Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Гуьмсехь а, Шелковскехь цIераш йийла кхерам бу аьлла

0
Аномалан йовхо бахьанехь цIераш йийла кхерам совбаларна Нохчийчуьрчу Гуьмсан а, Шелковскан а кIошташкахь нехаш, ораматаш дагорна гIуданаш деттар лакхадаьккхина.


"Шозза тIекхетта буц, я нехаш ягийначунна туху гIуда. Масала, бахархоша хIинццал 2-3 эзар гIуда токхуш хиллехь, раж тIеэцначул тIаьхьа декхаре хир бу 4 эзар сом охьадилла. Нагахь цхьана организацино и низам талхийнехь, 150-200 эзарна тIера 500 эзар соьме кхаччалц гIуда кхачор ду", - чIагIдо Гуьмсан администрацехь.


Шоьтадийнахь тIеэцна и сацам Шелковск кIоштаца юкъахь Гуьмсан урхалхоша. Махкарчу орцан министралло информаци яржийра, тIехсов йовхо латтарна республикерчу хьаннашкахь, ярташкахь а  цIераш йийла кхерам совбаьлла аьлла.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *