Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2019

Новости за 29.11.2019

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (29.11.2019)

Radiomarsho.com 

Некъан хьовзамаш бу, тоьках декхарш гудо, латтанаш минех цIандо (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Нохчийн меттан а, цуьнан бакъонийн а дошам арахеца дагахь бу Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийн меттан а, меттан бакъонийн а йоккха дошам Нохчийчохь арахеца сацамбина аьлла, хааме даьккхина республикерчу синбахамаллин министраллан пресс-гIуллакххоша. Мотт Iалашбан а, кхион а хьесапца мехкан куьйгалхочуьнгахула кхоьллинчу экспертийн кхеташонан цхьанакхетарехь бина ишта барт. Кхеташонан куьйгалхочун гIовса Байсултанов Идриса дийцина, нохчийн литературан мотт кхиорехь яккхий проблемаш лаьтташ хиларх. Цо бахарехь, кIезиг пайдаоьцу маттах белхан меттигашкахь а, чохь-арахь буьйцуш а, хьаькамаша дечу къамелашкахь а. Читать дальше...

Москварчу нохчийн йоIа шена къинтIера ваьккхина Кадыров (+видео)

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан бахархой къинтIера бохуш рагI кхаьчна Москвахь ехачу нохчийн йоIе. Инстаграмехь @iman_baisultanova никца аккаунт схьайиллина, Нохчийчоьнан куьйгалхо а, цхьаболу махкара бахархой а емалбеш, комментареш язъеш хилла цо, яздо "Комсомольская правда" газетано. ПIераскандийнахь интернетехь яьржинчу видео тIехь ша "карор яц моьттуш хьаштдоцург дийцинчу" йоIа шена гечдар доьху. "Байсултанова Иман аьллачу цIарца агIо яра сан йиллина. Цигахь Кадыровх а, цхьаболчу нохчех а лаьцна посташ хIиттайора ас. Читать дальше...

Тоькан серий хедош охьадуьллуьйту бахархошка декхар

Radiomarsho.com 

Карара шо доладелчхьана "Чеченэнерго" компанин белхахоша 86 855 эзар сом тоькан декхар тIехь долчу вахархочунна кхачам боллуш  ток ма кхачае аьлла, дехар динера. 1 миллиард сов ахча тIехь долу стаг тоькан серий дIахедочу тептаре язвинера. Шайга цунах хаам бинчул тIаьхьа 360 миллион сом декхар охьадиллина махкарчу 38 593 доьзало, яздо "Чеченинфо" агенталло. Ткъа тIехьарчийна декхар бахьана долуш республикера 5 154 хIусам ток йоцуш йисира ГIадужу-баттера Дечкен -батте кхаччалц. "Чеченэнерго" компанис дIахьедо... Читать дальше...

Соьлжа-ГIалахь хиллачу некъан бохамехь 3 кхиазхо лазийна

Radiomarsho.com 

Соьлжа-гIалахь яхначу буса "Лада Приоран" урхалла дар галдаьллачу машенлелорхочочун автомобил саьнгар чу йоьжна. Дийцарехь, новкъахь дуьхьалдаьллачу жIалена тIе ца тоха а гIоьртина, ледарло яьлла шоферера. Хиллачу бохамехь чевнаш йина 14, 16, 17 шераш долчу кхиазхошна. Уьш берриш а дарбан цIийне охьабехкина. Ишта де хьалха Хьалха-МартантIехь хиллачу некъан хьовзамехь лазийна "Toyota Camry" машенан урхалла динарг а ву дарбан хIусамехь. Карладоккху, некъан полицино тIаьххьара Iорадаьхначу терахьащца... Читать дальше...

ГIалгIайн а, нохчийн латтанаш дIацIандина сапераша

Radiomarsho.com 

РогIера латтанаш минех цIандеш мур дIабирзина Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а. Охан-баттера кху карарчу батте кхаччалц сапераша басийна 2 эзар сов тIеман гIирс, хаамбина еаридийнахь тIеман буьйранчаша. БIаьстаенан юьххьехь долийра сапераша нохчийн, гIалгIайн территореш лоьлхуьйтучу хIуманех маьршаяха. 100 сов сапер вара 1000 гектар юьртабахаман латтанаш цIандан тIеозийна. "ТIехьа-Мартанара а, Хьалха-Мартанара а, Гуьмсан а, Сунжан а кIошташкахь дуьйчу латташ тIехь а, хьаннашкахь а лелха кхерам болу лоьлхуьйтурш зеназа лелхийтина"... Читать дальше...

Пачхьалкхерчу регионашлахь уггар кIезиг божарий бу ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Росстатан зерашца, Къилбаседа Кавказерчу ГIалгIайчохь 45 процент ца кхоччуш бу божарий, яздо Region online хьостано. Ишта ГIалгIайчохь доьзалш кхуллу тIаьхьа, 35 шаре бевллачул тIаьхьа. Йоллу Оьрсийчохь а санна, зудабераш нехан цIентIе доьлху 25-34 шаре бевллачул тIаьхьа.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *