Дагестанерчу ЦIияб-ИчIичIали юьртан бахархоша гIо доьху Кадыровга
Хасу-Юьртан кIоштарчу ЦIияб-ИчIичIали юртарчу Кунта-Хьаьжин мурдаша Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане видео-дехар дахьийтина, шайний, Дагестанан муфтиятаний юкъабоьлла цакхетам листар доьхуш, яздо "Кавказский узел" портало.
ЦIияб-ИчIичIали юртан бахархоша дийцарехь, Дагестанан муфтиято шеггара, шайца дага а ца йолуш, оцу юьртан маждиге кхечу юьртара имам а, цуьнан гIовс а хьажийна.
"Тхоьга тхайн юьртахо имам ца хIоттавойту, ткъа юьстахара имам ца веза тхуна", - боху мурдаша.
ЦIияб-ИчIичIалин юьртдас Шагидов Вашалава хаам бина "Кавказский узел" портале, конфликт ю аллал дов дац иккхинарг, имамах дерг цкъачунна къаьстина даланза ду, аьлла.
ЦIияб-ИчIичIали юртахь ши тIарикъат лела: Накъашбандийнний, Къедарийнний (Кишин Кунта-Хьажин вирд).
ЦIияб-ИчIичIали ю ХIинжа-ГIалина 100 километр юьстах.