Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2020

Путинна а, Песковна а тIехь "кхел йина" Ямадаев лаьцна

0
Терроризме кхайкхамаш бина аьлла, меттигера оппозиционер Ямадаев Карим лаьцна Набережные Челны гIалахь, хаамбо "Интерфакс" агенталло. Иза лаца бахьана хIоьттина, Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна а, цуьнан пресс-секретарна Песков Дмитрийна а, "Роснефть" компанин куьйгалхочунна Сечин Игорна а тIехь кхел еш, кечйина видео ютьюбехь яржийча.


Хьалхо полицехь болх бинчу жигархочо кхелахочун рол ловзош, дIадоьшу адамашна дуьхьал лелийна зуламаш бахьана долуш дина вердикт. Песков а, Сечин а вен кхайкхаво, ткъа Путинан хьокъехь сацам Iора ца боккху.


Веб-серилан хьалхара сери ю хIара, авторийн Iалашо яц ницкъбарна пропаганда ян аьлла, дIахьедо видеон юьххьехь. 2022-чу шарахь дIабоьлху хIара хиламаш боху видеох лаьцна яздечохь.


Текстаца пайдаэцна комиксех а, Сталлоне Сильвестра рол ловзочу "Судья Дредд" филмех а. Цу чохь кхелахоша кхийкха а деш, кхочушдо стаг вуьйш вердикташ. Ямадаевн видео тIехула бехкзуламан гIуллакх долийра хьалхо, Iедалан векал сийсазвина аьлла.


Гурахь а лецира оппозиционер Ямадаев Набережные Челны гIаларчу Талламан комитета хьалха президентна Путинна чурт хIотторна.

 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *