Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2019

Новости за 29.12.2019

Йийсархой хийцар доладелла Украинехь

Radiomarsho.com 

Украинин Iедалша а, Оьрсийчоьно лелочу Добассерчу сепаратисташа а йийсаре лецна а, чубоьхкина латтийна а нах хийца болийна. Иза дIадоьдуш ду Донецкан махкахь Горловка гIалан гергахь йолчу КПП-хь. Нах хийцаран процедура дIайолаелла хиларх лаьцна хаам бина Украинин президентан офисо а, ТАСС агенталло а.   Болчу хаамца, Украино сепаратисташна дIалур ву 87 стаг, ткъа "ДНР" а, "ЛНР" а олучу тобанаша Украине - 55.

Кхелан сацам нийса бац, бохуш кхайкхам бинчу нохчочо юхаэцна ша дийцинарг

Radiomarsho.com 

Волжскан гIалан кхело бина сацам бахьанехь эргIадвахана кхайкхам арахецначу стага юхаэцана ша дийцинарг, хаам бо Кавказ.Реалиино.   ГIура-беттан 27-хь Волжск гIалан кхело 14 шо луьрчу хьолехь колонехь даккха хан туьйхира Нохчийчуьра схьаваьлачу стагана. Цунах лаьцна хаам бира "КП Волгоград" сайто, областан кхелан зорбан сервсисна тIе а тевжаш. Цу бехктакхаман гIуллакхехула, 3-нна тIера 11,5 шаре кхаччалц хенаш а тоьхна, чувоьллина кхин 9 стаг. Уьш бехке бина талораш деш тIелетарш дарна а, кхерамаш туьйсуш ахчанаш дахарна а. Читать дальше...

Дечкен-беттан 1-хь дуьйна Оьрсийчохь лакхадокхуш ду уггар лахара беттан алапа

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира кӀел куьг таӀийна уггар лахара беттан алапах низамна. 2020-чу шеран Дечкен-беттан 1-хь дуьйна цуьнан барам хир бу 12 эзар 130 сом баттахь. Иза 7,5% алсам ду 2019-чу шарахь хиллачул а.   Евробертан статистикан урхалло далочу терахьашца, Европан Кхеташонан пачхьалкхашна юкъахь уггар лахара алапа ду Болгарехь - 286 евро, уггар лекхара ду иза Люксембургехь – 2071 евро.

Асадан эскарш тIелатарна дуьхьал акци хилла Истанбулехь

Radiomarsho.com 

Истанбулехь, бIаьннаш демонстранташ дакъа а лоцуш, акци хилла Идлиб провинцина тIелеттачу Шеман эскарна Оьрсийчоьнан тIеман дакъоша гIортор ярна дуьхьал. Дукхах болу цу акцин декъашхой бара Туркойчохь бехаш болу шемахой. Цара кхийкхайора Путинна дуьхьал хьажийна лозунгаш, ша аьлча, "Адамаш дайархо Путин, дӀаяхийта Шемара!" бохуш. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.  Шеман эскаран дакъош тIедуьйладаларна Идлибера арабовлуш бу дуккха а эзарнаш мухIажираш. Шеман къилбаседа-малхбузера... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *