Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2020

Новости за 26.05.2020

ХIирийн бусалбанийн урхаллин куьйгалхочун шкафа тIехь молханаш карийна

Radiomarsho.com 

Лидовская Анастасия Къилбаседа ХIирийчохь кест-кеста девнаш дуьйлу медикашний, коронавирусах цомгуш болчу нехан гергарчараний юкъахь. Шайн нахана шайггара дарба лелодо доьзалхоша, къийсало лоьрашца хааршца, "оьшшу" молха лазархочунна дала гIерташ. "Кавказ.Реалиига" дийцира республикерчу клиникан хIусамерчу медика оцу хьокъехь. "ХIинцца, деношкахь, вайн муфтийн шкафа тIехь молханаш карийна", бохура зудчо. Муфтийс Гацалов Хьаьжамурда аьлла лоьрашка, шена гергарчара деана молханаш, "уьш дика ду бохуш а хезна". Читать дальше...

Моргехь лаьттачу хьолах арздина Путине БуьритIерчу яхархочо

Radiomarsho.com 

Коронавирусан пандеми бахьанехь моргехь лаьттачу хьолана латкъам бина Оьрсийчоьнан президенте Къилбаседа ХIирийчуьрчу яхархочо Голошапова Юлияс, яздо "Кавказ.Реалиино". (Редакцехь кехатан копи йолуш ю). Цо чIагIдо, шен нана моргехь болх беш ю, ткъа цигара белхахой коронавирусан инфекци йолчу нахаца болх бечаьрца лоруш бац, цундела президенто дIало аьлла, ахча цунна кхочуш дац. Цул совнах, чIагIдо Голошаповас, стаг уьнах ларвен гIирсаш а патологоанатомашна тоаме бац бохуш. Иштта цо дуьйцу кехата тIехь... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказера COVID-19, "Новая газете"- кехат, Зуда яло магор, Хастаме конкурс

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь 28 стаг велла кронавирусах, ун даьлла 518 вахархочунна; къаьсттина дукха бу ун даьлларш Дагестанехь а, Кубанехь а; нохчийн тIемалойн гергарчара кехат дахьийтина "Новая газете", цо зорбане яьккхина материал ца тайна царна; Нохчийчохь динан урхалло магош ду там-мах бар; Кадырова Айманина хастамаш байта хьийза республикера Iедалхой

Полисхоша бахархошна еттарх лаьцна хаамаш баржийна зударий кхеле баьхна

Radiomarsho.com 

СемаIашкахь изоляцин низамаш дохийначу бахархошна полисхоша йиттина аьлла, аудиош социалан машанашкахула яржийначу зударша шайна къинтIера довлар дехна. Кхаа зудчо гечдар доьхуш дIаязйина видео меттигерчу инстаграм-аккаунтехь зорбане яьккхина. Видео тIехь хIора зудчунна уллохь лаьтташ цуьнан цIийнах волу борша стаг ву. Цара а доьху гечдар. "ХIуммаъ гина дац. Цхьа а полисхо а, йа мелла стаг а гина вац суна", - боху Малика цIе йолчо. "Вайн дуьхьа хьийзаш ма бу уьш. Дийца мегар дац 'суна моьттинера', 'суна гира', 'со Iадийнера' бохуш. Читать дальше...

Марха достучу кхаа денна къевлина ю ХIинжа-ГIала

Radiomarsho.com 

Мархо достучу кхаа денна дIакъевлинера Дасестанан коьрта шахьар. ХIинжа-ГIала чубуьтуш бац нах ур-аттал гIаш а. Дихкина ду транспорт дIасалелар а. Iедалша дIахьедина гIала схьайостур ю тахана-кхана аьлла. Цкъачунна иза дIакъевлина ю.

Европерчу пачхьалкхашна юкъахь короновирус дуьххьара дIаяьлларг шайн мохк бу, боху Черногорин премьеро

Radiomarsho.com 

Коронавирусах цIанъяла Европехь дуьххьара аьтто баьлларг Черногори ю аьлла, дIахьедина цу пачхьалкхан премьер-министро. Кхо кIира гергга ду цигахь и ун кхетта керла стаг гучуваланза.

Нохчийчоь: Марха достучу дийнахь – лецарш, буй-тIара

Radiomarsho.com 

Марха къобалдан арабевлларш бIогIамех боьхкура ницкъхоша. Марха дастар лецаршца, нахана еттарца дIадаьхьна Нохчийчуьрчу полицино. Ватсап-тобанашкахь хеза тешийн а, "бишка кхеттачийн а" леткъамаш. Карантин ю, чохь совца, бахарх, Iедале ла ца доьгIнарш бу дуккха а. Бакъду, омра муха дохадо гайтира шаьш хьаькамаша. Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь хаам баьржира, махкарчу коьртачу маьждигехь гул а белла, ламазаш деш бу Нохчийчоьнан куьйгалхой а, динан дай а, аьлла. "Новая газетан" журналиста Милашина... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказ: коронавирусах велла 28 стаг, ун даьлла 518 вахархочунна

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 28 стаг, цомгашчарна тIекхетта кхин а 518 пациент, яздо "Кавказ.Реалии" портало. Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь 21 кхелхина, Къилбаседа ХIирийчохь - пхиъ, ГIалгIайчохь а, Ставрополан махкахь а цхьацца стаг. Верриг а COVID-19 вирусах хьалха ца ваьлла Къилбаседа Кавказехь ун даьржичхьана 294 дархо. Къаьсттина дукха нах бу ун даьлла Дагестанехь а, Кубанехь а - шинхьа а 89 пациент ву... Читать дальше...



Зорбанаш: Кадыровн кема Москвара Соьлж-ГIала деана

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кема де хьалха Москвара Соьлжа-ГIала кхаьчна аьлла, хаам бина "Эхо Москвы" радиостанцино. Цо бахарехь, МБХ сайто Iорабаьккхина и хаам, хIаваэхула лелачу кеманашна тIехь терго латточу сервисан хьостех пайда а эцна. Дахначу кIиранчохь масех агенталло, шайн хьосташна тIе а тевжаш, яздира Нохчийчоьнан куьйгалхо коронавирусан шеконашца лоьрийн тергонехь ву аьлла. Иштта дуьйцура, Кадыровн кема Соьлж-ГIалара гIаьттина Москва дахара бохуш а. Официалехь я бакъдеш а, я харцдеш а дац даьржинарг. Читать дальше...

Нохчийчохь там-мах бар дIадолийна юха а

Radiomarsho.com 

Эпидеми яьржича махкахь керла доьзал кхолла ханна дихкинчу Нохчийчуьрчу Динан урхалло сацам тIеэцна, тIейогIучу заманчохь шариIатехь зуда ялор магош. Цунах лаьцна инстаграмерчу шайн аккаунтехь хаам бина республикан муфтийс Межиев Салахьа, яздо ТАСС агенталло. Карладоккху, коронавирусаца доьзна Нохчийчохь Охан-беттан 13 -чохь дуьйна дихкинера бусалба низамашца там-мах бар. Межиевс бахарехь, хIинца а дихкина дуьсу, нах а гулбеш, даккхий тойнаш хIиттор. "Юьртан имам цхьана машенахь вахана, керла доьзал кхуллучу шинна юкъахь там-мах а бина... Читать дальше...

Кадырова Айманина тоьлла байт ешначунна - iPhone 11

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан нанна, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан президентана Кадырова Айманина хастамаш беш, тоьлла байт ешначунна совгIаташ лур ду аьлла, конкурс дIакхайкхийна республикехь. Хааме даьккхина "Грозный Информ" агенталло. Оцу къовсамехь дакъалаца кхойкху 14 шаре бевлла кхиазхой, инстаграмерчу кху аккаунташка язбелла хила безаш бу, конкурсан билламашца: @ya_pomoshnik_kra_95, @kadyrov_news95, @kadyrov_family, @team.kadyrov_95. Оьрсийн йа нохчийн меттанашкахь дIайоьшу байт дIаязйина хила еза видеоца. Читать дальше...

Таджикистанехь тIаьхьалонна кешнаш доху, тIаккха уьш дIакъовлу телатаца

Radiomarsho.com 

Iедало бечу хаамашца, Таджикистанехь коронавирусан ун даьлла ву 3 эзар герга стаг, 1 эзар сов дархо товелла, 46 - велла. Амма оцу терахьех тешаш бац меттигера бахархой. Интернетехь сих-сиха ган аьтто хуьлу, цу уьнах белла нах телатан галешкахь дIабухкуш яьхна видеош а, целлофанца дIакъевлинчу кешнийн даьхна суьрташ а.

Нохчийн зорбанаш: гIаттамхойн гергарчара неIалт аьлла "Новая газетана"

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь бехачу гIаттамхойн гергарчара кехат дахьийтина "Новая газетан" коьртачу редакторан Муратов Дмитрийн цIарах, церан газетана неIалт а кхайкхош, официалехь шаьш Iорадаьккхинарг харц а деш, къинтIера даха шаьш аьлла. Iедална муьтIахь болчу хаамийн гIирсаша дIахьедина цунах лаьцна. Хаам барехь, кехатан авторшна новкъадеана, бакъонашларъярхочо Сокирянская Екатеринас "Наш папа в плену" (Тхан дада йийсарехь ву) аьлла, зорбане яьккхина артикл. Цу тIехь цо йовзийтина байинчу тIемалойн, йа террорхойн... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *