Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2020

Новости за 12.05.2020

Путинан пресс-секретарь Песков коронавирусан инфекцица дарбан цIийне кхачийна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран пресс-секретарь Песков Дмитрий коронавирусан инфекцица дарбан хIусаме охьавиллина. "Новости" агенталле бина цо и хаам. Цкъачунна хоуьйтуш дац цуьнгарчу хьолах. Президентана уггар а уллора хьаькам лоруш ву Песков. Цо денна журналисташка дуьйцу,Путинна а, Кремлан урхаллан декъашхошна а хетачух. ТАСС агенталле дIахьедина Песковс, тIаьххьара бутт хьалха гина ву шена президент аьлла. Хууш ма-хиллара, пачхьалкхан президент Ново-Огареверчу шен резиденцехь вехаш ву дукха хьолехь... Читать дальше...

COVID-19 Нохчийчохь; Дагестанна тIетIаIар; Карантин яхъяр; Оьрсийчоьнна-санкцеш

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь кхин а 28 стагана коронавирусан ун даьлла. Дагестан хьалха ю Къилбаседа Кавказехь вирусо лаьцначу мехкашлахь - 116 пациент инфекцица ву. Нохчийчохь хьалхе ду аьлла хета карантинан раж малъян. Оьрсийчоьнан Iедалшка кхайкхам бина Iамерко, политикан тутмакхаш дIахеца аьлла.

Кхелан пурстоьпашна мажош лелор дихкина бохург бакъ ца дина гIалгIайн омбудсмено

Radiomarsho.com 

ТаIзар кхочушдаран федералан урхаллан (ФСИН) пурстоьпашна мажош а, хьиджабаш а йихкина боху информаци бакъ ца йина ГIалгIайчуьрчу омбудсмено Оздоев Джамбулата, яздо "Кавказ.Реалиис". Цхьаболчу белхахойн тIехуларчу куьцах бехк баьккхина хила тарло куьйгалхочо аьлла, хьесап дина цо. Хьалхо хаамийн гIирсашкахь даьржира, керла веанчу ФСИН-ан куьйгалхочо Шатин Максима "ультиматан кепехь дIахьедина, мажош йолу божарий а, хьиджабашца зударий а хьукматехь хила ца беза" аьлла бохуш. "Кавказ.Реалиин" корреспонденто хаьттича... Читать дальше...

Адвокат: боцу бехк тIехьерчабо ИбрахIимна

Radiomarsho.com 

Украинехь депутат верах йолчу шеконца лаьцна латточу нохчочо мацалла кхайкхийна Шегарчу документашца Оьрсийчоьнан вахархо ларалучу 30 шо долчу нохчочо Шахгириев ИбрахIима мацалла лаьцна ду 19 де. Ша ханна чохь кхобучу Киеверчу изоляторера я араваккха, я талламан изоляторе хьажаве, боху цо. Цунах лаьцна дийцира "Кавказ.Реалиига" Шахгириевн адвоката Абрамчук Дмитрийс. "Прокурорийн а, полицин а таIзарна бухара ваккха ша, аьлла, кхайкхийна цо мацалла", - боху Абрамчука. Низамо кхаа дийнахь-буса бен ца кхачаво лаьцнарг хенан изоляторехь латто... Читать дальше...

Ун даьлла нах дукха хиларца дуьненчохь 2-чу меттигехь ю Оьрсийчоь

Radiomarsho.com 

Британи а, Испани а тIаьхьа а юьтуш, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташна тIаьхьайогIу Оьрсийчоь, коронавирусан ун даьлла бахархой дукха хиларца. Цунна тоьшаллаш далийна эпидеми ца яржийта кхоьллинчу оперативан штабо. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а 10 899 ун даьлла пациент дIакъастийна Оьрсийчохь. Дарба хилларг ву 3 711 стаг. Верриг а ун даьлла ву 232 243 пациент. Iамеркехь куп тоьхначу Хопкинс Джонан Университетан зерашца, COVID-19 вирус кхетта Британехь 224 332 пациент ву, ткъа Испанехь а 227 436 вахархо. Читать дальше...

Ифтаро цхьаьнатуху тIамо йохийначу Шемарчу гIалин бахархой

Radiomarsho.com 

Рамадан-баттахь ифтаре гулбелла йохийначу Атареб гIалин бахархой. Цхьаьна кхачанах а кхеташ, лелларг-хилларг дагалоьцу цара. Иттаннаш доьзалш бу моггIара лаьтта хевшина, марха даста дезийла хоуьйтуш, молла кхайкхаре хьоьжуш. ТIом бирзина бацахь а, COVID-19 яьржина лелахь а, дахар сецна доцийла гойту ифтаро, боху наханна сагIадан арабевллачара.

"Бухабиснарш цомгуш ца хилийта"

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу республикан травмотологин а, ортопедин а центрерчу цхьана декъан куьйгалхо Iийначу Халитов Салима цхьалха пикет хIоттийра деношкахь ХIинжа-ГIалахь. Ша болхбинчу меттигна хьалха лаьтташ цо караэцначу транспоранто бохура: "Аьшпаш буьтту министр коронавирусал а оьшуш ву!" "Кавказ.Реалиино" хаьттира лоьре, низамо ма-хьоьхху цIахь ца Iаш, стенна ваьлла иза пикете, муха го цунна коронавирусаца долу Дагестанера хьал. Стигалкъекъачу-беттан 11-чу дийнахь дара Халитов пикете ваьлча. Оцу дийнахь официалан терахьаша бохура... Читать дальше...

Оьрсийчуьрчу политикан тутмакхашна тIехIиттина Iамеркан конгрессехь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедалхоша бозуш боцу журналисташ а, оппозиционераш а, бахархойн юкъараллийн а, динан организацийн а векалш набахтехь латтор емалдеш, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн конгрессан векалийн палате чуэцна низаман проект. Векалийн палатин дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхой Энгел Элиот а, Маккол Майкл а инициаторш болчу низаман проектехь билгалъяьхна Оьрсийчуьрчу набахтешкахь латточу а, цIера бовлар дихкина, лецначу нехан а цIераш. Бу царлахь Пичугин Алексей а, Рудников Игорь а... Читать дальше...



Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах 8 кхелхина, ун даьлла 500 ву

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 8 дархо, вирус кхетта кхин а 500 стагана. Оперативан штабан зерашца, Дагестанехь кхелхина кхоъ, Къилба ХIирийчохь шиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Ставрополан кIоштахь а, Нохчийчохь а цхьацца велла.  Верриг а COVID-19 инфекцех кхелхина Къилбаседа Кавказехь 130 пациент. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь уггар дукха ун долу нах билгалбаьхна Дагестанехь-116: Дагестан +116 (2888 ву эпидемии яьржичхьана) Краснодаран мохк +99 (2 126)... Читать дальше...

Кащеев Алексей: Оьрсийчохь 160 гергга медицинан белхахо велла

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь коронавирусан пандеми яьржичхьана 160 гергга медицинан белхахо велла аьлла, хаам бина "Иэсан тептар" вовшахтоьхначу лоьро-нейрохирурго, "Ординаторская" подкастан авторо Кащеев Алексейс. "Свобода" Радионо бина и хаам. Тептар официале дац боху цо, цундела иза вовшахтоьхначийн аьтто бац къасто, муьлхачу хьелашкахь ун даьлла, кхелхина уьш. Кащеевс юха а билгалдаьккхина, могушаллин министралло официалехь йовзуьйтучу статистикех шеконаш ю шен аьлла. Охан-бутт бовш хууш дара, Санкт-Петербургерчу... Читать дальше...

"Шу нийса ца кхетта". Нохчийчохь дагахь бац карантинан раж малъян

Radiomarsho.com 

Карантинан раж юхаяккха Iалашо яц нохчийн Iедалхойн. Инстаграмехь йоьдучу шен эфирехь бина цунах лаьцна хаам парламентан спикеро Даудов Мохьмада. "Ватсапехь даржийна хаттарш: бакъ дуй, нах балха арабуьйлуш бу бохург? Бакъ дуй, изоляцин раж чекхъяьлла бохург? И аьттехьа а бакъ дац! Махкахой, шу нийса ца кхетта", - аьлла Даудовс. Цо бахарехь, тоьхна дозанаш кхаа муьрехь достур долуш ду. "Вайн куьйгалхочо, Рамзан Ахматовича, Дела реза хуьлда цунна, оперативан штабана тIедиллина тахана а, кхана а... Читать дальше...

Муха дIайоккху Европехь карантин

Radiomarsho.com 

Парижехь юха а болх бан йолаелла метро, ткъа Британехь бахархошна магийна арахь спорт ян а, гӀамаран пляжашка баха а. Европерчу пачхьалкхаш тӀаьхь-тӀаьхьа малдеш ду карантинан дехкарш, ткъа хуьлу иза иштта.

Марха шайн чохь даста аьлла, кхайкхам бина Дагестанан муфтиято

Radiomarsho.com 

Дагестанан муфтиято шайн махкахошка кхайкхам бина, карантинан раж а ларъе, Марха а шайн чохь даста аьлла, хаам бо "Кавказ.Реалии" портало. Динан урхалло чIагIдо, дезачу деношкахь, хьеший а кхойкхуш, тIехдаьккхина стоьлаш хIитто а, кешнашка эха а оьшуш дац аьлла. Иштта хьехна дезачу дийнахь Iийда-ламазаш а шайн хIусамашкахь де аьлла. Марха кхабар а, дастар а бусулбанийн уггар а коьртачех ду. Мархин бут берзош даккхий тойнаш хIиттош, вовшашка хьошалгIа а оьхуш, даздо цара.

COVID-19 Нохчийчохь: 787 дархо ву, 9 кхелхина

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Нохчийчуьрчу коронавирусан инфекцех лаьттачу хьолах хаам бина республикан могушаллин министро Сулейманов Эльхана. Динчу зерашца, лоьрийн тергонехь ву 3 517 стаг. COVID-19 вирус къаьстина кхин а 28 вахархочуьнца. Верриг а ун токхуш ву 787 пациент. "Царах 422 дархочунна гIоле хилла, 9 пациент кхелхина, регионехь пандеми яьржичхьана", - аьлла министро. Юха а кхайкхам бина Сулеймановс шегара, карантинан низамаш а, социалан дистанци а ларъяр а, нахана юкъахь бетах масканаш лелор а доьхуш.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *