай может построить в Минске еще один знаковый объект

Президент Белоруссии заверил Лаврова в полной поддержке


Сергей Собянин: Внедряем принципы цифровой клиники

Собянин рассказал о масштабной программе празднования Дня молодежи в Москве

Собянин: Началось строительство здания картинной галереи Василия Нестеренко

Мэр: 29 и 30 июня в Москве пройдет масштабное празднование Дня молодежи


Математики СФТУ разработали методику борьбы с ураганами

Экологи «Россети Центр» и «Россети Центр и Приволжье» показали высокий профессионализм на Всероссийском конкурсе

У инвесторов появилась возможность купить ЦФА на "Атомайзе" прямо в мобильном приложении Росбанка

Эксперт Ганьшин: вместе с температурой в Москве растет и количество осадков


АО «Дорэкс» продолжает работу по содержанию городских улиц

День села Болычево отпразднуют в Волоколамском округе

Стартовал первый этап благоустройства возле станции МЦД-4 «Серп и Молот»

России от Запада уже ничего не нужно – Лавров рассказал о главном интересе РФ


В Димитровграде проводят чемпионат России по парусному спорту в классе «микро»

Портативный ТСД корпоративного класса Saotron RT-T70

Семейный пикник «Родные - любимые» пройдет в Поморье в третий раз

Архангелогородцев приглашают на субботник в рамках Всероссийской акции «Вода России»


Агент СБУ засел в МВД Крыма: Источник сообщил о поимке майора-шпиона

Удивительно, но факт: в Симферополе снять квартиру дороже, чем в Севастополе

В Симферополе пройдут антитеррористические учения

Семья из Симферополя отправилась в колонию за мошенничество


России от Запада уже ничего не нужно – Лавров рассказал о главном интересе РФ

Стартовал первый этап благоустройства возле станции МЦД-4 «Серп и Молот»

АО «Дорэкс» продолжает работу по содержанию городских улиц

Путин посетил Троице-Сергиеву лавру и поклонился «Троице» Рублева














СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *