Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Новости за 16.07.2018

Трампан а, Путинан а цхьаьнакхетар дIадирзина ХIелсинкехь

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президентийн Трамп Доналдан а, Путин Владимиран а цхьаьнакхетар дIадирзина Финляндин коьртачу гIалахь ХIелсинкехь. Цу шинан къамел дахделира 2 сохьтехь сов. Иза дIадирзича Трампа дIахьедар дира, Путинца хилла саммит "дика юьхь ю" аьлла. Саммит дIайирзинчул тIаьхьа Трамп а, Путин а вистхилира журналисташна хьалха.

Москох хан кхайкхийна КIорIан сийсаздинчу блогерна

Radiomarsho.com 

Видеоблогерна Давыдов Ильяна арахь яьккха 1,5 шо хан тоьхна Москох Тушино кIоштан кхело, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Цу стагана бехке диллинарг ду исламца а, керстан динца а боьзначу нахах лаьтта тоба сийсаз яр. Бехктакхаман гIуллакх долийнера блогерна дуьхьал 2017-чу шарахь Чиллан-баттахь, "КъорIанах забар" цIе а тиллина, видео цо YouTube-хь дIахIоттор бахьана долуш. 2017-чу шарахь Охан-баттахь и видео экстремизман чулацам болчу материалашна юкъатуьйхира Оьрсийчоьнан юстицин министралло.

Трамп а, Путин а цхьаьнакхетта ХIелсинкехь

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президенташ Трамп Доналд а, Путин Владимир а цхьаьнакхетта Финляндин коьртачу гIалахь ХIелсинкехь. Цу шиммо йийцаре йийр ю шина пачхьалкхан юкъеметтигаш а, тайп-тайпана дуьненаюкъара проблемаш а. Дийцарш дIадолош Трампа декъал вира Путин кхиамца футболан дуьненан чемпионат дIаяхьарца. Цо билгалдаьккхира Iамеркан а, Оьрсийчоьнан дика юкъаметтигаш хилар дика ду, вон дац аьлла. Дагадовларш дахлур ду 2 сохьтехь.

Газ иккхина 4 кIорабаккхархо велла Гуьржийчуьрчу шахтехь

Radiomarsho.com 

Бохам хилла Ткибули гIалахь йолчу «Миндели» шахтехь. Метан олу газ а иккхина, цигахь вийна 4 кIорабаккхархо. Кхин а 6 белхало вагийна ву. Адамаш далар бахьана долуш тезетан де кхайкхийна Гуьржийчохь. Тбилисехь а, Кутаисехь а парламентан гIишлошна тIехула охьаяхийтина ю пачхьалкхан байракхаш. Хилларг таллалц цу гIалара шахташ дIачIагIа аьлла, омра дина премьер-министро Бахтадзе Мумукас.

Димин Iумар гича, пондарехьа дирзира дог

Radiomarsho.com 

Пондар шен нанас хаза лакхахь а, ша иза караоьцур бу аьлла ца хетара Суипов Вахина, … шайн юьрта берриг а махко вуьйцу Димин Iумар валлалц. Цуьнан говзалло цецваккхарх, къерахилира Ваха шега ненера кхаьчначу похьманна – волавелира пондар лакха, цуьнца буьйзира шен дахаран некъ. Ша бахарехь, дохко а ца ваьлла!

"Пенсин реформа" алар дихкина Кремло

Radiomarsho.com 

Пенсе воьду хан тIетохарх лаьцна яздеш "пенсин реформа" алар дихкина Кремлан администрацино Iедалшна муьтIахь болчу журналисташна а, эксперташна а, блогершна а. Цунах лаьцна хаам бо "Дождь" телеканало, Кремлерчу а, Пачхьалкхан Думерчу а хьасташна тIе а тевжаш. Iедалш лууш дац "реформа" дош лелоро 1990 шерашкахь махкахь лаьттина хьал бахархошна дагадаийта, церан вочу агIор ойланаш кхоллаяла мегаш хиларна. Iедалша хьехар дина пачхьалкхан зорбанан гIирсашна "реформа" дешан метта "хийцар" леладе аьлла. Читать дальше...

Оьрсийчоьно дIавоьху нохчо набахтера аравалийтина Киеван кхело

Radiomarsho.com 

Киеван апелляцин кхело набахтера аравалийтина Оьрсийчоьнан федералан кхерамамазаллин сервисан (ФСБ) дехарца лаьцна волу нохчо Бельтоев Ислам. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказ.Реалиино", цуьнан адвокатана Симоненко Златина тIе а тевжаш. Цо дийцарехь, Бельтоев аравалийтина талламан изоляторера, шен цIахь лаьцна латтор веза аьлла сацам а бина. Хууш ма хиллара, иза Украинехь вехаш ву шен доьзалца. Бельтоевн адвокаташа чIагIдарехь, Оьрсийчоьнан Iедалша Бельтоев дIавоьхуш ву политикан бахьанашца. Карарчу... Читать дальше...

Титиев "гучувоккхуш" сюжет гайтина Соьлж-ГIаларчу телевизионо

Radiomarsho.com 

"Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхочух Титиев Оюбах лаьцна сюжет гайтина ЧГТРК "Грозный" телеканало. Цу программан доккхаха долу дакъа хьажийна дара "Мемориало" бечу балхана. Ша аьлча, буьйцуш бара бакъонашларъярхой Орлов Олег а, Ганнушкина Светлана а, Черкасов Александр а. Уьш бехке беш бара Нохчийчоьнна дуьхьал информацин тIом барна, яздо "Кавказ.Реалиино". Ткъа иштта сюжетехь гойтуш вара Титиевс наркотикаш лелош хиларна теш хIоьттина Басханов Сулиман. Цу стага чIагIдарехь, туькана вахана... Читать дальше...

ХIирийчохь муфти лаьттина Евтеев лаца гIоьртина Москох полици

Radiomarsho.com 

Москох Белорусин вокзалехь ХIирийчохь муфти лаьттина Евтеев Iела лаца гIоьртина полисхой. Цунах лаьцна "Кавказ.Реалии" корреспонденте хаам бина ша Евтеевс. Цо дийцарехь, низамаш лардечу органийн белхахой иза дIавига гIоьртина хилла полицин декъе. Амма шена дуьхьалбаьхкина журналисташ Джемаль Орхан а, Кеворкова Надежда а, адвокаташ МусаевгIар Мурад а, Iалавди а хиларна полисхой "дIасабевдира", боху цо. Кеворковас социалан машанерчу шен агIона тIехь бакъдина Евтеевс дуьйцург. Цо бинчу хаамца, Iелам... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *