Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2019

Новости за 01.12.2019

Къоьллехь лийр вац Кадыров

Radiomarsho.com 

Тергамаш: Нохчийчохь хьаькамаш хьанал бехаш хилча, царех кIезиг кхаьрдар бара нах Новкъадеана махкарчу бахархошна шайх лаьцна Кадыров Рамзана аьлларг: болхбан ца лаьа нохчашна. Ша шегарчу даржан гIоьнца гулдина хьал халла хенера долучу халкъан бIаьргаш чу а ца детташ, нахана белхаш нисбича, ша бохучунна тIехь бакъ хила а там бара иза, амма хIинца цо юьйцург харцо ю, аьлла хета «Кавказ.Реалиица» къамел диначарна. Мехкан бахархошна оьшшучул белхан меттигаш кхолла шайн ницкъ цакхачар, къам бехке а деш, дерзийна Кадыровс. Читать дальше...

КъахIирехь набахтехь латточу студентийн хан дIаяхйина

Radiomarsho.com 

Карарчу беттан 10-чу дийне кхаччалц чохь вита сацамбина Мисарахь лецна КъахIирерчу набахтехь латто гIалгIайн виъ студент: Плиев Рамзан, Чемурзиев Исмаил, Аушев Илез, Дзейтов Iела. Царна дуьхьалдаьккхинчу гIуллакхца бехкеечу Оьрсийчоьнан яхархочун Зулхоморан йоIа Салиходжаева Фатимас бина цунах лаьцна хаам. Хан дIаяхъеш вовшахтоьхначу кхелан процессехь дакъалаьцна ю иза, цо дийцарехь. Цигахь къайлах ницкъахоша дIахьедина йоIе, шина шаре кхаччалц чохь буьтуш сацамбан а тарло аьлла. Экстремизмна бехкебеш бу студенташ. Читать дальше...

Имам Шемалан сий дина спортхо латаршна юкъараваьккхина

Radiomarsho.com 

Имам Шемалан сурт тIаьхь долу майка йоьхна, совгIаташ дIасадоькъучу церемони юкъаваларна 4 баттана дисквалификаци йина дагестанхойн латархочунна Садулаев Iабдулрашидна, яздо "АиФ Дагестан" хьостано. Нур-Султанехь ши бутт хьалха дIаяьхьначу дуьненан чемпионатехь 4-гIа дашо мидал яьккхина Садулавес. Чемпионатан регламентца а догIуш, шен къоман латархойн духарца бен нахана юкъавала бакъо ца хиллера спортхочун. "Объединенный мир борьбы" (United World Wrestling UWW) Дуьненаюкъарчу федерацино латархочо... Читать дальше...

Путинна совгIат дохьуш вогIу шемахо Ростов-гIала кхаьчна

Radiomarsho.com 

Ростов-гIала кхаьчна Шемара вогIу Аззам Iаднан. 8 бутт бу иза говрахь Димаьшкъара Москва кхача лаам болуш араваьлла. Терроризмца къийсам латтош волчу Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна даггара баркалла а олуш, цунна Iарбойн говр совгIатна яла лаам болуш лела Аззам. "9 шо ду Шемахь тIемаш лаьтта. Исс шо ду доллу дуьненчуьрчу террорхошца шемахой лета. Оьрсийчоьно а гIо до цу тIехь. Оха даггара баркалла боху Путинна а, шун къомана а тхуна тIехIиттарна, хьал хийцарна", - аьлла Аззам Iаднана. Читать дальше...

КъорIанан аяташ машенаш тIехь яздар доьхкуш ду Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Машенийн куьзганашна тIе КъорIан аяташ тIехь долу кехаташ ма летаде аьлла, кхайкхамбина Нохчийчуьрчу машенашлелорхошка мехкан Динан урхаллан векало, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. "Динан говзанчаша дихкина ду КъорIан чуьра деза аяташ машенаш тIехь яздан а, кехаташ лето а, хIунда аьлча, Дала даздинчу дешнашка ларам ца хилар долу дела", - аьлла муфтиятан векало ша бинчу видеокхайкхамехь.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *