Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2019

Новости за 15.11.2019

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (15.11.2019)

Radiomarsho.com 

Дагестанца посташ хIиттор, гIалгIай карзахбовлар, дистанцехь болхбайтар (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Ши пост хIоттийна Шелковски кIоштахь Дагестанан дозанца

Radiomarsho.com 

Ши пост хIоттийна Шелковски кIоштахь Дагестанан дозанца Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Цунах лаьцна хаам бо ЧГТРК «Грозный» телеканало. Цхьа шо хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар динера, Къилбаседа Кавказерчу республикашна юкъарчу дозанашкара блок-посташ дIаяха еза аьлла. Коьртачу декъана цо юьйцург яра ГIалгIайчоьнан а, ХIирийчоьнан а дозанца лаьттош йолу Черменан олу пост.   Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша яздарехь, Черменера пост хIоттийра 1975-чу шарахь. Читать дальше...

Гуьржийчоь - уллехь, Нохчийчоьнца некъ - геннахь

Radiomarsho.com 

Билалов МаIаз Нохчийчохь юха а долийна хьехо Гуьржийчу боьду некъ биллар. ХIирийчухула болучу «ТIеман-Гуьржийн некъанна» дуьхьал бен некъ санна юьйцу Соьлж-ГIалано шен проект. Материал кечйина "Кавказ.Реалиино". Нохчийн лаьмнашкара араболий, Мцхета-Мтианети махкарчу Душетин муниципалитетерчу пхийн Шатили юьрта буьгу прокто некъ. Ахька а, Iай а, шийла я йовха йолуш, дIасалела таро луш, Шатили боьду некъ биллира цхьа зама хьалха Ичкерин Iедало. МостагIаллехь Iачу Оьрсийчоьно гоне лаьцна кхобучу... Читать дальше...

Iедалхошна генара дIа болх бан бакъо лур ю Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Iедалан белхахошна генара дIа болх бан бакъо луш низаман проект кечйина Нохчийчохь. Цунах лаьцна хаам бина экономикан а, территорин а кхиарехула а, махбаран а министро Идрисов ИбраьхIима, дуьйцу "Оьрсийчоь тахана" телеканало. "И низаман проект тIеэцаро аьтто бийр бу кхин а алсам хьелаш кхолла Iедалан балха эца лаккхара говзалла йолу махкал арахьа а, республикерчу генарчу ярташкахь беха говзанчаш, - даладо цуьнан дешнаш министраллан зорбан сервисо.   Дийцарехь, генара дIа болх бан аьтто болу даржаш билгалдохур ду низамийн акташца. Читать дальше...

"Оцу боларца вай скифийн а, цIарматийн а тукхамашна тIекхочур ду". Нохчийн историкаш къевсина "ГIалгIайн тайпийн кхеташоно" дало бахьанаш

Radiomarsho.com 

БIаь шо а, кхин а хьалха а арахецначу кехаташна тIе а тевжаш, "ГIалгIайн халкъан тайпийн кхеташо" дозанаш хийца гIертар чекхдера долуш хIума дац, Кавказера къаьмнаш дехачу меттигийн дозанаш цул тIаьхьа кхоччуш хийцаделла хиларна, аьлла дIахьедар дина нохчийн историкаша. Цунах лаьцна яздо Кавказ.Реалиино, "Кавказский узел" порталана тIе а тевжаш. Нохчийн политолог а, историк а Мартагов Руслан реза вац ГIалгIайчоьнан территореш а, дозанаш а билгалдахаран юкъараллин комиссин гIантдас Гойгов Асхьаба... Читать дальше...

Путинан проспектехь тӀеттӀакхетта ши машен

Radiomarsho.com 

Некъан хьовзам хилла Нохчийчохь Соьлж-ГIалин юккъехь Путинан проспектехь. Цигахь тIеттIакхетта "Дэу Матиз" а, "Тойота Камри" а. И бахьана долуш лазийна ву ши стаг - "Деу"-на урхалла деш хилла 66 шо долу меттигера вахархо а, цуьнан машенахь хилла некъахо а.   Дархой дIакхачийна хилла Соьлж-ГIаларчу дарбанан хIусаме. Цигахь лоьраш гIо динчул тIаьхьа и шиъ цIавигина. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаy Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо бинчу хаамца, некъан хьовзам хилла «Дэу Матиз" машенлелорхочо... Читать дальше...

Къаьмнаш махкахдахар емалдира Советан Iедало 30 шо хьалха

Radiomarsho.com 

Къаьмнаш, церан автономеш а йохош, махкахдахар зуламе дара, аьлла официалехь мах хадийра Сталинан заманахь леллачу репрессийн Советан Iедало 30 шо хьалха. 1989-чу шеран Лахьан-беттан 14-чу дийнахь тIеийцира «Низаме йоцуш а, зуламе а ларар, къаьмнаш ницкъаша кхечу меттигашка даха а ховшош, царна дуьхьал латтийна репрессеш, оцу къаьмнийн бакъонаш меттахIиттор» цIе йолу Деклараци.

Нохчийчуьрчу тIеман полисхоша шайн Iуналле эцна Шемахь Iамеркахоша дIатесна тIеман база

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан тIеман полицино шайн Iуналле эцна Шеман къилбаседехь йолчу Кобани гIалана уллера аэродром. Хьалха цигахь дIатарйина яра Iамеркан тIеман база. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло.   ТIеман полицин лаккхарчу инспекторо дийцарехь, карарчу хенах сапераш толлуш бу Iамеркахоша Лахьанан-беттан 13-чу дийнахь дIатесначу цу объектехь лелха хIуманаш ю-яц. РИА Новости агенталло билгалдаккхарехь, ГIадучу-бутт чекхболуш ХIирийчуьрчу аэродромера Шема хьажийра Нохчийчуьра 300 тIеман полисхо.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *