Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2020

Новости за 20.05.2020

Коронавирусах тобеллачийн плазма йоьттина Адыгейхь дуьххьарчу пациентана

Radiomarsho.com 

COVID-19 цамгар а лайна, тобеллачу нехан плазма йоьттина Адыгейрчу дарбан хIусамехь пациентана дуьххьара. ХIо лучу аппаратах воьзна, халачу хьолехь ву доноршкара гIо кхаьчнарг. Оцу хьокъехь хаам бина уьнна духьалоечу мехкан оперативан штабехь Адыгейн могашаллин министра Меретуков Рустема. Коронавус юхайоккху цIийнан плазма кечъеш, донорш лоьху лоьраша республикехь, боху цIий дуттучу станцин белхахоша. Меретуковс хьалхо хаийтина ма-хиллара, массех дархочунна тоххал плазма кечйина лоьраша, цунах пайда оьцур бу деношкахь. Читать дальше...

Гуев Георгийн дов нийсонца таллар доьху Оьрсийчоьнан Инарла прокуроре "Бесланан Наноша"

Radiomarsho.com 

Талорийн тохарша зен динчу нехан Къилбаседа ХIирийчуьрчу "Бесланан Наной" ассоциацино кехат хьажийна Оьрсийчоьнан Инарла прокуроре Краснов Игоре терроризмана ахча латторна бехкевечу Гуев Георгийн дов тергоне эцар доьхуш. Юкъараллин куьйгалхочо Дудиева Сусаннас дийцира "Кавказ.Реалиига", шайн Iалашо ю махкахочун дов нийсонца таллийтар, аьлла. Ткъа юкъаралле шайн агIолацар дехнарш бу Гуевн ваша а. зуда а. "Оха зийра, мила ву Гуев Георгий. Гира цо дешначу классан куьйгалхо а, школин хьехархой а, цуьнца классехь дешнарш а. Читать дальше...

Вирусан "терза"; 8 велла Кавказехь; Тезето ун даржийна; Лоьраш бу эгаш

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь дуьххьара бу тобелларш цомгушчел дукха, коронавирусах 8 стаг велла, 517 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь, Адыгейхь тезета еъначу зудчо шегара ун дIасаделла 151-нна, 380 лор цомгуш ву уьнах ХIирийчохь

Темиртау - Алеппо - Вена. Шемахь тIом бинчу казахстанхочунна набахтехь даккха 12 шо хан тоьхна Австрехь

Radiomarsho.com 

Терроризмаца доьзна зуламаш лелийна аьлла, набахтехь даккха шена тоьхна 12 шо доккхуш ву Шемахь тIемаш бина Казахстанан вахархо Арчаков Мохьмад. Венехь дов хаьттира цуьнан. Казахстанан Iедалша дехар динера, шайн вахархо схьавоьхуш, амма дуьхьало йира Австрино бохуш, яздо Казахстанан Азаттык Радионо. Арчаков Мохьмад Австрерчу набахтехь хан токхуш волу цхьа ах шо хан а ю. Казахстанера схьаваьлла 30 шо долу жимстаг, Австрехь лаьцна, Венерчу кхелахошна хьалха хIоттийра стохка Мангал-баттахь. Цигахь вехаш вара иза, шена тховкIело а ехнера цо. Читать дальше...

Оьрсийчохь дийнахь-буса коронавирусах тобелларш алсам бу оццу хена чохь цамгар кхеттачу нахал

Radiomarsho.com 

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан статистико гайтарехь, Оьрсийчохь дийнахь-буса коронавирус гучуяьлла 8 764 стагехь, ткъа товелла цамгарх оццу хена чохь 9 262 стаг. Коронавирус алссам яржа йоьлчхьана йолчу ханна дуьххьара лахлуш ду цомгуш хиллачийн терахь тобеллачу нехан терахьал. Юьхьанца дуьйна схьа 308 705 стагана кхетта ун Оьрсийчохь. Официалера болчу хаамашца, коронавирусах цомгуш хилла пачхьалкхехь 220 341 стаг. Царех товелла - 85 392. Велла уьнах 2 972 вахархо. Критикашна хетарехь... Читать дальше...

380 медик ву коронавирус хьакхаелла Къилбаседа ХIирийчохь

Radiomarsho.com 

Шайн махкахь коронавирус хьакхаеллачу нахах йолхалгIа дакъа лоьраш бу – 380 стаг, хаам бина "Осетия-Ирыстон" телеканалехула социалан страховани ечу фондан меттигерчу декъан куьйгалхочо Айларова Залинас. Оцу медикех 123 шен тептаршка язвина фондо, кестта царна ахчанца компенсаци йийр ю, аьлла цо. Лундолу ахча ду 68 811 сом. Махкахь коронавирус хьакхаеллачу нахана дарба деш ву карарчу муьрехь 2 882 медик. Хьалхо "Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара, цомгуш хилла лоьраш БуьритIера хилла ца Iа, бу уьш республикерчу кхечу гIаланашкара а ... Читать дальше...

"Сахиллалц дIабухкуш бара нах"

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу Лахара Казанищехь меттигера дарбан хIусам наха вовшахтоьхначу ахчанашца кечйира, яздо "Кавказ.Реалиис". Акаев Абусуфьянан цIарах фонд схьайиллинчу Акаев Шерифуллас Стигалкъекъа-бутт карабеачхьана гулдеш дара COVID-19 ун даьллачу нахана гIоьнна ахча, кхойкхуш бара волонтераш а. 20 эзар стаг вехачу юьртахь 100 маьнга хIоттийна цхьа лазартне бен яц. Пандеми яьржичхьана кхузахь велла 30 гергга меттигера вахархо. Коронавирусан инфекци хилар тIечIагIдина дацара тесташ цахиларна. Лоьрашца а... Читать дальше...



Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 8 стаг, цомгуш хилла кхин а 517

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусах бархI стаг велла Къилбаседа Кавказехь, керла дархо ву 517. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Дагестанехь велла виъ стаг, Къилбаседа ХIирийчохь – кхоъ, Ставропол-махкахь – цхьаъ. Верриг а коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велларг ву 177 стаг. Цамгар хьакхаеллачийн керла а, юьхьанца дуьйна схьа а долу терахьаш: Краснодар-мохк +91 (2 883 юьхьанца схьа) Дагестан +90 (3643) Къилбаседа ХIирийчоь +72 (2 314) ГIебарта-Балкхаройчоь +66 (1 952)... Читать дальше...

Ун даьлча цомгуш хилла нах юьстахбовлуш хилла Даргавсера некропол

Radiomarsho.com 

Къилбаседа ХIирийчуьрчу Даргавс эвлахь ун даьржича цомгуш хилларш юьстахбовлуш хилла "беллачийн гIала" (некропол) олучу меттиге. Дийцарехь, уьнах хьалхаваьлла царах шен гергарчарна тIе юхавеана вац цхьа стаг а бен. Ширачу заманчохь Кавказехь иштта сацо гIерташ хилла ун даржар.

Тезета бахначу нахах 151-нна коронавирус кхетта Адыгейхь

Radiomarsho.com 

Адыгейрчу Бжедугхабль юьртахь веллачу стеган тезетахь хиллачу нахах 151-нна коронавирус кхетта. Ун даьржина шеца цамгар а йолуш тезета еъначу цхьана зудчуьнгара, боху "Новая Кубань" ("Керла ГIоба") газето. "Красногвардейскан кIоштахь COVID-19 яржаро доьхку цхьацца ярташкара карантин малъян ", - аьлла Адыгейн куьйгалхочо Кумпилов Мурата. ТIаьххьара йолчу информацица, 561 стаг ву Адыгейхь коронавирусах цомгуш.

Пятигорскерчу дарбан цIийнан йиъ хIусам карантинна дIакъевлина COVID-19 бахьанехь

Radiomarsho.com 

Шина пациентехь коронавирус карор бахьана долуш, йиъ хIусам карантинна дIакъовла дезна Пятигорскерчу гIалин дарбан цIийнехь. Вуьйцу ши лазархо юьхьанца дарбан цIийне кхачийна хилла деган лазарца, амма тIахьо гучудаьлла царна пехийн цамгар кхетта хилар. Яьхначу тесташа гайтина уьш шайца коронавирус йолуш буйла, хаам бо REGNUM агенталло. Дарбан цIийнан еа хIусамера медикаш а, цхьацца лазаршна дарба дан чубехкина нах а изоляцин хьелашка баьхна шина кIиранна – иштта ду Роспотребнадзоран низам. ... Читать дальше...

Бер кхачийна беракеманца дарбан цIийне Къилбаседа ХIирийчохь

Radiomarsho.com 

Исс бутт болу бер Мазалкан кIоштара БуьритIе кхачийна беракеманца Къилбаседа ХIирийчуьрчу лоьраша. Цунна COVID-19 кхетта хиларх шеко ю, элира "Кавказ.Реалиига" мехкан могашаллин министраллерчу пресс-векалто. "Бер зийна коронавирусна, амма жамI хууш дац цкъачунна. Лаккхара дагар долуш далийна иза БуьритIе, республикан клиникан хIусаме", - дийцира могашаллин министраллехь. Пехийн цамгар йолуш дарбан хIусамашка диллина ХIирийчохь 16 бер. Стигалкъекъа-беттан 19-чу денна йолчу информацица, республикехь коронавирус гучуяьлла 2314 стагехь. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *