Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь уьнах 32 дархо велла. Вирус кхетта кхин а 769 стагана
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 32 дархо, ун къаьстина кхин а 769 стагаца.
Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина I7 дархо, Ставрополан кIоштахь ялх, Дагестанехь виъ, Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а цхьацца велла.
Пандеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь велла уьнах 7 388 пациент.
Къаьсттина дукха бу цомгаш нах, тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Ставрополан кIоштахь – 208 стаг.
Ставрополан мохк + 208 (45 151 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт + 173 (35 844)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 80 (19 785)
Дагестан + 72 (28 882)
ГIалмакхойчоь + 59 (18 242)
Кхарачой-Чергазийчоь + 55 (18 302)
Къилбаседа-ХIирийчоь + 47 (15 101)
ГIалгIайчоь + 30 (14 366)
АдыгеI + 30 (13 475)
Нохчийчоь+ 15 (11 100)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ун токхуш ву 220 248 стаг. Оперативан штабан зерашца, йоллу Оьрсийчохь ву вирусца 4 042 837 вахархо.