Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17
18
19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса велла ковидах 20 дархо. Ун даьлла 878 стагна

0
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 20 дархо, цомгаш хилла кхин а 878 стаг. Эпидемица къийсам латто кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах ялх пациент, Дагестанехь пхиъ, Ставрополан кIоштахь виъ, ГIалмкхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а шишша, Нохчийчохь цхьаъ велла.


Эпидеми яьржичхьана велла Къилбаседа Кавказехь ковидах 20 114 вахархо.


Къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу 24 сахьтехь вирус кхетта нах Ставрополан кIоштахь - 190 стаг:


Ставрополан махкахь+190 (20 698 ву эпидеми яьржичхьана)

Краснодаран кIоштахь + 133 (16 987)

ГIалмакхойчохь + 96 (8 805)

ГIебарта-Балкхаройчохь+ 89 (9 831)

Дагестанехь + 83 (15 788)

Кхарачой-Чергазийчохь+ 90 (9 349)

Адыгейхь + 70 (5 561)

ГIалгIайчохь + 59 (7 164)

Къилбаседа ХIирийчохь+ 58 (7 032)

Нохчийчохь + 10 (2 506)


Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнца ву 103 821 стаг. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь бу уьш 1 563 976.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *