Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2019

Новости за 22.11.2019

Украинерчу Iедало лаьцна Донбассехь шегахьа тIом бина дагестанхо

Radiomarsho.com 

Житомир гIалахь Украинерчу леринчу ницкъийн «Корд» тобано лаьцна шайн пачхьалкхехьа Донбассехь тIом бина дагестанхо Руслан О. .  Оцу хьокъехь «Кавказ.Реалиига» хаамбина цуьнан адвоката Норов Глеба. Оьрсийчоьнан Талламан комитето  Интерполехула лаца кхайкхорца доьзна дIаяьхьна и операци, элира Норовс. Адвокато бахарехь, Оьрсийчоьно ша иза дIавехар дузу шен цхьана гIалахь массех шо хьалха динчу зуламца. «ТIехьерчош болу бехк бух боцуш го, Руслан пхи ш оду Украинехь веха. Цуьнан цIе Оьрсийчоьно яха йолийна... Читать дальше...

Муха го суна Арсанукаев Шайхин "генара, гергара некъаш? (дешархошна)

Radiomarsho.com 

Кху деношкахь даго тIеоьцучу, лоручу яздархочух, цуьнан кхолламах, цуьнан йозанех хетарг язде аьлла, тхан нохчийн меттан хьехархочо Сацита Мусаевнас тIедиллича, ца яьллачу денна дийзира сан интернет кегон. ХIора Нохчийн Меттан Денна лерина вовшахтухучу барамашкахь массара а юьйцуш, сайна а дагахь сецначу "Ненан мотт" байтан автор Арсанукаев Шайхи (Дала гечдойла цунна) дагавеара суна. Юьхьанцарчу классехь дуьйна Iамийна, дагахь йисина "Ненан мотт" йоцург а, дуккха а стихаш язйина хиллера цо-м. "Ненан доIа"... Читать дальше...

«Кадыровс кхочуш цадинарг» хьехадо ерриг а ГIиргIазойчоьно тергалдечу девнехь

Radiomarsho.com 

ГIиргIазойн президента Атамбаевс барт бина хилла Кадыровца, ша набахтехь воллу Батукаев дIа а хоьцуш, вукхо – цуьнга Оьрсийчохь лечкъаш лела экс-президентан Бакиевн ваша дIа а луш Къоман Кхерамзаллин кхеташонан куьйгаллехь лаьттина Атаханов Шамил а, экс-президент Атамбаев Алмазбек а левина, шаьш Iедалехь болуш цара «ГIиргIазойчоьнна тешнабехк бар» зуьйш болчу талламчаша. Атахановс, Атамбаев дуьхьал а волуш, дийцина, шераш хьалха ГIиргIазойчохь хан а тоьхна, набахтехь латтош волу тутмакхийн авторитет... Читать дальше...

Шемахо вагош гайтинарш бевзина

Radiomarsho.com 

Шемахь, къиза хьийза а вина, стаг вийнарш хила мега Оьрсийчуьрчу "Вагнеран долахь йолчу компанин" декъашхой. Царах цхьа наёмник мила ву хиъна "Новая газетана". Цунах лаьцна яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Кадыровс, нах байа, аьлла, бина кхайкхам зер дехна Талламан комитете «Мемориало»

Radiomarsho.com 

Ша сийсазвеш интернетехула къамелаш ден нах байа, леца, аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен гоне кхакхамбар таллар дехна Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре бакъоларъечу «Мемориал» центро а, Москварчу ХIельсинкин тобано а шаьш динчу дIахьедарехь. Оцу хьокъехь хаамбина "МБХ медиа" редакце «Мемориалан» куьйгалхочо Орлов Олега. Дуьххьара дац Кадыровс нах емалбар, царна кхерамаш тийсар, дуьххьара дац бакъоларъярхоша Талламан комитете иштаниг тидаме эца бахар а... Читать дальше...

Шен бер дерна кхел йийр ю Дагестанерчу зудчунна

Radiomarsho.com 

Дагестанан Кизил-Юьртан кIоштарчу Чонтаулерчу яхархочун дов, теллина а даьлла, кхачош ду кхеле. «Кавказ.Реалиис» хьалха хаийтина ма-хиллара, Чонтаулехь яйна 6 шо долу Акбулатова Айзант йийна карийра Хасу-Юртанна гергарчу Костекехь, хи йистехь, иза лоьху кхо де даьлча, Гезгмашин-беттан 9-чу дийнахь. Талламчаша дIадаьхьначу зераша гайтарехь, йоI йийнарг ю цуьнан нана. Дагестанерчу Iедалхоша дийцарехь, цо иза йийна «кхетош-кхион, кхаба лаам бацарца доьзна». Талламо кхеле хьовсийначу документаша чIагIдарехь... Читать дальше...

«Нохчашца церан латта ма къийса» баьхначу жигархочух Хадулаевх летта ХIинжа-ГIали юккъехь

Radiomarsho.com 

Еарин дийнахь тIелатар дина ХIинжа-ГIалахь Дагестанерчу Iедалх йоцчу юкъараллийн кхеташонан куьйгалхочунна Хадулаев Шемална. Цо ша дийцарехь, иза нисделла шахьаран коьртачу майданахь, мехкан Iедалан цIенна хьалха. «Могашалла ца талхийна, со кагван атта хир дац царна. Леташ, кIеззиг аьрташ лазийна, лоьрашка гIодеххал хIума дац», - элира Хадулаевс «Кавказ.Реалиига». Шемална гарехь, цунна тIелеттарш бу цо массех бутт хьалха ГIизларахь Дагестананний, Нохчийчоьнанний доза билгалдоккху бIогIам бахьанехь... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *