Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2019

Новости за 22.12.2019

Санкт-Петербургехь бехачу нохчашца цхьанакхетта муфтий Межиев

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан муфтий, мехкан куьйгалхочун гIоьнча Межиев Салахь цхьанакхетта Санкт-Петербургехь бехачу махкахошца. "Грозный-информ" агенталло дийцарехь, нохчийн къоман ламасташ лардан Iалашонца вовшахтоьхна хилла и барам. Нохчийчоьнан хиллачу президентех Кадыров Ахьмадах а, экстремизмна а, терроризмна а, наркоманина а, цигаьркаш ийзарна а, къаьркъанаш мийларна а дуьхьал латточу профилактикех а дийцина, дирзина цхьанакхетар, яздо агенталло.

Нохчийчуьрчу шина вахархочуьнгара наркотикаш яьхна

Radiomarsho.com 

"Наблюдение" аьлла, йолийначу операцин гурашкахь Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша Пригородное кIотарара вахархо лаьцна Ленинск кIоштахь. Цуьнан дегIах таллам бинчул тIаьхьа 140-150 грамм кIомалх тера хIума чохь йолу жима тIоьрмиг баьккхина цуьнгара. Оццу юкъанна ТIехьа-Мартанарчу полисхоша СемаIашкахь лаьцначу Теркйистерчу вахархочуьнгара 60 грамм хиллал марихуана яьккхина. Цаьргара схьаяьхна пакеташ экспертизе яхьийтина.

"Coffee Feast 2019" фестивал дIаяьхьна Соьлжа-гIалахь

Radiomarsho.com 

Сьлжа-гIаларчву зезагийн паркехь дIаяьхьна, туризман министраллан инициативаца, республикехь шолгIа вовшахтоьхна кофен «Coffee Feast 2019» фестивал. 10 кофейнерчу белхалоша жюрин тидаме йиллинера кеп-кепарчу рецепташца кечйина кофе. Ишта дIаяьхьира тоьлла бариста къастош конкурс а.  Жюрин жамIашца, хьалхара меттиг баьккхина Данбаев СаьIида, шолгIаниг - Махмаев Шемала, ткъа 3-гIа меттиг кхаьчна Мужеидов Шемална.  «Coffee Soul» кофейнера белхалой бу уьш берриш а.

Кадыровна жоп делла латархочо Емельяненкос

Radiomarsho.com 

"Ахмат" клубан хиллачу латархочуьнца матч я ММА-н турнир хIотто ша кийчахилар дIахаийтинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна жоп дитина латархочо Емельяненко Александра." Вызови Емельяненко на бой" аьлла, ша кхайкхийначу флешмобна нохчийн лидеро гIо лаьцна шена аьлла хета Емельяненкона. "Сан «Вызови Емельяненко на бой» аьлла, йолийна флешмоб сан доттагIчух Кадыров Рамзанах а дIакхетта. Ахмат Сила", - яздина латархочо Инстаграмехь. Оьрсийчоьнан ММА-н ийначу кепехь латархочо Емельяненко... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *