Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2020

Кхаа баттахь болх а бина, дарж охьадиллина ГIалгIайчоьнан финансийн министро

0
ГIалгIайчохь финансийн министран декхарш кхочушдечу Плиева Лианас шен лаамехь дарж охьадуьллуш кехат яздина, хаам бина пIераскан дийнахь "Интерфакс-Юг" агенталло, шайн хьостан информацица.


"Финансийн урхаллан куьйгаллера дIаяла лаам хилла Плиеван. Кехат чуделла цо мехкан урхалле. Суна хетарехь, куьйгалхочо куьг таIийна цуьнан дехарна тIе", - дийцина агентелле.


Кху шеран Охан-беттан юьххьехь хIоттийнера Плиева Лиана ханна министран декхарш кхочушдан.



Хьалхо финансийн министр лаьттинчу Цечоев Русланна набахтехь даккха пхи шо хан кхайкхийра, федералан бюджетера 2 миллиард сом ахча дайъина аьлла.




 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *