Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Новости за 04.07.2018

Дани: Бухарчу дахарх булуш боцу мигранташ - "гетто"

Radiomarsho.com 

"Карара хан" ( "Настоящее время") МухIажирш бекъна интеграцин принципца 2018-гIа шо долалуш Данин Iедало, консервативан-либералан Venstre партин векал Расмуссен Локке коьртехь а волуш, сацамбира мигрантийн геттоца къовсам боло. Бахьана а дира дийцаре. Данехь 5,8 млн стаг веха, царех 8,5% нах бу Туркойчуьра, Шемара, Иракъера, Либанера, Сомалера, Пакистанера тIебиссина мухIажирш. Царех дакъа деха я Данера мотт а ца Iамош, я бухарчу ламастийн а пусар а ца деш, ца бо болх, ца гIерта деша, бохучу маьIнехь дара къамелаш. Читать дальше...

"Левада-центр": футболо Iехийна Оьрсийчоьнан 31 % бахархой

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу деа кIиранчохь уггар къегина хилам муьлха бара аьлла, "Левада-центро" бинчу хаттамехь 56 процент Оьрсийчоьнан бахархоша дуьненан футболан чемпионат билгалъяьккхина. Пенси воьду хан тIетохар дара аьлла 31 процент хаттамехь дакъалаьцначара. Бензинан а, кхача-сурсатийн а, коммуналан а мехаш дестар къастийна 13 процент респонденташа. Оьрсийчоьнан президентца хилла эфирна тIе тидам бахийтина бахархойх 7 проценто. Байначу беттан 22-чу дийнера 26-чу дийне кхаччалц вовшахтоьхна ду эксперташа и жоьпаш. Читать дальше...

Журналисташна "арахьара агенташ" цIе тIекхоллар емалдина бакъонашларъярхоша

Radiomarsho.com 

"Арахьара агент" цIе журналисташна тIекхуллуш пачхьалкхан Думано тIечIагIйина  низаман проект емалйина Нью-Йоркерчу штаб-квартирас а, журналисташ Iалашбечу Комитето а. Информаци маьрша яржорехь дозанаш тохархьама Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIахьош "системе политика" ю иза аьлла шайн дIахьедарехь бакъонашларъярхоша. Журналисташ Iалашбечу Комитетео Оьрсийчоьнан Iедалхошка кхайкхамбо, шайн курс хийца аьлла. Шинаридийнахь Думан информацин политикехула йолчу Комитето тIеэцна журналисташ "арахьарчу агентан" статусе баха магош низаман проект. Читать дальше...

Титиев Аюба чуделла арз таллар тIедиллина Оьрсийчуьрчу прокуратурано

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" центран куьйгалхочунна Титиев Аюбна дуьхьал айдинчу гIуллакхан хьокъехь Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан экспертийн тобано талламаш дIабаьхьначул тIаьхьа, пачхьалкхарчу Инарла прокуратурано Нохчийчуьрчу шайн коллегашна тIедиллина и гIуллакх листар. Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан сайта тIехь бу и хаам. Наркотикаш полисхоша шена кхийсина ю аьлла, Титиевс арздича, бехкзуламан гIуллакх цаделлар бух болуш ду я дац... Читать дальше...

Нохчийчохь балха баха меттиг йоцучийн терахь лакхадолуш ду

Radiomarsho.com 

Цхьана кIиранчохь белхан меттигаш йоцучу пачхьалкхерчу бахархойн терахь 1, 7 проценте охьа а даьлла, Оьрсийчоьнан къинхьегаман министраллан зерашца, 709 эзар 960 стаг висина церан чоьтехь. Байначу беттан юьххьехь дуьйнна лахдала доладеллера балхахь боцучу нехан терахь. Шо хьалха пачхьалкхехь белхан къоьлла хьоьгуш вара 830 эзар 320 стаг, дуьйцу министралло. Цара дIахьедарца, Оьрсийчоьнан 81 регионехь балхахь боцчийн тептар жимделла. Тулан кIоштахь а, Мордовехь а, Нохчийчохь де дийне кхуьуш ду белхазалла ловчу бахархойн терахь. Читать дальше...

Кхин а ши миллион сом компенсаци лур ду Кемеровохь беллачийн доьзалашна

Radiomarsho.com 

Кемероверчу "Зимняя вишня" йохка-эцаран центрехь беллачийн гергарчарна шишша миллионаш компенсаци лур ю кхи тIе а. Кемеровон кIоштан парламенто тIеэцна цунах низаман проект. Интерфаксо яздарехь, кIоштан бюджете дог лозучара деллачу 120 миллион ахчанна тIера дIасайоькъур ю компенсацеш. Охан-бутт бовш Кемероверчу центрехь цIе яларан бахьанца беллачийн массо а гергарчарна дIасаделира 318 миллион компенсаци. Федералан а, кIоштан бюджетера а, иштта йохка-эцаран центран долахочо вовшахтоьхна а дара и ахчанаш. Читать дальше...

Магнитогорскерчу психиатрин дарбан хIусамехь карийна тутмакх Клых

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь оьрсийн федералан эскаршна дуьхьал летта ву аьлла бехкевина, Оьрсийчохь набахтехь даккха 20 шо кхайкхийна украинхо Клых Станислав Магнитогорскерчу набахтехь долчу психиатрин  дарбан цIийнехь ву аьлла, хааме даьккхина Фейсбукерчу шен агIон тIехь бакъонашларъярхочо Щур Татьянас. Хьалхо Клыхан адвокато Качанов Романа дIахьединера, цуьнца Верхнеуральскехь цхьанакхеттачул тIаьхьа, иза психиатрин цIийне дехаьваккха кечвеш ву аьлла. Бакъоларъярхочо бахарехь, мел а гIоле веана Клых... Читать дальше...

Солсбери гIалина уллохь дIовш лелийна меттиг хаабелла полисхошна

Radiomarsho.com 

Великобританерчу Солсберина уллорчу Эймсбери гIалахь цхьана хIусамехь байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь кхетамчуьра даьлла зудий, стаггий карийна. Полисхойн шеко ю царна дIовш делла хир ду аьлла. Кхааридийнахь бина и хаам Уилштир олаллин полицино Твиттерехь. Солсбери гIаларчу дарбан цIийне кхачийна и шиъ ледарчу хьолехь ду. Церан могушалла зуьйш, бахьанаш лоьхуш бу говзанчаш. ТIаьххьарчу хенахь и зудий, стаггий леллачу меттигийн голаьцна полисхоша. Оьрсийчоьнан ГРУ-н хиллачу белхахочунна Скрипаль Сергейна а... Читать дальше...

Ненан маттана тIехIоьттина 40 эзар стаг

Radiomarsho.com 

Къаьмнийн меттанаш Iамор берийн лааме дуьллучу низамна дуьхьал петици кечъеш ю Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран цIарах. ХIинцале цунна куьйгяздина 40 эзар стага, яздо "Кавказан узел" агенталло. Петицицин инициативан тобано Change.org сайтехь зорбане яьккхинера кхо бутт хьалха, пачхьалкхан Думе "Дешарх" долчу, ненан меттанаш Iамор берийн а, церан дай-наной а лаамехь дуьту низаман проект кховдийначул тIаьхьа. Цу низамо меттанаш хIаллакдийр ду, шаьш меттанашна тIе куьйгаш кхоьхьуйтур дац... Читать дальше...

ДаIишхойн лидеран кIант вийна Шемахь

Radiomarsho.com 

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан лидеран Ал - БагIдади Абубакаран кIант вийна Шеман Хомс гIалахь аьлла, хаамбина Рейтерс агенталло, джихIадхошца йоьзначу хаамийн хьостанна тIе а тевжаш. Хомсерчу электростанцина герггахь оьрсийн, шемахойн эскархоша дIахьочу операцехь вийна даIишхо Ал-Бадри Худайфа аьлла, яздо агенталло. И информаци бакъхиларх кхечу хьостанашкахь тоьшаллаш дац. Ша Ал-БагIдадаи волу меттиг а хууш бац. Амма динчу дIахьедарехь "иза хIинца а дийна хилар" хоуьйту, билгалдоккху Рейтерса. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *