Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Титиев "гучувоккхуш" сюжет гайтина Соьлж-ГIаларчу телевизионо

0
"Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхочух Титиев Оюбах лаьцна сюжет гайтина ЧГТРК "Грозный" телеканало. Цу программан доккхаха долу дакъа хьажийна дара "Мемориало" бечу балхана. Ша аьлча, буьйцуш бара бакъонашларъярхой Орлов Олег а, Ганнушкина Светлана а, Черкасов Александр а. Уьш бехке беш бара Нохчийчоьнна дуьхьал информацин тIом барна, яздо "Кавказ.Реалиино".


Ткъа иштта сюжетехь гойтуш вара Титиевс наркотикаш лелош хиларна теш хIоьттина Басханов Сулиман. Цу стага чIагIдарехь, туькана вахана вогIуш цигаьрка узуш лаьттачу стагана юххех волуш кIомалан хьожа кхетта хиллера цунна. Басхановс и хьожа шена дика евзаш ю, боху, ша кIомал ийзина а, и бахьана долуш чувоьллина хан яьккхина а хиларна.


Журналисташа билгалдоккху Соьлж-ГIаларчу телевизионо Титиев "гучувоккхуш" сюжет гайтина хилар, "Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхо хилла Эстемирова Наталья йийна 9 шо кхаьчначу дийнахь. Эстемирова йийна карийра ГIалгIайчохь 2009-чу шарахь Товбеца-беттан 15-чохь.


Титиев, наркотикаш лелийна аьлла бехке а вина, лаьцна латтош ву талламан изоляторехь кхушеран Дечкен-беттан 9-чохь дуьйна.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *