Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2021

"Соьга майрачунна тIе юхагIо, боху, цуьнан лай хила, боху". Шен бераш церан деца муха къуьйсу нохчийн зудчо

0

Нохчийчохь, ГIалгIайчохь (юкъ-кара Дагестанехь а) деца дуьсуш ду бераш да-нана дIасакъаьстича. "ГIиллакхашна" тIе а тевжаш, кхелаш а йоьлла тIаьххьарчу хенахь шайн сацамашца дайшкахьа ийза.

Пацаева Хеда йина, кхиина Нохийчохь. Иза школе а яханза яра махкахь Хьалхара тIом иккхича, дийзира церан доьзалан бомбанех, хIоьънех ида. Гергарчьарца цхьаьна ГIалгIайчохь хан яьккхира цара. Иза кхиазхо яра да велча. ТIамо човхийначу, цунах бевдда нах, тIемалой бехачу юьртахь дукха а бацара цунна тIехIитта гергарнаш. 19 шо дара цуьнан, иза кхерамаш а тийсина, шел шозза воккха волчу меттигерчу вахархочуьнга Мейриев Макшарипе маре елча.

"Хьо ца ягIахь – ницкъаша юьгур ю, ядор ю!" – бохура цуьнга. "Сан воI цхьаъ бен вац!" – сагатдора Хедин нанас, ваша йишина ша орцахволуьйтур воцийла хоуьйтуш, – иза вен тарло, я лазор ву, латахь. "Реза ца хилахь – юхайогIур хьо", – хьоьхура Хедас гIодехначу дейишас.

ВорхI шо даьккхира Пацаевас марехь, цIийндегара а, цуьнан доьзалера а гIело а довш, амма кхераелира хан ялахь цара ша ерна. Дин кIаргдан йолаелира иза, никIаб тиллира, Делера карадора гIо. ХIеттахь, 2015 шарахь, маре дитираХедас, цхьа хан ялча кхеле дийхира деца дисина бераш кхабар шена кхачор.

Доьзал бухуш цхьана кIентан диъ шо дара, шолгIачун – шиъ. Адвоката цунна хьийхира юхьанца бераш ган бакъо кхеле ехар, уьш схьадахар цул тIахьа а тоттуш. Кхело шалхе йитира ша бинчу сацамехь: нанна бераш гайта, "дена хетарг дуьхе а оьцуш". Мейриевс ца гойту цунна бераш, амма иза яц къаръяла лерина. Таксин фирмехь болх беш ю иза, цхьаъ ша еха, мухха а карабой а, боккху шен ши кIант ган некъ.

Наналлин бакъо ша муха къуьйсу дена бен аьтто беш йоцчу регионехь Пацаева Хедас дуьйцу Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь.

– Хьо марехь хиллачу стагца а, цуьнан гергарчаьрца а муха ю хьан юкъметтигаш?

– ДIадахначу кIиранах кхело сайна бераш ган делла бакъонан кехат эцна пурстоьпашна тIеяхнера со, яхханчуьра ши кIант ган гIоьртира – Соьлжа олучу гIалахь бу уьш. Маьрйиша лаьттинчуьнца хилира сан къамел, цул тIаьхь со марехь Iийначун зуда а, да а арабевлира. Цара дов латтадо соьца, маьрйишас ша интернете хIиттор ду сан хьиджаб ас тиллале даьхна суьрташ, элира. Соьга нахе ма дийца боху айса марехь йолуш лайнарг, сайна еттар, хьийзор. Со вон адам ду, бераш сох тешадойла дац, бохура цо.

Массарна а хьалха яьцна, яла езаш хилла со оцу марехь. Царна ца деза ас инстаграм-агIонехь сайгарчу хьолах, дIадаьхначу берех лаьцна дуьйцуш. Ши кIант суна дуьхьалваьккхина, шайна ца лаьа, олу, со ган. Дас, дедас, мера-зудчо шайна магоре сатуьйсу.

– Юкъ-кара мукъане а гойла хуьлий бераш?

– Эрна дIа дукха ихина, берашка со эккхо буьйр до, ах шо хьалха гина тIаьххьара. Вевзаш волчу цхьана стагехула аьтто белира уьш садаIа аарадахийта. Са машена а ца ховшийтира уьш Мейриевс, соьца ашен чохь нехан бераш дара, ткъа сайнаш – кхечу машенахь. СадоIучу метте дIакхаьчча, со деа бераца ловзуш Iийра, сан майра хилларг шен накъостца юьстах Iийра. Оцу хенахь цхьа вацара юкъалелаш, бераш ловзура соьца, со дIа ца теттара.

– Хьан хиллачу майрачо а, цуьнан гергарчара а хIун боху бераш хьоьца цадитарх лаьцна, бусалба дино магош ма дац бераш ненах даха?

– Ас со кертахь яхийта, цIенна хьалхарчу лаппагIи чохь сайн берашца, аьллера. Амма со эккхийна ла ца догIарна, сайна ечу гIелонна дуьхьалъяларна. ХIинца иза дуьхьалдетта, маьрйишас: "Хьуна дукха деза, иштта хуьлуш дац", боху. Со цIа чохь ца Iаш, кертарчу вагон чохь Iан реза яра – иза а мегаш доцчух тера дуцарна гергахь. Со майрачунна тIе юхайогIийла лаьа царна хIинца а, лай ян гIерта. Оцу хьолехь бен гойтур дац бераш, боху. Амма суна тоьъна ворхI шо оцу дахарх. Яцайора, суна вала да вацаре терра, гIелонехь кхобура.

Вежарийн МейриевгIеран кхин нсарий а лаьттина сан хьолехь. Воккхаволчу вешин бераш мотт соцучу кхачийнера, дуьйцу цара. Цкъа мардас, мала а мелла, цхьа кIант, аьчка серий а хьерчийна, ирхъуллу ша, бохуш, хьйизийна. Несо ган а гина, схьаваьккхина кIант. Хилларг луьстуш доьзало мелла волу да а ца веш, нус йина бехке. Вукхо ша кIантанна тIехь "бегаш беш вара" аьлла.

Исс бутт болуш когавахна сан жимах волу кIант. Мардас цкъа беша а вигина, дIовш тесна, цIанданза долу цIазамаш даийра цунна. Ас иза кхераме ду, элира мардега, иза суна яппарш а йиттина, юха а даош вара боьха цIазамаш бераннна. Ас кIант чувигира, ткъа иза гинчу сан майрачо суна йиттира, мардас бер дийна гахь а, IадIе, юкъа ма гIерта, бохура.

– Полице гIо деха яханий хьо цкъа а?

– Дуьххьара ас тхаьш дIасакъаьстича, майра хиллачо ша, ас болх бечу автошкол а веъна, еттар ю аьлча дехна ас полицига гIо. Бераш гойтуш дацара суна хIетахь, ненах яьккхинчу Ажигова Iайшина йиттина, цуьнан куьг даьккхинчу муьрехь дара иза. Изза сайн берашна а дарна кхерара со. Вуно чIогIа кхерамаш тийсира суна хIетахь. Суна хаьара цо еттар юйла, хьалха со фитнес-клубехь яра балхахь, цо веъна, йиттича.

– Иза муха нисделира?

– Масех шо хьалха дара иза. Мейриевс шеца никIах яйтира соьга, ша бераш гойтуш хир ву, аьлла. Со реза хилира, амма бераш ца гойтура – еттара, со дIаяхара. Суна тIаьхьавалла лелачуьра ца соцура иза, клубан корах чуваьллера. Ас мохь эккхийтира: "Стенна гIерта хьо кху чу, зударий меттиг ю хIара, божаршна мегаш дац чуван!", аьлла. Амма цо суна, бедарш тIера а лаьцна, буйнаш биттира, гай тIе, коьртах мийра биттира. Со IадIара, сурт гуш вара фитнес-клубан да, цо еттарш хьийзарг юхаозоре сатуьйсура ас. ГIо дацара, етташ яра суна. Суна ур гира хIума юуучу текха тIехь, иза схьа а эцна, даваккха сайна еттарг, ас вуьйр ву иза, мохь хьаькхира ас сайн хьаькаме. Важа Iаш вара ша воллучохь, со оцу юкъанна кхиираМейриевна белшах урх тоха.

– ТIаккха?

– Иза шиъ спорзал чохь къайлавелира, со царна тIаьхьахьадира. Уьш неI лаьцна Iара чу чохь. Со юха а яьлла, хьал тергалдеш Iара, гира ший а, соьга а хоьжур, араваьлла, меллаша дIавоьдуш. Со гIеххьа гIовгIа ян йолаелира, и шиъ ведда дIавахара. Мейриевс мохь хьоькхура: "Вай сан беш, суна вон ду", бохуш. ТIаккха сан вешига телефон туьйхира, иза веара. Из суна духьалваккха гIертара уьш, ца дуьйцура, мила волавелла суна етта. Ас вешина дIагайтира ларш, элира: "ХIинца хьо соьгахьа валахь, ахь со ларъяхь, ас никIаб дIайоккхур ю". Ваша кхерара сан духар бахьанехь Нохчийчуьрчу полицино цхьа вониг дарна. Амма сан вашас элира: "Бекхам ахь айхьа бина цунна".

Мейриевна чевнах кхо маха баьккхира. Лоьраш кхеттера иза уьрсо чов йина вуйла. Полици еара, дареш дехира соьгара, мма майра хиллачо ша хадийна шен белш, элира. Клуберчу сан хьакамо бохура соьга: "Хуьлуш ду-кх майрачо зудчунна етташ, дац хилла хIумма а".

– Ахь полицига гIодийхира… кхидIа?

– ХIаъ, юха а болх боцуш йиса ца лаьара суна. Ас сайна кхерамаш тийсар дIадаицича, Магасерчу полисхочо Соьлжара шен коллега кхайкхира ша волчу, ас дерриг а ма-дарра дIадийцира. Тоьшаллаш дара сан, ас сайна туьйсу кхерамаш диктофон тIе дIаязбинера. Соьлжарчу полисхочо Мейриевца къамел дира, кхерамаш тийсар сецира. Ас сайна бераш гайтийтар а дехнера Соьлжерчу полисхочуьнга, амма цо, ша къамелаш дина Мейриевца, иза лартIахь вац, аьлла, дитира. Цуьнан хьехам юьхьар а эцна, ас чуделла арз юхаийцира. Суна сан майра хиллачо, эхь ду зудчо полице арздар, гIодехар, бохура. Бакъ ду, дац тхан зударий полицига леткъаш Iедал.

– Хьо салафийа ю. Оцу боламан цхьаболчу декъашхоша "тIагIутан кхеле" гIодеха мегаш дац, олу…

– Хезна суна а иза, делахь нийса кхетам бац цуьнца. Кхин некъ бацахь, мегаш ду оцу кхеле гIодеха. Iеламча Ибн База лоруш ю со. Цо а, и санначара а боху, кхел ян ШарI лелаш доцчохь хьан бакъо а, декхар а ду тIагуте гIодеха. Инстаграмехь а олу соьга, ахь низам дохийна, хьо "динах хаьдда".

– Динан вежаршка хьайна гIодар дехний ахь?

– [ГIалгIайн] имаме Чумаков Хьамзате ас сайн белхан накъосте Самире дехийтинера годар. Самира сан берийн дега телефон туьйхира, важа мохь хьекх волавелла, со маьждиге лелаш ю, аьлла. Полисхо а санна, Самир а веара и стаг лартахь вац олцчу жамIе. Кхин цкъа а гIоьртира Самир Мейриев кхето, амма эрна дара. ГIалгIайчохь лоруш волчу имамна Цечоев Iисана тIе а яхара со. Цо "Iедал дац шен карахь гIодан", элира.

Слепцовскерчу суфийн имаме а дийхира ас. Иза сан майра хиллачун гергара хилла, иза волчу а воьдуш. Цо баьхна цуьнга, бераш ненаца хла деза, Мейриевс ша дIалур ду а олуш, ца делла бераш соьга схьа. ХIоразза а олура соьга цо, официалехь берех мукъаяла. Берийн цхьа ахчанаш эца воллуш хиллачух тера ду. Бераш ца гойту суна хIуьттаренна. Ас имаме дIадийцира, цо ши куьг дIасадахийтира:"Сан лата-х йиш яций хьан майра лаьттинчух!".

Магасерчу ШарIан кхеле а яхара со. Цигара цхьанна тIе хьажийра. ГIалгIайн муфтий Iедалца эгIале дара иза. Цо цхьанхьа петарахь нах тIеоьцу аьллера соьга, амма суна изаца карийра. Нохчийн муфтиятехь аяхара со, цигара хьажийра ГIалгIайчу юха, Хамхоев Iиса волчу. Массанхьахула чекхъяьлла со. Массара а олура, хьо бакъ ю, амма майра хилларг вацара цхьаьнгга а ладугIуш. Чумаков Хьакмзат шена аьттехьа а вац авторитет, бохура.

– Зударийн бакъонашкахьа даIваташ до цо кест-кеста. Цундела йой-те цунна критика?

– ХIаъ, суна дагалогIу сан майра хиллачу кертахь цунна лийна, иза доьзалшкарчу несаршкахьа ву, бохуш. Нус декхаре яц дерриг а цIа шен белшаш тIехь дIакхехьа, майра а хила веза гIодеш, олу Чумаковс. Со маьждиге лела, цуьнга ладегIа йоьлча, Мейриев а  волавелира цига лела, со тергалъярхьама Iара Чумаковга ладоьгIуш.

Со полице яххалц ца сецира Мейриев суна еттачуьра. НикIаб дIаяккха, бохура, дин бахьанехь со хIераяьлла, бохура, ша суна чуьра джин эккхадойтур ду, бохура. Шен бага хьажжий хила, шена дош ма кегде, олура, амма динехь дан ма дац иштта аьлла, ас шега дийцича, хададора: "ХIан-хIа, ас аьлларг дийр ахь", олий. Ша иза дин девза а вац.

– Муха "эккхийра" хьуна чуьра джин?

– 2018 шарахь Аьхкинчу Барзе, "хIума хуучарна" тIейигира со, Нохчийчу. Со тешаш яцара оцу нахах. Чуяхара, зудрий бара маьхьарий хьоькхуш хезаш, кхийсалуш, цхьаъ-м моллех лата а гIертара, молла КIуръан доьшуш Iара. Соьга а дешало иза. Со джин эккош долу аяташ деша хIоьттира. Ца оьшу иштачу меттигашка лела аьлла хета суна. Цига цомгуш болу нах гулбо, джин игахь лаца а сахьт дац ахь. Пайхамара, цуьнан асхьабаша ллийнарг дац иза, ца хилла цара хьерабевлла нх цхьана гулбеш.

Со юхаелира сайна "дарба дойтучуьра". Цул тIаьхьа со психиатрна тIейигира Мейриевс, цо со могуш ю элира, соьца къамел а дина. Майра реза вацара цо аьллачунна, аптеке а вахана, цхьа корта тентакбоккху молханаш деара. Ницкъаша мийлор ду суна уьш, бохура. Со кхийтира, суо хIаллакъяллалц иза соцур воцийла.

Девнаш лаьттара, сан легаш Iуьйдура цо, амма ас со кхераелла ца гойтура, йоьлура, тIаккха сан батт куьйгаца дIакъийла вуьйлира иза. Берийн дуьхьа со цуьнга шозлагIа а дIаяхча дара иза. Сайна бераш схьалур доцийла, со ен иза гIертийла кхитира со. Юха а яхара динан дайшка, баккхийчаьрга аьрзнш эцна. Бераш сох къестийна латтадора, цхьа ца велирасуна гIодеш. Официалер Iедалхой а, берийн бакъонаш ларъен белхахой а гIорасиз бу. Ткъа берийн омбудсмена Чахкиева Заремас бехкейира со ас никIаб лелош хиларна.

Лечкъа дийзиа сан цхьана ханна Мейриевх, со психиатриян хIусаме хьажо воллу иза, дуьйцура. Цуьнан вешин кIант кхиира суна тIаьхьа со пIераскана маьждига яхча. Сан лрах тхан нана йолчу кхечира иза. Амма со ванни чохь дIалечкъира, сайна тIехь никIаб яц, аьлла жоп а делла. Ас сайна бевзачаьрга телефон етта йолийра. Цундела тIаьхьарвелира и кIант.

– Кхел йоьдучу ханна, сацамаш кхочушбечу юкъанна, школехь мукъане а бераш ган аьтто болий хьан?

– Йоьду со школе, наггахь гойла а хуьлу. Ден къизаллах кхоьру ши кIант, сох къаьхкаш меттиг а йогIу. Амма гуш ду цара сагатдойла, суна саатдо цара.







Ежегодная церемония вручения Всероссийской премии Евгения Зубова прошла в библиотеке Видного

В ЖК «Восточное Бутово» продолжают строительство шестого по счету детского сада

Профилактический рейд по противопожарной безопасности прошел сегодня в Ленинском округе

В Подмосковье сотрудники Росгвардии спасли пожилого мужчину, который оказался один дома и плохо себя почувствовал


Жители Барнаула помогут сделать родной город чище

Новые электрические щетки Revyline RL 085 Black доступны в филиале марки в Ставрополе

Фонд «Восход» выпустил на «Атомайз» первые в России венчурные ЦФА

Антисанитария в службах доставки: токсиколог Кутушов рассказал, почему опасно заказывать еду


Andy Murray cracks brutal joke as Brit star’s Wimbledon preparations are disrupted by bizarre injury 

Four-time Man Utd trophy winner, 37, looks unrecognisable as he heads to training with dramatic new look

Walmart adds employee bonus for hourly US workers

Watch awkward moment baffled French Open teen is ‘teleported’ into Eurosport studio for live TV interview


За один день работники Уссурийского ЛРЗ и их дети выполнили сменно-суточное задание по ремонту 129 паровозиков

Пустынная долина Кодара...

Бурятский Театр кукол Ульгэр в Улан-Улан-Удэ показал в Этнографическом музее народов Забайкалья перед детьми и родителями в семейный праздник сказку Колобок - Новости и Культура, Дети и Россия

«Грузовичкоф» выступил в Санкт-Петербургской торгово-промышленной палате с предложениями для развития отрасли


Concord is skipping free-to-play and pulling a Helldivers 2 instead: $40 for the full game with all 16 heroes at launch

Показ геймплея тактики SteamWorld Heist II

Мафия-НН: Все в сборе, правила с тревогой выслушаны, роли прочитаны, и сразу же в бой!

How to watch the 2024 PC Gaming Show: our 10th annual summer showcase



В ПРЕДДВЕРИИ ДНЯ РОССИИ РОСГВАРДЕЙЦЫ ПРОВЕЛИ ПРАЗДНИЧНОЕ МЕРОПРИЯТИЕ ДЛЯ ДЕТЕЙ

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!

РОСГВАРДЕЙЦЫ ЗАДЕРЖАЛИ МУЖЧИНУ С ПОДДЕЛЬНЫМИ ДОКУМЕНТАМИ В МОСКВЕ


Яндекс, А.С. Пушкин, Святой Ленин ведут следствие. Настоящая сенсация! 225 лет А.С. Пушкину.

СОТРУДНИКИ СОБР «СТОЛИЦА» СТАЛИ ИНСТРУКТОРАМИ НА СБОРАХ ПО БЕСПАРАШЮТНОМУ ДЕСАНТИРОВАНИЮ СПЕЦНАЗОВЦЕВ РОСГВАРДИИ В ВОРОНЕЖСКОЙ ОБЛАСТИ

Бизнес-омбудсмен Москвы объяснила, почему важно принять закон о креативной индустрии

Источник 360.ru: игрушка в туалете спровоцировала эвакуацию поликлиники в Москве


Строительство станции «Тютчевская» перешло на новый этап

Глава ФФККР Сихарулидзе не примет участия в конгрессе ISU

Футболистки ЦСКА победили «Зенит» и выиграли Суперкубок России

Пять выпускниц из Ступина получили по 100 баллов на ЕГЭ


Семнадцатилетняя Андреева впервые сыграет в полуфинале турнира Большого шлема

Экс-теннисист Ольховский: Рублев не успел набрать форму на "Ролан Гаррос"

Соболенко, проигравшая Андреевой, потеряет 2-е место в рейтинге WTA по итогам «Ролан Гаррос», уступив его Гауфф

Каспер Рууд: «Не буду выступать на турнирах перед «Уимблдоном», но на нем, конечно, сыграю»


Опубликованы кадры, запечатлевшие смерч в Челябинской области и Башкирии

Прохлада нам по карману: как выбрать кондиционер и какова цена вопроса

Выставка художников «Искусство рядом» стартовала на Никитском бульваре

В Тверской области установили памятник Пушкину


Музыкальные новости

Школа джазовой импровизации Игоря Бутмана открылась в екатеринбургском Академическом

Джиган, Оксана Самойлова, Виктория Боня и другие: ТНТ раскрывает дату премьеры нового сезона реалити«Выжить в Дубае. Возвращение»

Встреча, посвященная творчеству Булата Окуджавы, пройдет 9 июня в Доме творчества «Переделкино»

В Красноярске появились фейковая реклама VK Fest с Бастой


США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!

В ПРЕДДВЕРИИ ДНЯ РОССИИ РОСГВАРДЕЙЦЫ ПРОВЕЛИ ПРАЗДНИЧНОЕ МЕРОПРИЯТИЕ ДЛЯ ДЕТЕЙ

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!

СОТРУДНИКИ СОБР «СТОЛИЦА» СТАЛИ ИНСТРУКТОРАМИ НА СБОРАХ ПО БЕСПАРАШЮТНОМУ ДЕСАНТИРОВАНИЮ СПЕЦНАЗОВЦЕВ РОСГВАРДИИ В ВОРОНЕЖСКОЙ ОБЛАСТИ


Apocalyptica выложили кавер на Metallica «The Call Of Ktulu» на виолончелях

I tried to recreate Marvel's Iron Man in this movie studio sim, and my version was so bad my own father stormed out of the theater

Медийный баскетбол, киберспорт и турнир ММА: Константин Пухов рассказал о мероприятиях Международного центра бокса (Наташа)

«В девять лет я уже был очень любвеобильным». Актер Михаил Богдасаров вспомнил детство в шоу «Вкусно с Анфисой Чеховой» на ТВ-3  


Асфальтирование дворов услуги в Петербурге

В Москве 14-летний мальчик ранил ножом 16-летнего юношу на футбольном поле

Дорожные работы услуги в Санкт-Петербурге

Асфальтирование площадок услуги в Петербурге


Путин: Москва оставляет за собой право поставок вооружения партнерам

Путин: РФ готова к переговорам только на условиях, которые уже обсуждались ранее

Профессор Кошкин: Запад в шоке от военных кораблей России в Карибском море

Путин пригрозил оружием Западу, Киев закрыл поездки по Европе, США ввели санкции против Грузии – большие итоги недели от РИА «Новый День»


Вирус эволюционирует: почему рано называть COVID-19 сезонным заболеванием



Аллерголог Зайцева рассказала, как проявляется аллергия на солнечный свет

Мурашко: пятеро пострадавших при теракте в "Крокусе" остаются в больницах

Трихолог, ведущий специалист многофункциональный клиники KindCare в Дубае Кристина Евдошенко: что такое андрогенная алопеция и как ее лечить

Не просто кашель курильщика: чем опасна хроническая обструктивная болезнь легких


AFP: Байден объявил о выделении Киеву помощи на 225 млн долларов


Уверенная победа россиян на турнире ONE FRIDAY FIGHTS 66

В Москве прошёл спортивный праздник для росгвардейцев

В Москве 14-летний мальчик ранил ножом 16-летнего юношу на футбольном поле

Мастер-классы по созданию крафтовых украшений проходят в центре Москвы



Собянин: Благодаря модернизации театры Москвы создают уникальные декорации

Собянин: Москва — мировой лидер по динамике развития транспортной инфраструктуры

Собянин поздравил всех социальных работников с профессиональным праздником

Собянин: Москва подписала ряд крупных соглашений на Петербургском форуме


На природных территориях Москвы расцветет множество краснокнижных растений

В Москве проходит акция по безопасному использованию СИМ

На ПМЭФ-2024 Краснодарский край подписал 40 протоколов на 272 млрд рублей

Байрактар: Турция и Россия определили дальнейшие шаги по проекту "газового хаба"


Автостанция открылась в Печорах после ремонта

Опубликованы кадры, запечатлевшие смерч в Челябинской области и Башкирии

Насколько выросли цены в «Яндекс.Такси» за год и сколько получают водители

В Тверской области установили памятник Пушкину


Терминал сбора данных (ТСД) промышленного класса SAOTRON RT42G

В Пулково задерживаются шесть рейсов

Минфин Архангельской области оценил муниципалитеты по уровню качества организации и осуществления бюджетного процесса

Торговые настольные электронные весы CAS PR-15P


В Крыму детей будут учить играть в шахматы с детского сада

Пьяный мужчина упал с верхней полки на девочку в поезде Москва - Симферополь

Литературно-краеведческий коллаж «Мир добрых сказок и стихотворений – все это Пушкин, наш великий гений!»

Глава Росавиации рассказал о перспективах открытия аэропорта Краснодара


Успенская подала иск к Киркорову, который назвал ее "попрошайкой"

Насколько выросли цены в «Яндекс.Такси» за год и сколько получают водители

Пять выпускниц из Ступина получили по 100 баллов на ЕГЭ

Автостанция открылась в Печорах после ремонта














СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *