Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2019

Новости за 20.12.2019

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (20.12.2019)

Radiomarsho.com 

Москвана таIзар дар, гамонца дина тIелатар, дех "цIаван ца ваьахьа" кIант", "халкъан яздархо" (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Оьрсийчоьнан минаша хIинца а дойуш ду адамаш

Radiomarsho.com 

Орцаллин министралло (МЧС) бинчу хаамца, 2019-гIа шо доладелчхьана Оьрсийчохь хIаллакйина ШолгIа дуьненан тIом боьдучу хенахь дуьйна эккхаза йисина 60 эзар гергга кхераме хIума. 70 шо даьлча а кхерам буьсуш бу бомбанна, гранатина я минина тIеIоттаваларан, яздо Кавказ.Реалиино.

ДаIишхойн могIарш дузуш вара аьлла, Кхарачойн-Чергазийчохь нохчо лаьцна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан бахархошна Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх  дIакхета марздеш вара иза аьлла, талламан органаша бехкзуламан гIуллакх диллина Нохчийчоьнан вахархочунна дуьхьал. Кхарачойн-Чергазийчоьнан дозанхойн урхаллан белхахочо бина и хаам "Интерфакс-Юг" агенталле. "Шемахь волчу цо, интернето лучу таронех пайда а оьцуш, керлачу чкъурах даIишхойн тобанаш юзуш хилла", - аьлла Кхарачойн-Чергазийчоьнан урхаллан векало. Нохчийчоьнан Талламан комитетан оперативан-талламан жамIийн бух... Читать дальше...

Сталинан 140 шо кхачар даздина БуьритIехь

Radiomarsho.com 

Сталин Иосиф вина 140 шо кхачар даздеш, йоккха концерт хIоттийнера БуьритIехь. Оцу барамехь дакъалаьцначарлахь бара коммунистийн партин декъашхой а, иштта тайп-тайпанарчу доьшийлашкара студенташа а. Оцу дийнахь лерина дешарна юкъахбаьхнера уьш бохуш, дуьйцу корреспонденто. Меттигерчу КПРФ-н декъашхоша вовшахтоьхнера дIаяьхьна концерт. БуьритIерчу барамехь дакъалаца баьхкинера Къилбаседа Кавзазерчу республикийн векалш а. «Кавказ.Реалиин» корреспондентца къамел динчу КПРФ партийн декъашхоша бахарехь... Читать дальше...

Умаров Джамбулатах "Нохчийн халкъан яздархо" вина

Radiomarsho.com 

"Нохчийн халкъан яздархо" аьлла, сийлахь совгIат дина зорбан министрна Умаров Джамбулатна. Цуьнан кхоллараллин суьйрене веъначу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бина и хаам, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. "Министр Умаров Джамбулат вац вай вазвийриг, йоллу Оьрсийчохь а, цул арахьа а гоьваьлла яздархо, поэт, философ, публицист ву. Нохчий- оьзда, къинхьегаме, шайн дукха заманара схьа йогIуш культура а, истори а йолуш къам дуйла гайта ницкъ кхаьчна цуьнан", - аьлла Кадыровс. Я Онлайн-библиотекашкахь а... Читать дальше...

Соьлжа-гIаларчу дийнатийн хIусамех цIе яьлла (+видео)

Radiomarsho.com 

Соьлжа-гIаларчу дийнатийн хIусамах цIе яьлла, массо а цицигаш а. жIалеш а кIелхьардаьхна шаьш аьлла, хаамбо республикерчу орцан министралло. "ПIераскан сатосучу заманчохь хаамбира тхоьга дийнатийн "Надежда на жизнь" олучу хIусамех цIе кхерстина аьлла. 170 жIала а, цициг а кIелхьардаьккхина оха. Эха сахьтехь цIе а дIаяйира", - аьлла бу орцанхойн хаам. Мича бахьанашца яьлла цIе толлуш бу полисхой а, орцанхой а.

Соьлжа-гIалахь вайна шен кIант карор ву аьлла, тешна ву да

Radiomarsho.com 

Соьлжа-гIалахь вайначу Амаев Майрбекан дегара цуьнан воI варах бина хаам чуэцна полицино, гIуллакх листа дийнна бутт оьшур бу аьлла, билгалдоккхуш. "Оха дIахаийтина полицига. Тешаша мукIарло дина. "Яндекс.Таксига" а хеттарш дина хир ду-кх цара. Доцца аьлча, тхан дIахьедарца талламаш болийна-кх цара", - аьлла дас Мовладис Цхьанхьа "сакъоьруш" хир ву шен кIант, кеста гучувер ву аьлла, шеконаш ю боху дас шен. "Иза кеста карор ву. Со шога да ву, цундела сох кхоьруш, цIа ван ийзалуш Iаш хила а тарло", - аьлла Амаев Мовладис. Читать дальше...

Хадархо хилла ву ФСБ-на тIелеттарг

Radiomarsho.com 

Еаридийнахь Москварчу ФСБ-н гIишлон гергахь герзаш диттинчу Манюров Евгенийн нанас дийцина хаамийн гIирсашка, тIаьххьарчу шерашкахь шен кIант хадархо вара, амма масех бутт хьалха балхара дIавелира иза аьлла. "Baza" хьосто дийцарехь, цо болх бинчех ю "Вымпел" спецназан ветеранашца йоьзна йолу "Вымпел-резерв" компани а. Манюровн нанас дийцарехь, эскархойн могIарехь хилла вац цуьнан кIант. Жимчохь боксах лата Iемина вара. Герз кхосар дезаш а хилла, 3-4 шарахь Iаморашка лийлира иза аьлла, дийцина цо "Комсомольская правда" газете. Читать дальше...

Полисхошна доьзалера бераш дIадаха бакъо яккха гIерта

Radiomarsho.com 

Нагахь санна, бер доьзалехь дита кхераме мIаьрго хIоттахь, полисхошна и бер ханна цу хIусамера дIадаккха бакъо луш, Доьзалан кодексехь хийцамаш бар хьехна Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. "Новости" агенталло яздо цунах урхаллан куьйгалхочо Колесник Станислава динчу дIахьедарна тIе а тевжаш. Амма, оцу бинчу хийцамийн бух тIехь дегара а, ненера бакъонаш схьаяха могуьйтур дац аьлла, билгалдаьккхина Колесника. Берийн интересаш Iалашъечу социалан хьукматаш Iуьйранна исс сахьт даьлча суьйранна 6 даллалц бен болх беш яц... Читать дальше...

Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш дIаяхйина Евроберто

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна экономикан санкцеш дIаяхйина Евробертан Кхеташоно (ЕС) 2020-чу шеран Товбеца-беттан 31-чу дийне кхаччалц. Евросоветан сайтехь официалан хаамбина цунах лаьцна. Минскан дийцарш кхачо йоллуш кхочушдина цахиларан бахьана ду санкцеш тохар. Кху беттан 13-чохь ЕС-н саммитехь Германин канцлеро Меркель Ангелас билгалдаьккхира, "нормандин форматехь" хиллачу цхьанакхетарехь гIеххьачу прогресе кхачийна аьлла. Делахь а, йоллу санкцеш юхаяха тоаме дац иза аьлла канцлеро. Германин позицина тIетевжина Франци а. Читать дальше...

Лубянкехь хиллачух дуьйцу тешаша

Radiomarsho.com 

Еарин суьйранна вевзаш воцчу стага, хетарехь, Калашниковн автомат йиттина Лубянкерчу ФСБ-н гIишлонна хьалха. ТIелатар дечохь хилла тешаш зIене бевлла, шайна гинчух лаьцна дийцира «Настоящее Время» телеканале.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *