Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Новости за 23.07.2018

Цхьа а воцург а хилла, Францехь вахар тоьлу...

Radiomarsho.com 

Шевченко Дарина, Маршо Радио (оьрсийн сервис) Къоначу политикан эмигрантан дийцар Самара гIаларчу Навальныйн штабан волонтеро Завгородний Вячеслава политикан тховкIело ехна Ниццехь. Шена дуьхьал бехктакхам боккхий хиича, катоьхнна ведда иза Оьрсийчуьра. ХIусам йоцчу нахаца, клошарашца, баьккхина цо Францехь тIаьххьара ши бутт. Вокзалашкахь денош, хIорда йистерчу луьйчийлашкахь буьйсанаш яьхна, цIа доцчарна сагIа лучохь кхача а карош. Цо дийцира Маршо Радиога шен ваьлла леларх, шех хиллачух, шен сатийсамех лаьцна. Читать дальше...

ТIеман шерашкахь лечкъийна хилла музейн экспонаташ юхаерзийна Нохчийчу

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь тIеман хенахь талорхоша лачкъийна 20 гергга музейн экспонаташ республике юхаерзо аьтто хилла. "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам Iилман Академин археологийн талламийн центран белхахочо Исаев Султана. Музей схьаерзийначу хIуманашлахь ду ширачу заманара борзан шаьлта, дагарш, гIагI, зударийн кочаухкучарех дисина туьтеш, иштта кхи дIа а. Советан заманахь Нохчийчоьнан территорри тIехь динчу ахкаршкахь карийна яра уьш. "ХIора хIуманна тIехь йоза ду, дукхахйолчарна тIера йоза дайна, - дуьйцу Исаевс. Читать дальше...

Дагестанехь цхьана кIиранчохь ши стаг вийна, цхьанна чевнаш йина

Radiomarsho.com 

"Кавказан узел" агенталлан зерашца, дахначу цхьана кIиранчохь герзашца хиллачу конфликташлахь ши стаг вийна, цхьанна чевнаш йина. Вийна шиъ Дагестанерчу полисхойн декъехь вара. ГИБДД-н кхо белхахо чохь волчу машенна герзаш диттинера "Лада" автомобилчуьра Дагестанерчу Кизил-юртахь дахначу пIераскандийнахб. Шиъ оцу сохьта велира, цхьанна чевнаш хилира. "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацино шена тIелаьцнера зулам. Хасав-юьртарчу тIемалойн тобанхоша дина хиллера тIелатар, полисхоша бахарехь.

Немцов верна бехкебечаьрца шогалла лелайо набахтехь

Radiomarsho.com 

Оппозиционер Немцов Борис вийна аьлла бехкевина, хан токхучу Дадаев Заурна кхерамаш тесна, луьра хьелаш лаьттачу набахте дехьавоккхур ву аьлла, нагахь цо полиграф тIехь ша левайта дуьхьало яхь а, полисхошна ша дина йозанаш дIа а ца кхачадахь а, хаамбо "Росбалто". Зорбанашкахь ма-яздарра, талламчийн Iалашо ю Немцов вен кхачийнарг мила хилла зен. Амма лецначара гIуллакх толлуш шайца юкъарло ца лелийча, гIуданаш детташ, шогаллаш лелийна цаьрца. Лецначийн адвокаташа а тIечIагIийна и информаци. Дийцарехь... Читать дальше...

Къора а тухуш, мехашца догIанаш лаьттар ду Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Мехашца, къора а тухуш даккхий догIанаш лаьттар ду аьлла, хаамбаржйина бахархошлахь Нохчийчоьнан орцан министралло. Лаьмнашкара Iовраш чухахкалур ю, токхамаш хила кхерам бу аьлла бу хаам. Орцан министрало иштта дIахьедо, карарчу заманара гуьйрене кхаччалц регионехь хиш дестаран кхерам лаьтташ хиларх а.

Кадыров Ахьмадан фондо 150 полисхо ХьаьжцIа вохуьйтуш ву

Radiomarsho.com 

Белхан декхарш кхочушдечу хенахь чевнаш йина 150 полисхо а, таронаш йоцу 150 Нохчийчоьнан вахархо а регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан ахчанца ХьаьжцIа вохуьйтуш ву. Махкарчу муфтиято, кху шарахь СаIуда Iаьрбийчу вахар 20 процентна дазлур ду аьлла дIахьедира.  Нохчийчуьрчу бусулбачийн зиярте баха лаам дIабаьккхина мехаш даздаларна аьлла, дIахьедо меттигерчу бахархоша. Зиярте боьлхучийн тептар вовшахтухучара нийсо лелор ю аьлла ца хета бахархошна. Цара бахарехь, озабезамашца шайн гергарнаш... Читать дальше...

Шемарчу мухIажирийн бераш Оьрсийчоьнан доьшийлашка хIунда ца дуьту

Radiomarsho.com 

Москохарчу Ногинскехь бехаш бу Шемара баьхкина мухIажирш. "Гражданское содействие" организацино мигранташна лерина интеграцин центр йиллина кхузахь. Цигахь берашна Iамабо оьрсийн мотт, уьш школана кечбархьама. Амма доьшийлашка шемахойн доьзалхой эца дуьхьало йо. Бахьанаш - дайн-нанойн регистраци цахилар, ткъа Шемарчу мухIажиршна ханна тховкIело яла а реза ца хилла Iедалхой, церан даймахкахь тIом бац аьлла.

Эзарнашкахь тутмакхаш маьршабохур бу Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Керла юкъадаьллачу федералан низамца а догIуш, масийтта эзар тутмакх маьршавоккхур ву,цара чохь яьккхина хан леринчул тIаьхьа. "Московский комсомолец" газетане дийцина цунах федералан кхелан сацамаш кхочушбечу урхаллан (ФСИН) куьйгалхочун гIовса Максименко Валерийс. Цо бахарехь, керла низам хьакхалур ду таханалерачу дийнахь набахтехь волчу хIора а 5-чух. Бакъду, дукхахйолчу меттигашлахь, оцу сохьта арахоьцур бу бохург дац иза: тутмакхийн чохь яккха йисина хан яцйийр ю. "Керлачу федераплан низамца а догIуш... Читать дальше...

Герз диттина 14 стагна чевнаш йина Торонтохь

Radiomarsho.com 

Лаххара а 14 стагна чевнаш йина Торонтохь, герзаш диттина. Канадерчу полицино дIахьедарца, цхьа зуда елла, чолхечу хьолехь ю жима йоI. Кхоссархо вийна аьлла бу ницкъаллийн структурийн хаамаш. ГIалин полицин куьйгалхочо дIахаийтарца, мича бахьанашца герз диттина цкъачунна къастаза дуьсу. Оцу меттигехь хиллачара даредарца, 25-зза тапча кхийсина зуламхочо.

Бахархоша социалан машанашкахь ден аьрзнаш луьстур ду Iедалша

Radiomarsho.com 

Социалан машанашкахь лериначу программан гIирсашца бахархойн аьрзнаш талла Iалашо ю Оьрсийчоьнан Iедалхойн. РБК агенталло бахарехь, "Медиалогия" компанино кхоьллинчу "Инцидент менеджмент" системано аьтто лур бу регионашкарчу Iедалшна бахархоша бинчу латкъамна катоьхна тIекхиа. РБК-н хьосташа тIечIагIдарца, шина регионехь тестан рожехь хIинцале а болх беш ю и система. Цуьнан гIоьнца социалан "ВКонтакте", "Одноклассникаш", Фейсбук, Инстаграм, Твиттер машанашкахь зорбане йохку посташ вовшахтоьхна, цхьана дийнахь а, буса а зуьйр йолуш ю.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *