Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2020

Новости за 13.05.2020

Инстаграмера Кадыровн аккаунт дIакъовларх дийцина фейсбукан векало

Radiomarsho.com 

Iамерко дуьхьал яьхначу санкцешна тIехула дIакъевлина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан инстаграмера аккаунт аьлла, хаийтина "Новости" агенталле фейсбукан векало. "Iамеркан компани хиларе терра, Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн гурашкахь лела тхо, иштта даим а тхайн бакъонийн декхарш кхочушдархьама барамаш тIеоьцу оха", - аьлла агенталле къамел динчо.  Маршо Радионо хаам бира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан инстаграмера аккаунт юха а дIакъевлина, бахьанаш хууш дац аьлла. Читать дальше...

Нохчийчохь COVID-19; инфекцех велла лор; Кадыровна блок тохар; хьаькам-кхеле хIоттор

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь 813 дархо къаьстина COVID-19 йолуш, велларг 9 ву. Къилбаседа Кавказехь -510-на ун даьалла, кхелхина 10 пациент. Лор Айдамиров Рамзан велла коронавирусах. Кадыровн Инстаграмера аккаунт дIакъевлина юха а. ГIалгIайчохь 3,5 миллион ахча лачкъийначу хьаькамна кхел йийр ю.

"СагIа тосу яьшка" хилла Бурдж-Халифа стигал-бохьах

Radiomarsho.com 

СагIийна хIума тосу 828 метар лекха яьшка ю хIинца Бурдж-Халифа. ГIоьналлин акци вовшахтоьхначара бакъо юхку нахана оцу гIишлон фасадерчу чиркхех цхьаъ лато. Ткъа гулдинчу ахчанах юург латтайо цара, пандеми бахьана долуш балхах боьхначу нахана.

"Бух боцу проблема ю аланашна гонаха гIаттийнарг"

Radiomarsho.com 

Канадера профессор, гIажаройн историн говзанча Фольц Ричард Къилбаседа ХIирийчоь талла воьлла ду шераш. Цуьнан белхашца карайойла ду аланех лаьцна а, хIирийн даздарш довзуьйту а теманаш. Шен тидам къаьсттина тIебохуьйту цо хIирийн динан ламасташна. - Хирийчоьнах лаьцна хIун белхаш бу хьан зорбатоьхна, муьлха болх бу ахь кху муьрехь кечбеш? - Iилманийн журналашкахь хIирийн тематика толлуш сайн кхо болх арахецна ас. Цхьаъ бу Юккъерчу Заманан бIешерашкахь керста дин мел даьржина хилла аланашна юкъахь аьлла. Читать дальше...

ГIалгIайчуьра хьаькам бехкевина 3, 5 миллионна пачхьалкхана зен дарна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьра Пенсин фондан белхахочунна дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх кхеле кхин дIа листа кхачийна. Иза таIзаре хIоттийна, цо Iедалан 3,5 миллион сом лачкъийна аьлла, яздо "Кавказский узел" агенталло, прокуратуран дIахьедарна тIе а тевжаш. Талламчийн версица, дуьненахь воцучу шина стеган цIарах пенси хIоттийна хилла цо 2011-чу а, 2018-чу а шерашкахь, харц информаци юкъарчу бази чу а йоккхуш. Иштта, харц банкан картанаш дахийтина, пенсеш цу тIе дохуьйтуш хилла цо. Дерриг а цо шен кисана диллинарг ду 3,5 миллион сом. Читать дальше...

"Мацалло арабоху дукхахберш"

Radiomarsho.com 

Мехкан масех ярташкарчу урамашкахь карантинан раж ца ларъен зударий сецош бу бохуш, дуьйцу Нохчийчуьрчу бахархоша. Да, я ваша, мила ву божарех шун кертахь бохуш, хоьтту урамашкахь нисбеллачу зударшка аьлла, дийцина Соьлжа-гIаларчу а, ЧIулгIа-юртарчу а бахархоша.

Оьрсийчоьно баийтина пехашка садоIуьйту гIирс лелорна дуьхьал ю Iамерка

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно яийтина "Авента-М" ИВЛ аппараташ (пехашка садоIуьйту гIирс) юхалуш ю Iамеркарчу штатийн Iедалша, яздо "Эхо Кавказа" сайто. Аппаратех пайдаэцна бац дарбан хIусамашкахь, уьш дIаехкина латтош яра, хаам бина BuzzFeed хорбан гIирсе бохаман ситуацеш ерзочу Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Федералан агенталло (FEMA). ТIаьхьарчу деношкахь Москварчу а, Санкт-Петербургерчу а дарбан цIеношкахь шозза цIе яларан бахьанашца велира коронавирусан ун даьлла 6 дархо. Дийцарехь, цIе кхарстаран бахьана... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах велла 10 стаг, ун даьлла ву – 510

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь велла коронавирусан уьнах 10 пациент, цомгашчарна тIекхетта кхин а 510 дархо, яздо "Кавказ.Реалиис". Ун ца даржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а кхоккха пациент велла, ГIебарта-Балкхаройчохь шиъ, Адыгейхь а, Къилба ХIирийчохь а цхьацца кхелхина.   Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах велла 140 стаг. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Дагестанехь - 109: Дагестанехь +109 (2 997... Читать дальше...



Полицин лерринчу тобано, цIенна го а бина, лаьцна Путин эккхо араваьлла хилла шаман Габышев Александр

Radiomarsho.com 

Маршо Радио,                                                                                                            Оьрсийн сервис Полицин лерринчу ницкъаша лаьцна, психиатрин дарбан хIусаме дIавигна, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Кремлера эккхо чIагIо а йина, стохка Москва ваха араваьлла лелла Якутера шаман Габышев Александр. Оцу хьокъехь хаам бина “МБХ медиа” хьосте “Правозащита Открытки” цIе йолчу бакъоларъярхойн юкъараллин координатора Прянишников Алексейс. Бакъоларъярхочо бахарехь... Читать дальше...

ТIехьа-Мартанан кIоштарчу дарбан цIийнан лаборант кхелхина COVID-19 вирусах

Radiomarsho.com 

ТIехьа-Мартанан кIоштарчу дарбан цIийнан клиникан лаборант Мирзоева Лариса кхелхина COVID-19 вирусах аьлла, тIачIагIдина республикерчу "Роспотребнадзоро". Хаам баржийна "Чечня Сегодня" агенталло. 35 шо долу Мирзоева елла дахначу кIиранан дийнахь. Маршо Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара, Нохчийчохь велла лоьрийн сихаллин гIо кхачочу республикан станцин коьртачу лоьран гIовс Айдамиров Рамзан. Дийцарехь, коронавирусан ун даьлла хилла Айдамировна. 37 шо долу лор-уролог, республикерчу шен белхан накъосташлахь тоьллачех лоруш хилла. Читать дальше...

Азербайджанера 500 гергга Оьрсийчоьнан вахархочун аьтто хилла цIа верза

Radiomarsho.com 

Некъ а баьстина, Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а доза хадон аьтто баьлла Оьрсийчуьрчу 478 вахархочун аьлла, Магарамкентан кIоштан администрацин зорбанчаша хаам барх яздо "Кавказ.Реалиис". "Яраг-Казмаляр" цIе йолчу дозанал арахьа йоккхучу тӀера ял йоккху дозанхойн пунктехула дехьабевлла уьш шинарин дийнахь. Дозана тIе бевллачарна дуьхьал баханера Роспотребнадзоран векалш а, лоьраш а. Цара дегIан температура а юстуш, анкеташ хIиттийра. Дозанал арахьара цIа баьхкинчийн дезар ду карантинехь 14 де даккха. Читать дальше...

ХIирийчуьрчу цомгашчу йоIана 23 миллион сом гулдина Оьрсийчуьрчу йиш лакхархочо Крид Егора

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу йиш лакхархочуьнан Крид Егоран инстаграмерчу аккаунте язбеллачара 23 миллион сом вовшахтоьхна Къилба ХIирийчуьрчу цомгашчу йоIана Персаева Арнеллина, яздо "Кавказ.Реалии" портало. Де хьалха Крида кхайкхам бинера цу хьокъехь берана гIо доьхуш. Цхьа наггахь бен хуьлуш доцу генетикех хаькхалун лазар токхуш ю йоI. Цунна дарбанна оьшу 160 миллион сом. Сингаттамана юьстах ца виссина Кридан коллега, хIирийн рэпер MATRANG а. Арнеллина дарбанна 1 миллион сом хьажийна цо. Иштта йоIана гIо дар доьхуш... Читать дальше...

Нохчийчоь: 813 стаг ву ун даьлла, дарба хилла 464 пациентана

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а динчу зерашца, лоьраша могушалла зуьйш ву 3 777 вахархочун. 813 стагаца къаьстина коронавирусан инфекци. Дарба хилла царах 464 пациентана, велла 9 аьлла, Нохчийчоьнан могушаллин министро Сулейманов Эльхана динчу дIахьедарх яздо "Чечня Сегодня" агенталло.  Министро кхайкхам бина бахархошка ларлуш а хила, карантинан раж а ларъе, къаьсттина, къаной а Iалашбе аьлла. Нохчийчохь Охан-бутт карабеачхьана комендантан сахьт ду кхайкхийна. Ткъа оццу беттан 17-чохь коронавирусана дуьхьал къийсам болош... Читать дальше...

Нохчийчохь коронавирусах кхелхина лор-уролог

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь лоьрийн сихаллин гIо кхачочу республикан станцин коьртачу лоьран гIовс Айдамиров Рамзан велла аьлла, хаам бо республикан могушаллин министраллан инстаграмерчу пена тIехь. Дийцарехь, коронавирусан ун даьлла хилла Айдамировна. 37 шо долу лор-уролог, республикерчу шен белхан накъосташлахь тоьллачех лоруш хилла. ТIаьххьарчу информацица, Нохчийчохь 813 пациент ву COVID-19 вирус кхетта. Дарба хилла 466, кхелхина исс дархо.

Инстаграмера Кадыровн аккаунт дIакъевлина юха а

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан инстаграмера аккаунт юха а дIакъевлина, бахьанаш хууш дац аьлла, хаам бина "Кавказ.Реалии" портало. Иштта блок хIоттийна парламентан спикеран Даудов Мохьмадан а, вице-премьеран Висмурадов Абузайдан а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутатан Делимханов Адаман а аккаунташна а. Республикерчу Iедалан векалша инстаграмера шайн агIонаш официалан яц олура, жигара уьш лелош йоллушехь. Маршо Радионо яздира стохка а Кадыровн инстаграмера аккаунт дIакъовларх.... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *