Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Новости за 10.07.2018

Хьан лечкъийна парламентан депутаташ?

Radiomarsho.com 

10 шо хьалха шен букъ тIехьа Алханов Iалуца барт каро гIиртинчарна къинтIера ца ваьлла Нохчийчоьнан куьйгалхо. Зама хьалха Iедал къовса арабевлла лелларш зуьйш бу Кадыров Рамзанан го. «Бевзашбоцчара» лачкъийна парламентан депутаташ Гаибов Идрис а, Магомаев Шемал а, зама хьалха лерринчу ницкъийн буьйранча лаьттина Ахмадов Артур а.

Бехкевоцу стаг сецаво Екатеринбургерчу кхело

Radiomarsho.com 

2011-чу шарахь Арутюнян Ашот верна бехке ву аьлла, Екатеринбурехь толлуш ду Нохчийчуьрчу вахархочунна Хасаев Мовсарна дуьхьал долийна бехкзуламан гIуллакх. Хасаевн хьокъехь гIуллакх луьстучу юкъанна цуьнан адвокаташ духатоха йиш йоцу тоьшаллаш далийна, иза гунахь цахиларан, амма хIетте а иза бехкала хьарчо гIерташ материалаш вовшахъетта талламхоша. Цул совнах, Хасаев шен дахарехь цкъа а хилла вац Екатеринбургехь. Иза бакъхиларан тоьшаллаш до 100 стага.

Кадыровна аьчкан некъ бан лаар баттахь коьрта леринчу хиламех ду

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан регионашкахь долчу социалан-политикан хьолах рогIера хетарг Iорадаьккхина "Петарбухан политика" фондо. Баттахь хиллачу 30 хиламна юкъахь ду Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Краснодарера Соьлжа-ГIала вало маса аьчкан некъ бар дийцаредаккхар. Политологаш 11-чу метте диллина и алар. "Кавказ.Реалии" портале фондо кховдийначу кехат тIехь Кхарачойн-Чергазийчохь финансийн министраллехь талламаш бар 20-чу меттигехь лерина. Пенси воьду хан тIетохарх хилла дискуссеш 1-чу могIарехь ю... Читать дальше...

Оьрсийчуьра ведда блоггер Ширманов

Radiomarsho.com 

Садовская Алена Чергазийн жигархоша кест-кеста валхош хиллачу блоггеро Ширманов ша  хIинца Iамеркахь ву боху Кхо кIира хьалха йиттира Краснодарерчу нийсолехархочунна Ширманов Евгенийна. Цул тIаьхьа цIейиллира хIусамах. Шена зулам динарг Адыгейра полисхой бу, аьлла, даржийра цо. Оцу бахьанашца хIинца ведда Оьрсийчуьра. Боьха хабарш ма дийца аларна йиттира Адыгейн Тахтамукайн кIоштарчу Яблоновский (Кощхьабл) юьртахь вехачу блогерна Ширманов Евгенийн цIенна цIейиллинера бахначу беттан юккъехь бевзашбоцучара. Читать дальше...

Оьрсийчуьра Iедал мафица дуьстина Iамеркарчу сенаторо

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедал мафица дустуш Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн сенаторан Кеннеди Джонан дешнашна комментари йитина Кремлехь. Президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс сенаторан дIахьедар "стереотипаш" а, "русофоби" а гучуяккхар ду аьлла. "Оха ца леладо цIен-сирла куьзганаш, тхуна дика къаьсташ ду Iамеркан политикан истеблишмент (Iедалан коьртехь берш): шайн стереотипийн йийсарехь а, буьрсачу русофобин Iаткъамехь а хилар", - аьлла Песковс. Оцу юкъанна цо билгалдоккху, "ша цу дешнех дикка кхеташ цахилар"... Читать дальше...

ГIалгIайчоьнан Республикан 26 кхачар даздийр ду Несарахь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан республикан 26 шо кхачарна лерина барамаш дIахьур бу тIедогIучу шоьтадийнахь Несарахь, хаамбо мехкан синбахамаллин министраллан зорбанаша. Байначу беттан 4-чохь билгалдаьккхира ГIалгIайчохь 26 шо кхачар, амма урхаллан векалша дийцарехь, мархийн бутт хиларна дIететтинера шуьйра даздарш. Оцу бараме кхайкхина бу дуккха а арахьара хьеший, шайлахь иллиалархо Согдиана а, ГIалгIайчоьнан халкъан артист Димаев Iела а волуш.

Нохчийчохь вийначу тIемалочун ваша дIалаьцна Ростовхь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь вийначу тIемалочун 22 шо долу ваша лаьцна Ростовн кIоштахь. Социалан "ВКонтактерчу" машанехь Къилбаседа Кавказан декъа тIехь гIаттамхойн болам бакъбеш аудио а, видео а материалаш а яржорна бехкевина и жимстаг. "360" телеканало бо и хаам. "Оьрсийчоьнан Iедалхошна а, эскархошна а, пачхьалкхан бахархошна а дуьхьал къизаллаш лелор кхайкхош, динашлахь мостагIалла марсадоккху билгалонаш йолу материалаш оьхкина хилла цо шен агIон тIехь", - дийцина телеканална ницкъаллийн структурехь. Цхьана ханна Ростов гIалахь латтош ву лаьцнарг... Читать дальше...



Кадыров: цIеначу экологехь вай кхиочу сурсатийн мах охьабаккха гIерта цхьаболу нах

Radiomarsho.com 

Махкахь теплицашкахь кхиочу хастоьмех магийна йоцу химикаташ а етташ, нахана юкъахь дIавш дийлар даьржа аьлла, социалан машанехь яьржина информаци бакъ ца йина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Лерина комисси а кхоллий, Нохчийчохь кхион стоьмаш а, хастоьмаш а таллар тIедиллинера ша, зераша гайтина даьржина хабарш бух боцуш хилар аьлла мехкан куьйгалхочо. Регионеахь кхиочу стоьмех, хастоьмех, хих махкарчу бахархоша пайдаэцна ца Iаш, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь а, дозанал арахьа а мехала юьйлу. Читать дальше...

Нохчо вийначу хIирин гергарчара маслаIат лоьху

Radiomarsho.com 

Дахначу кIиранах Геленджикехь "Ретро" кафе хьалха къизаллица нохчо вийна аьлла, хаам баьржира социалан машанашкахь. 24 шо долчу хIирин Кокоев Артуран а, Нохчийчуьрчу 21 шаре ваьллачу Ажиев Мохьмадан а дов даьллера, полисхой юкъа а гIерташ. Ши довхо дIа а къастийна, полисхой юьстахбевллачу юкъанна Ажиевн дагах урс тоьхна, къайлавала аьтто хиллера Кокоевн. Гинчара тоьшаллаш дарехь, Кокоев а, цуьнан накъостий а каьркъа мелла хилла. Социалан машанехь лехамашка ваьккхинера Кокоев нохчаша а, гIалгIаша а. Читать дальше...

Бассейн чохь луьйчуш бер делла Хьалха-Мартанахь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан прокуратурано талла долийна дахначу пIераскандийнахь Хьалха-Мартанарчу дарбан цIийне далийначу беран хьокъехь гIуллакх. Болчу хаамашца, баккхийчеран тергонера ваьлла цхьа шой, итт буттий хан йолу кIант уьйтIа хIоттийначу бассенчохь велла карийнера. Тергоне эцна талламхоша, хIун бахьанашца делла бер, мича хьелашкахь бехаш хилла доьзал, бераш кхиорехь а, лардарехь а шайн ден-ненан декхарш муха кхочушдеш хилла а оцу доьзалехь.

Нохчочуьнца йоI къевсинчунна Думан депутатна йиттина

Radiomarsho.com 

КIирандийнахь Москох мила ву цахуучо йиттина пачхьалкхан Думан депутатна Жигарев Сергейна, шен евзачу зудчуьнца машен чохь иза хиина Iачу заманчохь. "Московский комсомолец" газетано дийцарехь, Нохчийчуьра Тимур цIе йолу стаг ву депутатах леттарг. Пачхьалкхан Думехь экономикан политикан комитетан куьйгалла ден Жигарев стохка дуьйнна Казанерчу моделца Ольгица гергарло лелош хилла. Официалехь зуда а, кхо бер а ду депутатан. Газетан хьосташа дийцарца, даим дезачух совгIаташ деш хилла Жигаревс йоIана, "Мерседес" машен а эцна хилла. Читать дальше...

Бакъо йоцуш лело герз схаделлачунна ахча кхайкхийна Нохчийчоьнан Iедало

Radiomarsho.com 

Шен лаамехь герз Iедале дIаделлачунна кхаъ луш къепе хIоттийна Нохчийчуьрчу Iедало. Мехкан куьйгалхочун пресс-гIуллакххоша хааме даккхарехь, шайн лаамехь герз а, патармаш а, лоьлхуьйтурш а бахархоша Iедалхошка дIакхачаяхь дуьхьал мах лур болуш бу царна. Регионан дозан тIехь ларамза карийна герз дийцарал совнах, дуьйцург ду махкахоша къайлах шайгахь Iалашдийриг а. Республикехь зуламашна профилактика ярехь йолийначу пачхьалкхан программин гурашкахь билгал ма даккхара, оцу Iалашонашна ахча регионан бюджетан чоьтера лур долуш ду аьлла ду хаамехь.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *