Оьрсийчоь «лахара дараш долуш» йолуш ю коронавирусах эпидемех хьалха, аьлла Путина
![Оьрсийчоь «лахара дараш долуш» йолуш ю коронавирусах эпидемех хьалха, аьлла Путина](https://gdb.rferl.org/0D32ECB7-3876-4A8B-B488-84E817AD1C98_w800_h450.jpg)
Президента Путин Владимира дIахьедина, Оьрсийчоь, "шеко йоццуш", "уггаре лахарчу дарашца" хьалхайолуш ю коронавирусан эпидемех, аьлла. Иштта ду цо федералан "Россия" телеканална интервью луш аьлларг. Ткъа Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь "тобанийн, партийн интересаш лакхаевлла халкъан хьаштел а", цундела цигахь кхидIа а яьржаш ю цамгар, аьлла хета Путинна.
"Оьрсийчоь. Кремл. Путин" цIе йолчу программехь дина цо и къамел. Хиллачу интервьюн дакъа довзийтина цуьнан автора, тележурналиста Зарубин Павела. ТIаьххьарчу беттанашкахь нахаца юкъарло геннара дIаделош хиллехь а, интервью Путина "Россия" телеканалан корреспондентанна елла ша юьхьдуьхал а волуш.
Президента дийцарехь, "цхьа тоба а хилла ", цхьаьна болх бо Оьрсийчоьнан министраша а, мехкийн куьйгалхоша а, ткъа Американ Штаташкахь кхин хьал ду: "Президента олу: хIара а, хIара а дан дезара, ткъа регионашкарчу губернаторша олу: гIахьара хьо-м хьайна луъуче ".
Охан-бутт боьрззуш дара Путин Владимира, пачхьалкхехь карантин кхайкхор шена тIера а доккхуш, халкъе "шаьш-шайн изоляцехь кхаба", аьлла, Оьрсийчохь "балхах мукъа денош " кхайкхийча. Ткъа ишта хьал латтор а диллира президента регионийн куьйгалхойн жоьпалле.
Массех регионехь, масала, Москвахь, юкъаяьккхира "шогачу изоляцин режим ", гIуданаш диттира иза йохийначарна. Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь Путин Владимира дIакхайкхийра балхах нах мукъабуьту мур чекхбаьлла хилар. Амма юха а билгалдаьккхира, регионашкарчу куьйгалхоша шайн хьажамехь дийр ду меттигашкахь оьшу дехкарш, аьлла.
Оцу юкъанна масийтта кIира ду Оьрсийчохь хIора дийнахь цомгуш хуьлучу ковид-дархойн терахь 9 эзарне кхочуш официало гойту.