Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17
18
19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Нохчийчохь хиллачу кхийсаршна тIехула бехктакхаман гIуллакх дуьхьалдаьккхина

0
Ши стаг а вуьйш, кхаанна чевнаш еш Нохчийчохь кхийсарш ярх бехтакхаман гIуллакх дуьхьалдаьккхина. Махкарчу талламан урхалло бина цунах лаьцна хаам.


"Талламчийн информацица, карарчу беттан 27-чохь буьйсанна кхо сахьт долучу заманчохь ТIехьа-Мартанарчу дарбан цIийне меттигера пхи вахархо валийра герзашца йинчу чевнашца. Шиъ велира царех", - аьлла, яздо урхаллан пресс-гIуллакххоша шинарин сарахь Iорабаьккхинчу хаамехь.


Талламчаша дийцарехь, ТIехьа-Мартанарчу бахархошна юкъахь даьлла дов летаршка дирзинера герзаш а детташ. Еллачу информацехь дуьйцуш дац, инцидентана ницкъахой бехкехиларх.


Оьрсийчоьнан хаамийн агенталлаша хьалхо зорбанашкахь яздора, полицин дакъошкарчу шайн хьосташна тIетевжина, ОМОН-н а, СОБР-н а тIемалошна юкъахь хиллера и конфликт бохуш.


Кавказ.Реалиин хьосташа хаамбарехь, юьхьанца дов дара, тIаьхьо  уьрсаш а, герзаш а детта буьйлабеллера. Росгвардин эскархочунна Килаевна а, Мурзабековна а, Марзабеков Шемална а чевнаш йинера. Беллачарлахь ву Росгвардин эскархо Мадаев Рустам а, школан хехо  Бердукаев Iела а.

 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *