Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
22
23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 11.05.2021

8 гуьржи а, цхьа нохчо а къоланаш дарна набахте хьовсийна Францехь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра схьаваьллачу 49 шо долчу Гантемиров Якъубна – нахера деши хIуманаш оьцучу туькан куьйгалхо хилла иза – Францерчу Монтобанехь йинчу кхело кхачийна набахти такхар. Иза бехке лору, деши чохь долчу меттигашна чу а вуьйлуш, 75 къола дарна. Оцу хьокъехь хаам баржийна меттигерчу La Republique des Pyrenees газето. 8 шо хан тоьхна Гантемировна. Кхело дихкина цунна Францехь ваха. Иза воцуш, кеп-кепара хенаш йиттина цуьнца цхьаьна къоланаш лелийначу 8 гуьржийчунна а. Болчу хаамца, тобано къоланаш деш хилла Беарн провинцехь а... Читать дальше...

Кавказера бусалбанаш Оьрсийчоьнан набахтешкахь

Radiomarsho.com 

"Оьрсийчоьнан набахташкара Къилбаседа Кавказера бусалбанаш" цIе йолу доклад арахецна анализ яран а, конфликташ ца хилийтаран а центро. Бакъонашларъярхошкахь болчу хаамашца, ислам дин лело тутмакхийн нийсонан бакъо яйар (дискриминаци яр) хуьлуш ду Оьрсийчоьнан колонешкахь. Царна тIехь кхечу тутмакхаша Iазап латтийна а, йиттина а, хьийзийна а меттигаш ю.

Лаххара а 8 стаг вийна Казанерчу гимнази чохь герз диттинчо

Radiomarsho.com 

Казанехь, гIалин малхбалерчу агIонехь лаьттачу Файзи Джаудатан урамерчу №175 гимназехь шинарин дийнахь уггар кIезиг 8 стаг вийна герзаш диттинчу вахархочо. И терахь агенталлаша, цхьацца хьасташна тIе а тевжаш, довзуьйту 9-13 аьлла. ГIезалойчоьнан президентан пресс-векалтан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а хаамашца, бархI стаг ву вийнарг – 8-чу классера ворхI дешархо а, цхьа хьехархо а. ГIезалойчоьнан могашаллин министраллин информацица, 20 сов стаг, коьртачу декъанна дешархой, дарбан хIусамашка бехкина. Читать дальше...

Къилба ХIирийчоьнан президента дакъалаьцна "Донбассехь шайн лаамехь тIом бечийн" кхеташонехь

Radiomarsho.com 

Ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Къилба ХIирийчоьнан президент Бибилов Анатолийс хьешан статусехь дакъалаьцна Ростовхь хиллачу "Донбассехь шайн лаамехь тIом бечийн цхьаьнакхетараллин" буьйранчийн кхеташонехь. Оцу хьокъехь, Бибиловн пресс-векалтанна тIе а тевжаш, хаам бо "Рес" агенталло. Барамехь вистхуьлуш Бибилов Анатолийс дIахьедина: "Къилба ХIирийчоь ша цхьа пачхьалкх ю Донецкан а, Луганскан а халкъан республикаш кхобалйина". "Ас цунах дозалла до. Вайн пачхьалкхийн юкъаметтигаш лаккхарчу тIегIанехь ю. Читать дальше...

Шайн дипломаташна акустикаца зенаш дина ГРУ-но аьлла хета Цхьаьнатоьхначу Штаташна

Radiomarsho.com 

Акустикаца шайн дипломатийн могашалла галъяхар Оьрсийчоьнан тIеман талламийн урхаллин (ГРУ) белхахойн карах нислуш долчух тера хета Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна. Иштта бу Politico хаамийн гIирсо, шен хьасташна тIе а тевжаш, бен хаам. Цхьаьнатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисаша дуьззина билгал ца даьккхина америкахойн могашалла талхаран бахьана, амма акустикаца царна зен деш хилар толлуш ду. Хьостано чIагIдарехь, ГРУ еккъа цхьа урхалла ю Оьрсийчохь акустикан тIелетарш дан таро йолуш. Politico-ца... Читать дальше...

Казанерчу школи чохь герзаш диттина бевзаш боцчара

Radiomarsho.com 

ТIелеттачех цхьаъ вийна хила тарло. Казанехь, Файзи Джаудатан урамерчу № I75 школи чохь герзаш диттина бевзаш боцчу наха, хаам бо ГIезалойчуьрчу прессо. Бохам хиллачу метте дIаоьзна орцан хьукматийн ницкъаш. Нах школи чуьра арабохуш бу корашкахула. Юхьанцарчу информацица, тIелеттачех цхьаъ вийна, шолгIанин, я массех, школи чохь ву хIинца а. № 175 школин сайто гайтарехь, эзар сов бер ду цигахь доьшуш. ТАСС агенталло, шен хьостанашна тIе а тевжаш, хаам бо школи чохь герз детта волавелларг кхиазхо ву, иза лаьцна, бохуш. Читать дальше...

Израило динчу тохарша шайх 20 стаг вийна, чIагIдо палестинахоша

Radiomarsho.com 

Израилан тIеман ницкъаша хIаваэхула тохар дина радикалан тобанна Хьамасна Газа секторехь. Израило бечу хаамца, исламан радикалех вийна лаххара а кхо стаг. Царех цхьаъ ву, Iаьрбийн Asharq Al-Awsat газето бахарехь, Газа секторехь Хьамас боламна урхалла деш хиллачех волу Фаяд Мухьаммад. Палестинан могашаллин министралло дIахьедина, Израило хIаваэхула динчу тохарша 20 стаг вийна, шайлахь бераш а долуш, аьлла. Шена дуьхьал ракеташ тохарна делла жоп ду ша дина тохарш, чIагIдо Израило. Тохаршна кIел нисъелла парламентан цIенна гонахара территори. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *