Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2019

Новости за 03.11.2019

2014-чу шарера схьа Донбассехь вийна 3300 вахархо

Radiomarsho.com 

2014 шеран бIаьста Донбассехь болабеллачу тIамехь вийна 3300 сов маьрша вахархо, боху Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино. Цо бинчу талламо гойту Донбассан бахархойх 9 эзарна чевнаш йина хилар а, 1 миллион 300 эзар стаг хIусамах воьхна хилар а. Вовшашка мостагIалла кхобучу донбассхошний, украинахошний юкъахь ду 427 километр доза. Оцу дозанал деса-сехьа бахархойн доккхийла дац дахарна оьшу сурсаташ – оцу бахьаница доьзна гIо оьшуш веха 3,5 миллион вахархо, боху дуьненаюкъарчу хьукмато.

ГIалгIайчуьрчу «Э» центан буьйранча верца доьзна кхо стаг ву лохуш

Radiomarsho.com 

Москван малхбузерчу декъехь ГIалгIайчоьнан полицин экстремизмна дуьхьалоечу центран куьйгалхо, 36 шо кхаьчна майор Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша, 30 шо долу, Москварчу Пироговн цIарахчу №1 клиникан лор Эльджаркиев Iабдул-Ахьмад а верца доьзна талламчаша зуьйш ву 9 стаг, кхо стаг ву лаца кхайкхийна. Иштта хаам баржийна, низамхошна тIе а теважаш, ТАСС агенталло. Шоьтан сарахь вийна ши ваша. Лаххара а иттаза тапча тоьхна царна. Ца лецабелла полицига куьг-бехкенаш зулам динчу меттехь. ТАСС-о бахарехь... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *