Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2019

Новости за 30.09.2019

20 шо кхаьчна Нохчийчохь 2-гIа тIом болабелла

Radiomarsho.com 

20 шо хьалха Гезгмашин-беттан 30-чу дийнахь Оьрсийчоьнан танкаш, доза а хадийна, чуяхара Нохчийн Республикана. Иза лоруш ду, Кремло Къилбаседа Кавказера "Контртерроран операци" аьлла цIе тиллина, Нохчийчуьра ШолгIа тIом болабелла де. Жигара тIемаш хилира республикан территорина тIехь 1999-чу а, 2000-чу а шерашкахь. Амма "Контртерроран операцин" раж дIаяьккхира 2009-чу шарахь Оханан-баттахь. Нохчийчохь ШолгIачу тIамехь байинчу нехан терахь хIинца а билггал хууш дац. Оьрсийчоьнан тIеман министраллан официалан статистикица а догIуш... Читать дальше...

Канцлер хиллачун консервативан партино харжамашкахь толам баккхар даздо Австрехь

Radiomarsho.com 

Дахначу кIирандийнахь парламентан харжамашкахь Австрин Халкъан партина кхаьчна уггар алсам кхаьжнаш. Амма уьш тоаме дац шеггара Iедалхой вовшахтоха. Коалици кхуллуш процесс ю хIинца дIайолош. Хетарехь, юха а канцлер хIуттур ву Курц Себастьян. Хьалхо шегара дарж охьадилла декхар вира иза, вице-канцлер Штрах Хайнц-Христиан юкъахь волуш скандал иккхинчул тIаьхьа.

"Агора": Iедал цаларарца доьзна дукхаха долу гIуллакхаш доьзна ду Путинна критика ярца

Radiomarsho.com 

Iедал цаларарна бахархой жоьпе озорах лаьцна низам тIеэцаначул тIаьхьа 6 баттахь 45 административан гIуллакх теллина Оьрсийчохь. Цунах лаьцна дуьйцуш ду "Агора" дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн тобанан докладехь.   Царах 78 процент гIуданаш тоьхна Путин Владимир сийсазвеш къамелаш дарна. Дисина гуданаш доьзна ду бахархоша губернаторийн а, ницкъаллин структурийн белхахойн а сий дойуш къамелаш дарца. Низам болх бан доладелчхьана 28 гIуда тоьхна Оьрсийчохь 845 эзар соьмана.

75 миллион сом барамехь гIуданаш тоьхна Нохчийчохь машенлелорхошна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан некъан полицино (ГИБДД) 75 миллион сом барамехь гIуданаш тоьхна низамаш дохийначу машенлелорхошна кхушеран 8 баттахь. Стохка и терахь дара 68 миллион сом.   "Нохчийчоь тахана" агенталло бинчу хаамца, коьртачу декъана гIуданаш тоьхна машенаш чехка хехкарна а, адамаш дIасадигаран низам дохорна а, кхерамазаллин доьхка дIа ца тасарна а, иштта дIа кхин а.

Мулкъойн мохк денлур бу

Radiomarsho.com 

Нохчийн къам махках даьккхичхьана баьсса лаьттара Мулкъойн мохк. Цхьана хенахь адамаша юьзна лаьттинчу цу меттигехь акхарой бен яцара хаалуш. Ткъа тахана…Тахана хIора пIераскан дийнахь рузбане гулло цигарчу маьждигехь нах. ТIейогIучу заманчохь шайн дайн латта дендан, цу тIехь гIишлош йогIа Iалашо ю дуккхаъчийн бахархойн.

Берлинехь Хангошвили верна бехке хуьлийла ду оьрсийн ФСБ

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь лаьттинчу тIемашкахь дакъалаьцна хилла, Берлинехь вийна Хангошвили Зеламха вейтина хила тарло Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша чIагIдо, шаьш юкъахь дIабаьхьначу талламашкахь The Insider, Bellingcat, Der Spiegel хаамийн гIирсаша а, "Досье" центро а. Iамеркан The New York Times хьостано хьалхо Iораяьккхина верси бакъ ца йо журналисташа. Байначу беттан 23-чохь Берлинехь Хангошвили Зеламха вийна киллер - оьрсийн хилла полисхо Степанов Владимир ву аьлла, кху деношкахь газетано материал арахецнера. Читать дальше...

Латкъам бина Карелерчу набахтехь латточу Нохчийчуьрчу тутмакхо

Radiomarsho.com 

Карелерчу колонехь хан токхучу Нохчийчоьнан вахархочо Дадаев Беслана латкъам бина, шега ламаз ца дойту аьлла, яздо "Кавказский узело". Дадаевн йишас Зинас чIагIдарехь, колонин администрацица кхечу тутмакхаш лелориг дуьйцуш юкъаметтигаш лело реза ца хуьлу бохуш, етташ а, карцерехь латтош а хьийзош ву иза.   Дадаева Зийнас бинчу хаамца, 2002-чу шарахь лаьцначу цуьнан вешина, стаг верна бехке а вина, хан туьйхийра 2003-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь. Тутмакх колонехь латтийна цкъа дуьххьара Ставрополан махкахь, цул тIаьхьа Владимиран кIоштахь. Читать дальше...

Керта тIехь Путинах йоза дитина вахархо лаьцна Петарбухехь

Radiomarsho.com 

Вандализм лелорна меттигера вахархо лаьцна Петарбухерчу полицино. Низамаш лардон органийн версица, 42 шо долчу Соколов Игора Михайловн ЦIийнан керта тIе сий дойу йоза дитина хилла, президентан Путин Владимиран а, Федералан кхерамазаллин сервисан а цIе а хьахош. Цунах лаьцна хаам бо "Фонтанка" зорбан гIирсо.   Йоза гучудаьллера керта тIехь кIирандийнахь. Соколов лецира сарахь, иза веха меттиг билгалъяьккхира тергонан камераша дIаязйина видео а теллина. Бехкевийриг реза ца хилла ша динарг кхето. Читать дальше...

2019-гIа шо доладелчхьана 70 пачхьалкхера туристаш хилла Нохчийчохь -- Кадыров

Radiomarsho.com 

Кхушеран хьалхарчу 6 баттахь Нохчийчохь хилла 70 сов пачхьалкхера туристаш. Цунах лаьцна дийцина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Дерригдуьненан туризман денна хьажийначу шен хаамехь.   Кадыровс чIагIдарехь, цо юьйцучу хенахь верриг а республикехь хилла 100  000 сов турист. Статистико гайтарехь, Нохчийчу баьхкинчу кхечу мехкашкарчу нехан терахь алсамдаьлла 60%, боху Кадыровс. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, республике богIучу нехан тидам тIеозораш ю "Къоьзан-Iам" спортан-туризаман комплекс а... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *