Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Муцураев Тимуран иллешка ладоьгIнарш жоьпалле озийна

0
Теркйист кIоштарчу прокуратурана "Интернет" машанехь мониторинг ечу хенахь гучудаьлла, меттигерчу шина вахархочо "ВКонтакте" олучу социалан машанехь бардан Муцураев Тимуран кхелан сацамца дихкина иллеш даржош хилар. Республикерчу прокуратуран сайт тIехь бина и хаам. Шина теркхочунна дуьхьал гIуллакх айдина, экстремистийн материалаш яржорна жоьпалла доьху.


 "Кавказан узел" агенталлан зерашца, тIаьххьарчу шина шерачохь 19 стагна дуьхьал даьккхина административан гIуллакх, экстремистийн лерина, федералан тептаре даьхна бардан иллеш даржорна аьлла.


Нохчийчохь, къаьсттина тIемаш болчу шерашкахь гIараваьллера бард Муцураев Тимур. Оьрсийн маттахь дIаолура цо шен тIамах лаьцна, тIаьхьо джихIаде кхойкху иллеш.


Муцураевн цхьадолу иллеш экстремистийн лерина, уьш даржор, цаьрга ладогIар дихкина ду.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *